Гео́ргий Никола́евич Бза́ров (1911 шеран 1 май, Батако, Терски область — 1943 шеран 23 ноябрь, Радуль, Черниговн область) — советски эскаран гӀуллакхо, подполковник, Советски Союзан Турпал.

Бзаров, Георгий Николаевич
Вина терахь 1911 шеран 1 май({{padleft:1911|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:1|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1943 шеран 23 ноябрь({{padleft:1943|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:23|2|0}}) (32 шо)
Кхелхина меттиг
Эскаран тайпа пехота[d]
Дарж подполковник
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина орден Красной Звезды

Вина 1911 шеран 1 майхь Къилбаседа ХӀирийчоьнан Правобережны кӀоштан Шира Батакоюртахь юртбахамхон доьзаллехь.

Цо чекхйаьккхира БуритӀехь йолу хьехархойн техникум а, партийн курсаш а. Цул тӀаьхьа цо комсомольски болх бан волавелира.

1932 шарахь иза РККА дӀакхайкхира. 1936 шарахь цо чекхйаьккхира Орджоникидзевски эскаран гӀашсалтин доьшийла. 1939 шарахь иза ВКП(б) декъашхо хилира.

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом

бӀаьра нисйан

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом бола ма белла иза фронте вахара. 1943 шеран 29 сентябрехь подполковник Бзаров, 32-гӀа гвардейски кхиссархойн полкан куьйгалла деш (12-гӀа гвардейск кхиссархойн дивизи, 61-гӀа арми, Юккъара фронт), Глушец (Гомельски область, Лоевски к1ошт) юртан уллехь Днепрал дехьа йелира. Полкас плацдарм схьа а йаьккхина дивизин некъ беккхира. 1943 шеран 23 ноябрехь Бзаровна чоьлхе чов йира, иза Днепран сехьа а веккхира. Радуль юртахь госпиталехь Георгий Бзаров велира. Иза дӀавоьллина Черниговски областан Репкински кӀоштан Радуль юртахь.

1944 шеран 15 январехь (веллачултӀехь) цунна йелира Советски Союзан Турпалан цӀе.

СовгӀаташ

бӀаьра нисйан
  • Медаль «Дашо Седа»;
  • Ленинан орден;
  • ЦӀен Седан орден;
  • Мидалш.

Дагахьлаттавар

бӀаьра нисйан

Литература

бӀаьра нисйан
  • Ларина В. И. «...Заслуживает присвоения звания «Герой Советского Союза» (Бзаров Г. Н.) // Их именами названы улицы. — Орджоникидзе: Ир, 1979. — С. 158—161.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан