ХӀокху агӀонан йац хьаьжжина версеш, хила мега, цуьна дикаллин мах ца хоттийна болучу барамца.

Борз (оьрс. волк) олу. Вайн халкъо олуш ду майрачу стагана «борз санна майра», хӀума лачкъош а, йадош а волчунна "Катухуш борз йу" олу. Туьйранашкахь цхьогале хӀилланца борз Ӏиэхайойту. И иштта а дац. Борз а йу шеначулла хӀума хууш.

  • Цхьацца тайпа акхарошна шайн-шайна йезайелла меттигаш хуьлу: гӀамарш, йаьсса аренаш, цанаш, лекха лаьманаш, хьаннаш, хин бердан йистош, регӀаш, тогӀенаш.
  • Берзалойн, йезаш къастийна меттигаш йац. Уьш лекхачу лаьмнашкахь а, лахарчу аренашкахь а, хьаннашкахь а, регӀашкахь а, гӀамаршкахь а хуьлу. Бакъду йаккхийчу хьаннийн кӀорге ца йеза царна, цигахь ижу лаха хала долу дела.
  • Борз йевзашвоцчунна доккхачу жӀаьлех къасто хала ду. Бакъду башхонаш йу барзаний, жӀаьлиний йуккъехь. Берзан цӀога текхаш ду, лергаш нийсса ирахь лаьтта, йа жимма тӀехьа дийшадой а хуьлу. ЖӀаьлин санна охьакегделла кхозуш ца хуьлу берзан лергаш. Берзан само чӀогӀа йу. Ижу лахар лергийн самонца хуьлу цуьнан коьртачу декъана. Масала, хьакхин херсино мохь хьаькхчи, йа эса Ӏаьхчи шиъ-кхоъ километр генахь хеза барзана. Делла бежана хьожанах ца хаало барзана, цунна тӀоьхула хьийзачу къийгийн гӀовгӀанах хаало. Барзана, наб кхетта йоллушехь хеза мохо декъа гӀа хьадичи а, коган тата а. Йижна Ӏуьллучу барзана таса ца луш тӀе ца вахало, кхин долчу акхарошна санна. Барзана дийнахьчул дика го буьйсанна са. Цундела буьйсанна адамах къаьхкина гена ца йолуш, гергахь, къайлайолий дӀалечкъа иза. Дийнахь адамах къаьхкий генайолу. Аьхка лорах хьожа йоккхуш ца лацало барзе ижу. Пхьагална тӀаьхьа йедчи, иза коьллашна йукъа а иккхина къайлайаьлчи дан хӀума доцуш йуьсу борз.
Борз
Борз
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Canis lupus Linnaeus, 1758
Бухара тайпанаш
Кхин хьажа
Берзалойн бухара тайпанийн ареал
сурт
Ларйен статус
  • Барзо ижуна толлу оцу меттигашка а, гуонаха долчу Ӏаламан хьелашка а хьожий. Цхьаъ ша хилчи барзо лечкъаш, тебаш герга а йоьдий лоцу ижу. Берзалойн арданго ижу кхечу кепара лоцу: йа гуонаха йолий гуо бой, йа цхьайерш кӀела а ховший, вукхара тӀетоллуш. ЖӀаьлина тешнабехк бо барзо. Иза уьйтӀахь, кертахь долу меттиг а лохий, ша цунна гучуйолу борз. ЖӀаьла шена летчи, ша кхерайелла моттуьйтуш хьалхара йоду. ЖӀаьла цунна тӀаьхьадолу. Дех кхерам боцчу метте генайаьлчи, цӀаьххьана дуьхьал а йоьрзий, жӀаьла хьакхадо барзо. Иза ден а доьй дӀахьо.
  • Борз гураца лаца а хала ду. Делла Ӏуьллучу бежанна тӀе ца йогӀу борз шена цхьа жимма а шеко хилчи.
  • Борз говрийн реманна а, йа бажа белахь цунна а йукъаэккха ца йаьхьа. Бажо, гоъмаш вовшах а тухий, моӀийн керт доьхьал хӀоттайо цунна. Говраш, кортош чоьхьа а долуш, мийраш барзехьа берзабой, дӀахӀуьтту. Мел дуккха го тийсичи а, и дуьхьало ца йуху церан. Борз кхин дан хӀума доцуш дӀайоьду. Цундела бежана, йа говр, ша ца гуччу йуьстахйолу ларйо цо.
  • ТӀаьхьа Ӏу воцуш дисначу жана йукъа лелха берзалой. Ка а йетташ уьстагӀийн дуьмеш хедадо цара. ТӀаьхьа Ӏу воцуш долчу жана цхьана борзо а до доккха зиэ.
  • Йоккха ижу хьалха нисйелчи къиза йоь берзалойн арданго. Масала боккха сай цхьана барзе бе ца ло. Арданг тӀаьхьайаьлчи ка йетташ жижиган поттанаш йохуш божабо иза.
  • Иштта ижуна тӀаьхьайевллачу берзалошна шайна йуккъе цкъа а, шозза а топ тоьхчи а ца хаьа, оцу ижуна шаьш дечух маслой.
  • Шаьш дийначу экханах жижиган потта кӀезашна хьо берзалоша. КӀезий Ӏамош царна а гойтуш вовшахйоккху берзалоша сайгак а, газа а, пхьагал а. ТӀаккхахула, ижу дӀайадалур йоцуш лаза а йой, кӀезашка шайга вовшахйоккхуьйту.
  • Берзан кӀезий кегий йолуш цӀийза, латар, угӀар доцуш. Берзалой угӀу суьйранна а, йа буьйсанна, йа сатоссуш. Дийнахь борз ца угӀу.
  • Дорцах тилла арахь висна а, цхьаъ ша некъе <...>

стагна барзо зиэ до. Барзо стаг вийна а, виъна а, меттигаш дукха йу. Берзалойн арданг тӀеӀоттайелчи царех кӀелхьаравала аьтто боцуш вуьсу стаг карахь герз дацахь.

Хьажа. кхин

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан