Болтаев, Георгий Семёнович
Георгий Семёнович Болтаев (1914 шеран 5 апрель, Костанай, Тургайн область — 1986 шеран 13 август, Соьлжа-ГӀала) — гвардин капитан, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.
Георгий Семёнович Болтаев | |
---|---|
Вина терахь | 1914 шеран 5 апрель |
Вина меттиг | |
Кхелхина терахь | 1986 шеран 13 август (72 шо) |
Кхелхина меттиг | |
Эскаран тайпа | пехота[d] |
Дарж | капитан |
ТӀемаш | |
СовгӀаташ |
Биографи
бӀаьра нисйанВина 1914 шеран 5 апрелехь Костанай гӀалахь (хӀинца — Казахстан) ахархон доьзаллехь. Йуккъера школа чекхйаьккхична иза бухгалтеран болх бан волавелира Семипалатинскехь йолу «Главпарфюмерия» цхьанакхетарехь.
1936—1938 а, 1939—1940 а шерашкахь Болтаев вара ЦӀен эскарехь. 1942 шеран маехь иза йуха а эскаре дӀавигира. 1944 шарахь цо чекхйаьккхира Тамбовехь йолу эскаран гӀашсалтин училище. Цул тӀаьхьа иза Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман фронте хьажийра. 1944 шарахь иза КПСС декъашхо хилира.
1945 шеран апрель кхачале капитан Болтаев хилира 1-ра Белоруссин фронтан 8-гӀа гвардин армин 57-гӀа гвардин кхиссархойн дивизин 172-гӀа гвардин кхиссархой полкан автоматхойн ротан куьйгалхо.
Болтаев билгалвелира эскар Одра хих дехьадолуш хенахь а, Зееловски лакхенаш схьайохуш а[1].
1945 шеран 16 апрелехь цуьнан рота массарелла хьалха немцойн траншейн чу а иккхина хӀаллакйира 2 йоккха топ а, 5 герздаьтта меттиг а, цхьа бӀе гергга мостагӀийн салтий а, эпсараш а, иштта схьайаьккхира 75-мм йоккхий тоьпийн батарей. 17 апрелехь ротас, дӀауьдучу немцошна тӀаьхьахӀоттина схьабаьккхира Зеелов гӀалан йукъара урам[1].
1945 шеран 31 майхь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца капитанан Георгий Болтаеван йелира Советски Союзан Турпалан цӀе[1].
1946 шарахь капитан Болтаевс эскаран болх битира. Иза Ӏаш а, болх беш а Соьлжа-ГӀалахь вара[1]. Болтаев велира 1986 шарахь.
Цуьнан каш ду регионан лараме хӀоллам. 2010 шераш цуьнан кешний хьал кхачам боцуш дара[2].
СовгӀаташ
бӀаьра нисйан- Советски Союзан Турпал (1945 шеран 31 май);
- Ленинан Орден (1945 шеран 31 май);
- Александр Невски орден (1945 шеран 27 февраль);
- 1-ра даржан Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман орден (1985 шеран 11 мартан);
- 2-ра даржан Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман орден (1945 шеран 15 май);
- ЦӀен Байракхан орден(1944 шеран 14 сентябрь);
- 1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккху Даймехкан тӀамехь Германи эшаярна медаль (1945 шеран 9 май);
- Мидалш[1].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 3 4 5 Болтаев Георгий Семёнович . AZ Library. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 7 апрель.
- ↑ Об утверждении Перечня памятников культуры и истории, расположенных на территории Чеченской республики, стоявших ранее на государственном учёте Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine, Постановление правительства Чеченской Республики от 9.11.2010, стр. 8
Литература
бӀаьра нисйан- Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
- Герои Советского Союза — казахстанцы. Алма-Ата. 1968, кн. 1. / стр.135-136.
- Глазков М. Д. Рубежи бессмертия. Красноярск,1975. / стр.91-94.
- Достоин звания героя. 2-е изд., перераб. и доп. Красноярск, 1975. / стр.306-307.