Биогеогра́фи (биологин географи[1]) — биологин а, географин а дозанера Iилма; дийнаташ, ораматаш, микроорганизмаш географин агIора йаржаран а, йекъаран а законаш Iамадо. Биоценоз йаржар ду биогеографис Iамориг, аьлча а географин агIора дийна организмийн вовшахкхетар, иштта цхьацца мехкашкара фаунин а, флорин а амал Iамор[2].

Iилма
Биогеографи
Биологин географи, инг. Biogeography
Тема Биологи, Географи
Iамо хIума Дуьне, организмаш, экосистемаш
Кхоллайаларан мур XIX бIешо
Коьрта агIонаш зоогеографи, фитогеографи, экосистемийн географи, биосфера
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Iилманан объект, предмет, хьесап

бӀаьра нисйан
 
Европин коьрта биогеографин регионаш

Iамо объектдийна организмаш тIехь йеха Дуьне планетин аренера биосфера а, цуьнан компоненташ а.

Биогеографин предметгеографин кхачонан хьелех доьзна организмаш а, церан йукъараллаш а (популяци, биота, кхин йерш) географин агIора йаржаран а, динамикин а Iедал.

Биогеографица догIу хьесапашна йукъара, къасто мегар ду лахара тобанаш:

  • дустаран-географин;
  • фаунин, флорин, бараман;
  • экологин;
  • историн, эволюцин;
  • картографин а, геохаамийн а.

Коьрта дакъош

бӀаьра нисйан

Биогеографин дакъош[2]:

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Берг Л. С. География и её положение в ряду других наук // Вопросы страноведения. М., Л.: Московское акционерное издательское общество, 1925. С. 3-17.
  2. 1 2 Биогеография // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.(Хьаьжина 6 февралехь 2012)

Литература

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан