Бесни (беснин область, лат. bucca) — адаман йуьхьан йа дийнатийн муцӀаран шинне а агӀонан дакъа, иза хуьлу мочагӀалан Ӏад тӀера лахара моччагӀалан лахара йистте кхаччалц. Бетан а, меран а декъех къастайо мерабалдийн харшо, тӀехьа кхин дӀайу лергауллера-Ӏовшу область. Беснин чкъор дуткъа ду, чӀогӀа тӀелатийна чкъоьран бухара клетчатко, цунна чохь ду пхенаш[1][2]. Иннерваци йо беснин нерво[en]. Дийнатийн беснеш тӀера тӀеданаша гойту кеп къастаран хьесап.

ЙоьӀан аьтту бесни
Адаман аьрру беснин мазин чкъор

Беснешна тӀехула чкъор ду, йукъахь беснин оьзг йу, ткъа кхин а беснин махьаран дегӀ, йа Бишан махьаран шаьддаш, иза кхиина ду берийн.

Хенийн башхаллаш

бӀаьра нисйан

Берийн беснеш алсама гоьрга хуьлу чкъоьранна а, беснийн оьзганна а йукъахь гоьрга Бишан махьаран шед хиларна. Хенаца иза хуьлу чӀапа, беснин оьзганна йуха а болу.

1. Дакъа лоцу йуург йууш: цӀубйеш; баганан хара ца йолуьйтуш. 2. Ларйаран (баганан харан меженашна):ларйо йакъайаларх; механика агӀор ларйо; химин агӀор ларйо (беснийн йекхоаийн секрецийн чоьтах – рН а, электролитийн концентрации а латтайо); ларйаран рефлексашкахь, баганан хара ша йасйарехь дакъа лоцу; иммунологехь (иммуноглобулинийн беснийн туьйнан йекхоийн секрецеш) дакъа лоцу.

Оьздангаллехь

бӀаьра нисйан
 
Волынка локхучо йусийна беснеш

Лерг йуххе тӀара тохар — стаг башха сийсазваккхар, беснех дай куьг тохар йа беснех барт баккхар — малхбузен оьздангаллехь доттагӀаллин маршала хаттар.

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Литература

бӀаьра нисйан
  • Щеки, часть лица // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  • Анатомия человека. В двух томах. Т. 1 / Под ред. М. Р. Сапина. — 5-е изд., перераб. и доп. — М.: Медицина, 2001. — 640 с.: ил. ISBN 5-225-04585-5