Бицаев, Сергей Владимирович
Серге́й Влади́мирович Бица́ев (1922 шеран 15 май, Дигора, Ламанхойн Автономин Советийн Социалистийн Республика — 1962 шеран 22 март, БуритӀе) — кемахо-истребитель, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, 4-ча истребительни авиацин армин 269-гӀа истребительни авиацин дивизин 845-гӀа истребительни авиацин полкан звенон командир, Советски Союзан Турпал (1945 шо), майор.
Бицаев, Сергей Владимирович | |
---|---|
Вина терахь | 1922 шеран 15 май |
Вина меттиг | |
Кхелхина терахь | 1962 шеран 22 март (39 шо) |
Кхелхина меттиг | |
Дарж | Майор |
ТӀемаш | |
СовгӀаташ |
Биографи
бӀаьра нисйанСергей Бицаев вина 1922 шеран 15 майхь Христиановски юртахь (хӀинца Къилбаседа ХӀирийчоьхь Дигора цӀе йолу гӀала) юртбахамхон доьзаллехь.
1939 шарахь цо чекхйаьккхира №1 йолу йуккъера школа (хӀинца Советски Союзан Турпалийн Сергей Бицаеван а, Александр Кибизован а цӀарах йолу № 1 йолу йуккъера школа) а, Дигорин юртбахаман рабфак а. Оццу хенахь цо доьшуш вара БуритӀера аэроклубехь. 1941 шарахь цо чекхйаьккхира аэроклуб. Цул тӀехьа иза дӀакхайкхира ЦӀен Эскаре. 1943 шарахь цо чекхйаьккхира Краснодарера эскаран авиацин кемахойн школа. Оццу шарахь иза тӀамтӀе дӀавахара. Цо тӀомбира Ленинградски а, Волховски а, 3-гӀа Прибалтийски а, 2-гӀа Белорусски фронташкахь. Иза вара «Як-9» кема лелош[1].
ТӀема хенахь иза тӀемавелира 263-за, дакъа лецира 84 хӀаваан латарехь а, цо ша чудаитира 15 мостагӀийн кема а[2]. 1945 шарахь Бицаев лейтенант а вара, 2-гӀа Белоруссин фронтан 269-гӀа истребитилин дивизин 845-гӀа истребителин полкан звенон командир.
1945 шеран 18 августехь цунна йелира Советски Союзан Турпалан цӀе[1].
ТӀом чекхбаьлча иза Советан Эскарехь сецира. Цо дакъалецира Толаман Парадехь. 1946 шарахь иза хилира КПСС декъашхо. Иза вара эскаран доьшийлан эскадрилин куьйгалхо. Цуьнан дешархойн йукъахь вара космонавт Валерий Быковский.
1960 шарахь иза майор волуш хенахь запасе вахийтира. Иза цкъа хьалха Ӏийра Каунасехь, тӀаккха БуритӀе вахийтира. Велира 1962 шеран 22 мартехь[1].
СовгӀаташ
бӀаьра нисйан- «Дашо Седа» мидал;
- Ленинан орден;
- ЦӀен Байракхан орден;
- Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман 1-ра даржан орден;
- Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман 2-гӀа даржан орден;
- ЦӀен Седан орден;
- мидалш[1].
Дагахьлаттавар
бӀаьра нисйанДигорехь цхьана ураман Бицаеван цӀе а тиллира, цунна Турпалийн Аллейхь хӀоллам а хӀоттийра[1]. Дигорера № 1 йолу йуккъера школан Советски Союзан Турпаллийн Сергей Бицаеван а, Александр Кибизован а цӀе тиллира.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 3 4 5 Бицаев, Сергей Владимирович . Cайт «Пачхьалкхан турпалхой».
- ↑ М. Ю. Быков. . — 1500 экз. — ISBN 978-5-9955-0712-3.
Литература
бӀаьра нисйан- Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
- Муриев Д. З. Осетии отважные сыны. — Орджоникидзе: Северо-Осетинское изд., 1974.
- Бетоева М. Д. Дорогами мужества. Книга 1. Владикавказ, 2010.