Аргентинера «Боьха тӀом» (испан. Guerra Sucia en la Argentina) — пачхьалкхан терроризман (массашкахь лечкъбарш, ницкъбарш, суд йоцуш байаран кхелйар) дуьхьалчу белхийн йукъара цӀе. Леладора аргентинан тӀеман диктатураша. Уггара лакхарчу тӀегӀане кхечира, урхаллехь XX бӀешеран тӀеман хунта йолуш 19761983 шерашкахь.

 ХӀокху кепе хьажар 
Аргентинан истори

Портал Аргентина
Исторел хьалхара Аргентина

Аргентинан индахой

Колониалан Аргентина

Гуарани тӀомИнгалс-португалин тӀелатарВице-паччахьалла Рио-де-Ла-ПлатаБритани тӀелатарш

ПаргӀатонан тӀом

Майн революциЛиньерсан контрреволюциПаргӀатонан тӀомТукуманан конгресс

Аргентинера гражданийн тӀемаш

Ривадавия БернардиноРосас МануэльФранцузийн блокадаИнгалс-французийн блокада

Аргентинан къам кхолладалар

1853 шеран КонституциГӀум-аре схьаяккхар1880 шеран чкъорРадикалийн урхалла (1916—1930)Сийдоцу итт шо

Перонан дуьххьарлера урхалла

Перон Хуан а, Перон Эвита а • ПеронизмБелхан йукъара конфедераци

Аргентинан истори (1955—1976)

паргӀатбахаран революциФрондиси АртуроИльиа Артуро УмбертоАргентинан революциМонтонерос а, ААА

Къоман реорганизацин процесс

1976 шеран харцамБоьха тӀомФолклендан тӀом

Керла зама

Хунтийн судАльфонсин Рауль2001 шеран къоьлла Киршнеризм

1976 шеран 24 мартехь эскаро куьйгаллехь Видела Хорхе волуш харцам бина вожийра президент Перон Исабель. тӀемхойн гӀоьнца Виделана шуьйра бакъонаш елира, цуо кхачийра Аргентина адамийн бакъонаш йохоре, массашкахь нах лоьцуш, лецначарна ницкъ беш, дукха хьолахь бойуш. Хунтан заманахь ницкъбина байина 10 эзар стаг, 30 эзар тӀепаз вайна, кхин а 60 эзарна политикин мукъмашца йаккхий хенаш тоьхна, зуьйш ницкъаш бира[1]. «Боьхачу тӀеман» коьрта «ижу» хилира аьрру жигархой, царна йукъахь бара профсоюзан боламан гӀуллакххой, студенташ, журналисташ, марксисташ, перонисташ.

Хунта йуьйжира 1983 шарахь, Фолклендан тӀамехь Аргентина эшначул тӀаьхьа.

Правительство хийциначул тӀаьхьа президентан Альфонсин Раулан омарца кхоьллира Къоман Комисси, массашкахь адамаш дар таллархьама (CONADEP), коьрте хӀоттийра гӀараваьлла йаздархо Сабато Эрнесто. 19831984 шерашкахь бинчу талламан жамӀашца, цуо зорбане дахийтира «Кхин цкъан а» цӀе йолу[2].

2012 шеран июлехь пачхьалкхан хиллаболу куьйгалхой Видела Хорхе (1976—1981 шераш) а, Биньоне Рейнальдо (1982—1983 шераш) а бехке бира аргентинан суьдо политчубоьхкинчу зударийн бераш лечкъорна. Билгала ду, церан омарца иттаннаш наной бара нуцкъала берех баьхна (бераш кхечу доьзалшка дӀалора, алсама эпсарийн доьзалшка), тӀаьхьа байина. Виделан а, Биньонен а (церан хан кхел кхайкхочу хенахь 80 шарал сов йара) шайн зуламаш бахьнехь хьалхарчун 50, шолгӀачун 30 шераш туьйхира набахти чохь даккха[3][4].

Исбаьхьаллехь гайтар

бӀаьра нисйан

Хьажа иштта

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Серхио Сорин. Секретные связи Пиночета, Франко и П-2
  2. Умер известный аргентинский писатель и правозащитник Эрнесто Сабато.
  3. Former dictators found guilty in Argentine baby-stealing trial. // edition.cnn.com. ТӀекхочу дата: 2012-7-6. Архивйина 2012 шеран 6 августехь
  4. Лев Македонов. Диктаторы сели за похищение детей. // gazeta.ru. ТӀекхочу дата: 2012-7-6. Архивйина 2012 шеран 6 августехь