Боккха Борбало (гуьрж. დიდი ბორბალო) — Коьрта Кавказан дукъан Пшав-Пхейн дукъан лам, иза бу Гуьржийчоьан махках.

Боккха Борбало
гуьрж. დიდი ბორბალო
Бохьан локхалла
Абсолютан локхалла3294 м
Лаьтта меттиг
42°25′13″ къ. ш. 45°13′02″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх
РегионМцхета-Мтианети
Гуьржийчоь
Боккха Борбало
Мцхета-Мтианети
Боккха Борбало

Кхузахь ю даккхийчу хинийн хьосташ: Иори, Алазани — дукху хинийн генаш а, цул совнах къилбаседехьа доьдуш долу (АндакиОрга хина га а, Теркан бассейнан), малхбалехьа доьдуш ду (Ӏаьндийн гӀойхи, ГӀойхина бассейнан). Борбалон къилбехьа дӀакъаьсташ ду шиъ лаьмнийн генаш, цигахь ю хидоькъе: Картлийн дукъПшавийн Арагви, Иори хиний юкъахь, Кахетин дукъ — Иори, Алазани (дерриге ду — Кура бассейнехь).

Борбало лам (къилбаседехьа лаьтташ болу ТӀуьйли-ломаца) Коьрта Кавказан дукъан геологин доза ду; иштта, Борбало ломан малхбузехьара меттиг ю дукхачу хьолехь эруптин тайпана (гранит, кристаллин сланец, порфир кхин а), ткъа малхбелехьа меттиг — сацкъар-латтан сланец, гӀум тайпана ю).

Боккха Борбало ломан хӀордан сизал локхалла ду 3294 м, къилбаседа-малхбалехьа лаьтта Жима Борбало — 3134 м.

Малхбалехьа (къилба-малхбалехьа) Боккха Борбало ломана Хидоькъен дукъ дӀахеда Куро-Аракан аренах (мадарра аьлча Коьрта Кавказан дукъан малхбале декъехь дукъаш дац, 1-2 лаьмнийн генаш бен БабадагШемахы, Пирсагат д. — Лянгябизан дукъ уллохь) — Барбало уллохь ду Алазань-Авторанан aтaгӀa, Иоран чӀаплам (Ширакан гӀум-аре). Уллохь малхбалехьа ю Мтатушетин заповедник (Мта-Тушети), Бансан дукъ (2928 м) Коьрта дукъехула а, (чоьхьарагуьржийн) а Торгвас-Абано курортехула а (1800—1850 м; Бансан дукъан гергахь, Стори хина тӀехь). Малхбузехьа ду — Датвис-Джварисгеле дукъ (2676 м).

Литература

бӀаьра нисйан