Александр Алексеевич Бондарь (1922 шеран 2 сентябрь, Змейская, Къилбаседа-ХӀирийн автономин область — 1992 шеран 14 май, Армавир (Росси), Краснодаран мохк) — Советски эскаран полковник, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декашхо, Советски Союзан Турпал (1944).

Бондарь, Александр Алексеевич
Вина терахь 1922 шеран 2 сентябрь({{padleft:1922|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:2|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1992 шеран 14 май({{padleft:1992|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:14|2|0}}) (69 шо)
Кхелхина меттиг
Эскаран тайпа военно-воздушные силы
Дарж Полковник
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина Орден Красного Знамени орден Александра Невского Орден Отечественной войны I степени Орден Красной Звезды медаль «За боевые заслуги» медаль «В ознаменование 100-летия со дня рождения Владимира Ильича Ленина» медаль «За победу над Германией в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» юбилейная медаль «Двадцать лет Победы в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» юбилейная медаль «Тридцать лет Победы в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» юбилейная медаль «Сорок лет Победы в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» медаль «За взятие Будапешта» медаль «За взятие Вены» медаль «Ветеран труда» юбилейная медаль «30 лет Советской Армии и Флота» юбилейная медаль «40 лет Вооружённых Сил СССР» юбилейная медаль «50 лет Вооружённых Сил СССР» юбилейная медаль «60 лет Вооружённых Сил СССР» юбилейная медаль «70 лет Вооружённых Сил СССР»
 
866-гӀа истребителин полкан тоьлла кеманхой. 1945 шо. 2-гӀа могӀехь йуккъехь лаьтташ верг Бондарь ву.

Вина 1922 шеран 2 сентяберхь Змейски юртахь (хӀинца Къилбаседа ХӀирийчоьнан Кировски кӀошт) гӀалгӀаскхий доьзаллехь.

1939 шарахь йуккъера школа чекхйаьккхича иза Орджоникидзен аэроклубе деша вахара. 1941 шеран мартехь иза ЦӀен Эскаре дӀакхайкхира. 1942 шарахь цо чекхйаьккхира Краснодарера эскаран авиацин кемахойн школа чекхйаьккхира. 1942 шеран октябрехь иза фронте вахара. Иза вара кеманхо, звенон а, эскадрилин а командир. Цо дакъалоцура Къилбан-Малхбузан а, 3-гӀа Украинин фронташкахь хилла тӀамехь. Шозза цунна чевнаш йира. Цо дакъа лецира «Сатурн» а, Харьковски а, Никопольско-Криворожски а, Одесски а операцишкахь, Днестран а, Ясско-Кишинёвски а, Будапештан а операцишкахь. 1944 шарахь иза ВКП(б) декъашхо хилира. 1944 шарахь Бондарь вара лакхара лейтенант, 3-гӀа Украинин фронтан 288-гӀа истребителин дивизин 866-гӀа истребителин полкан штурман а, командиран когаметтаниг а[1].

1944 шеран июнь кхочуш Бондарьс 252-за тӀема а велира, 48-за тӀамехь дакъалецира, 15 мостагӀийн кема чу а даийтира[1].

1944 шеран 19 августехь цунна йелира Советски Союзан Турпалан цӀе[1].

ТӀом чекхболуш хенахь капитан Бондарь 328-за тӀема а велира, 70-за хӀаваан тӀамехь дакъа а лецира, 19 мостагӀийн кема чу а даийтира[2].

1945 шеран 4 апрелехь цо тапча тоьхна вийра Советски Союзан Турпал Виталий Микрюков. 25 июнехь эскаран трибуналас цунна 8 шо хан туьхуьра. Цулла лакхара трибуналс и хан лахйира кхаа шеран тӀе. 1945 шеран 7 июлехь иза чувалларах паргӀат веккхира.

Трибуналс кехаташ кечдира цуьнан совгӀаташ схьадаха дезан бохуш. 1950 шеран январехь дукха наха дехараш дара бахьнехь а, Бондарин дика характеристикаш хилара бахьнехь а прокурорас сацам бира цунна совгӀаташ схьадаха оьшуш дац аьлла.

Цул тӀаьхьа цо Советски армехь болх бира. Иза Гена Малхбалехь вара, реактивни кеманаш леладан Ӏамош вара, 1-ра классан кеманхо хилира. 1958 шарахь полковник Бондарь запасе вахийтира. Запасехь волуш иза Краснодарски махкан Армавир гӀалахь Ӏаш вара. Цо тепловозан машинистан школа чекхйаьккхира, эчиг некъахь болх бира.

1992 шеран 14 майхь иза велира, дӀавоьллира Змейски юртан паркехь[1].

СовгӀаташ

бӀаьра нисйан
  • «Дашо Седа» мидал;
  • Ленинан ордан;
  • ЦӀен Байракхан орден;
  • Александр Невскийн орден;
  • Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман 1-ра даржан орден;
  • ЦӀен Седан кхо орден;
  • мидалш[1].

Дагахьлаттавар

бӀаьра нисйан
  • Змейски юртахь Бондарин цхьана ураман Бондарин цӀе тиллина.
  • Бондарь Ӏийна цӀин тӀехь хӀоттина мемориалан у.
  • 2006 шарахь Бондарин цӀе тиллина Змейски № 1 йолу йуккъера школа[1].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 3 4 5 6   Бондарь, Александр Алексеевич. Cайт «Пачхьалкхан турпалхой».
  2. Быков М. Ю. Все асы Сталина 1936—1953 гг. — М.: ООО «Яуза-пресс», 2014. — С. 147. — 1392 с. — (Элитная энциклопедия ВВС). — 1500 экз. — ISBN 978-5-9955-0712-3.

Литература

бӀаьра нисйан
  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.