Биг-Бен (ингалсан маттахь Big Ben)- Вестминстеран гӀалан сахьтан бӀаьвнан гӀараяьлла туристийн цӀе йу. 2012-гӀа шо дуьйна Елизаветан бӀов (ингалсан маттахь Elizabeth Tower) цӀе ю[4].

Сийлахь меттиг
Биг Бен
51°30′02″ къ. ш. 0°07′28″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Сийлахь-йоккха Британи
ГӀала Лондон
Лаьтта меттиг Вестминстер[1]
Архитектурин хатӀ неоготика
Проектан автор Огастес Пьюджин
Архитектор Огастес Пьюджин, Чарльз Бэрри
Йиллина терахь 1843 шеран 28 сентябрь[2]
Локхалла 96 метр
ГӀирс кайенский камень[3], известняк[3]
Сайт parliament.uk/big…(ингалс.)
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Хьалхо «Биг-бен» йалханах уггаре йоккхачу горгалин цӀе йара, делахь а дукх хенахь дуьйна Биг Бен олу сахьтах а, цуьнан бӀаьвнах а[5].

Йуттучу хенахь Сийлахь-йоккхачу Британин уггаре йоккха а, йеза а горгали йара иза. 13,7 тонн йара цуьнан йозалла. Амма 1881-чу шарахь и цӀе дӀалецар Воккхачу Поло (вуьрхӀитта тонн).

Елизаветан бӀов- совгӀаташ тӀехь а, рекламехь а, фильмашкахь а лелош йолу Сийлахь-йоккхачу Британин йевзаш билгалонах (симболах) цхьаъ йу.

Цхьана версица, Бенджамин Холлан безамна Биг бен (гочдича Воккха Бен) цӀе тиллина сахьтан. Бенджамин Холл гӀишлош йаран белхийн куьйгалхо вара[6]. Ткъа шолгӀачу версица, цуьнан цӀе тиллина Бенджамин Каунтан сийнна. Иза вевзаш волу езачу йозаллехь боксхо вара[7].  

2012-чу шеран тов-бецан-бутт кхачале офицалан цӀе «Вестминстеран гӀалан сахьтан бӀов» йара. Прессехь цунах гуттар а Везачу Стефанан бӀов олура[8]. Британийн парламентан сацамца 2012-чу Елизаветан БӀов юхацӀетиллина. Иштта хийцам лерина бара II-гӀа Елизавета паччахьан даржехь хиларна кхузткъа шо кхачарна.

БӀов а, сахьт а

бӀаьра нисйан

БӀов йоьттина 1859-чу шарахь неоготийн хатӀехь, ингалсан архитектор волу Пьюджин Огастесан проектаца. бӀаьвнан сахьт болх бан доладелла 1859-чу щарахь хӀутосург (май) беттан 31-чохь[9]. БӀаьвнан лакхе (цӀогол а чулоцуш) дезткъа йалхийтта метр йу (бух тӀера цӀогол тӀе кхаччалц 96,12 метр ю).

Вестминстеран Доккха сахьт шай барамца дуьненахь (Абрадж аль-Бейтан а, Миннеаполисан Ратушан а тӀаьхьа) 3-гӀа меттиг дӀалоцуш ду, еа агӀонгахьара горгали тухуш а ду.

Сахьтан проект хӀоттийна сэр волу Бекетт Эдмундас а, паччахьан астрономо Эйри Джорджас а. Сахьташ кхоллар тӀедиллира сахьтийн говзанчина Джон Дент Эдвардан. Иза кхелхинчул тӀаьхьа, 1853-чу шарахь белхашна куьйгалле хоьттира цо долаваьккхина кӀант Дент Фредерик. Шо даьлча Фредерико белхаш кхиамца чекхдаьккхира.

Сахьтан цӀалк дӀахоттина мох чекх ца болу гӀутакх чохь. Ткъа гӀутакх сахьтан чарх чохь йолу чоьнан кӀелахь йу. Цуьнан йохалла йиъ метр ю, ткъа йозалла кхо бӀе кийла йу.

ЦӀалкан лелар ши секонд йу. Сахьтан лелар нийса до цӀестан долу ахчанца. Ахча (хьалхалера 1 пенни) цӀалкан тӀе дуьллу. Дийнахь цо лелар 0,4 секундан сихдо[10].

Сахьтан чорхан ерриг йозалла 5 тонн йу. Циферблатан диаметр 7 метр йу. Цхьамзин йохалла 2,7 а, 4,2 а метр йу.

ХӀора циферблатан бухахь латинан йоза ду «Domine Salvam fac Reginam nostram Victoriam primam» («Вай, тхан Дела, ларъехьа тхан паччахь йолу I-ра Виктори»).

БӀаьнан дохаллехь- сахьтан аьтто а, аьрро а агӀорхьара- кхин латинан дешнаш ду- «Laus Deo» («Далла хастам бу!»).

2012-чу шеран мангалан-беттан (июлан) 27-чохь XXX-гӀа Олимпан ловзарш делларна уьссалгӀачу сахьтан шийтта минот (8:12) тӀера уьссалгӀа пхийтта минот (8:15) йаллалц ткъе иттуза горгали бийкира. 1952-чу шарера схьа дуьйна куранташ рагӀ йоцуш болх беш дара.

2017-чу шарахь хьаьттан-беттан (августан) 21-чохь шийтта (12:00) даьлча меттахӀотторан белхаш доладалле уьш тӀаьххьара дийкира. Ширачу сахьтан меттахӀотторан гӀуллакхаш чекхдаха дагахь бу 2021-чу шарахь.

Цул хьалха горгалин болх цкъа а сецна бацар (шиъ доцург 1983-1985-чу шерийн реставраци а, 2007-чу планан таяр а[11]).

Хьостанаш

бӀаьра нисйан
  1. archINFORM (нем.) — 1994.
  2. https://www.parliament.uk/about/living-heritage/building/palace/big-ben/building-clock-tower/building-elizabeth-tower/
  3. 1 2 https://www.parliament.uk/about/living-heritage/building/palace/big-ben/facts-figures/
  4. Биг-Бен официально переименован в "Башню Елизаветы". realty.newsru.com. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 18 октябрь.
  5. Fowler, H. W.(ингалс.) The Concise Oxford dictionary of current English(ингалс.). — Sixth edition. — Oxford University Press, 1976. — P. 95. — ISBN 0-19-861121-8.
  6. Big Ben of Westminster (en) // The Times. — London, 1859. — 22 October (no. 22505). — P. 5.
  7. Frequently asked questions: Big Ben and Elizabeth Tower Архивйина 2016-01-06 — Wayback Machine
  8. Frequently asked questions: Big Ben and Elizabeth Tower Архивйина 2016-01-06 — Wayback Machine
  9. Great Clock facts.(ингалс.)
  10. Jon Excell. Why is Big Ben falling silent? ТӀекхочу дата: 2017 шеран 5 май.
  11. "Колокол Биг-Бен в Лондоне умолкнет на четыре года". Русская служба BBC. 2017-08-14.