Ривадавия, Бернардино
Бернардино Ривадавия (йуьззина цӀе Бернардино де ла Тринидад Гонсалес Ривадавия и Ривадавия, испан. Bernardino de la Trinidad Gónzalez Rivadavia y Rivadavia; 1780 шеран 20 майхь, Буэнос-Айрес, Аргентина, — 1845 шеран 2 сентябрехь, Кадис, Испани) — Къилба Америкин испанин олаллех маршо къовсаман куьйгалхойх цхьаъ, 1811—12 шерашкахь Триумвиратан — аргентинан правительствон декъашхо, дуьххьарлера 1826 шеран 8 февралера 1827 шеран 9 август кхаччалц Аргентинан президент.
Бернардино де ла Тринидад Гонсалес Ривадавия и Ривадавия | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
испан. Bernardino Rivadavia | |||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Агирре Хуан Педро | ||||||
Когаметтаниг | Лопес и Планес Висенте | ||||||
Вина терахь | 1780 шеран 20 май | ||||||
Вина меттиг | Буэнос-Айрес, Аргентина | ||||||
Кхелхина терахь | 1845 шеран 2 сентябрь (65 шо) | ||||||
Кхелхина меттиг | Кадис, Испани | ||||||
Да | Benito Rivadavia | ||||||
Зуда | Хуана дель Пино | ||||||
Парти | |||||||
Дешар | |||||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Биографи
бӀаьра нисйанВина Буэнос-Айресехь 1780 шарахь. Цуо жигара дакъалецира 1806 шарахь а, 1810 шеран майхь а Аргентинан британис тӀелатарш дечу хенахь Аргентина марша йаккхаран революцин боламехь. 1811 шарахь, Ривадавия хилира куьйгаллера триумвиратан коьрта декъашхо ша финансийн министр а волуш. 1812 шарахь дуьйна — чоьхьарчу а, арахьарчу а гӀуллакхийн министр. 1815—1821 шерашкахь коьртехь вара Ла-Платан Цхьаьнатоьхна провинцийн дипломатин миссин Европехь. Кехаташ дӀасакхоьхуьйтуш вара Йоккха Британин арахьарчу гӀуллакхийн министрашка лорд Каслрига а, граф К. В. Нессельродега а, кхин гӀарабевллачу дипломаташка а, европин монархеш Испанин шен хӀордал дехьарчу колонешца долчу девна йукъа ца гӀертийта хьожуш, ткъа цул тӀаьхьа сихйан дипломатин къобалйар къона къилбаамерикин пачхьалкхаш. 1821 шеран майхь иза вухавоьрзу Аргентине, июнехь хуьлу пачхьалкхан министр Буэнос-Айресан губернаторан Мартин Родригесан правительствехь. Оцу даржехь цуо бира цхьа могӀа политикин а, экономикин а хийцамаш (дакъошкахь йуьртабахаман реформа, банкан система кхоьллина), ткъа кхин а тӀеман а, килсан а реформа, халкъан дешаран реформа. Цуо кхоьллина Буэнос-Айресан университет, масех академи, дуьххьара континент тӀехь Ӏаламийн Ӏилманийн музей, ткъа иштта шорйина къоман библиотекан фондаш.
1826 шеран февралехь, Ривадавия хаьржира, 1826 шеран декабрехь Аргентинан Конфедераци йина йолу, Ла-Платан Цхьаьнатоьхна провинцийн президент. Цуьнан правительствон дукха баланаш бара, уггар хьалха Уругвайн мохк къийсарехь Бразилица болу тӀом а, гучуйуьйлуш йолу провинцийн Ӏедалийн сепаратизм а. Иккхина тӀеман гӀаттам бахьнехь Ривадавияс дарж дитира 1827 шеран 29 июнехь. Хьалха иза вирзира шен дахаре, амма 1829 шарахь кхелхира Европе. 1834 шарахь Ривадавия гӀиртира Аргентине йухаверза, амма йуха а эккхийра: хьалха Бразили, ткъа тӀехьа Испани, цигахь иза 1845 шеран 2 сентябрехь велира.
Иэс
бӀаьра нисйанЦуьнан цӀарах Аргентинан уггара дехачу ураман цӀе тиллина Авенида Ривадавия (Буэнос-Айресехь). Цуьнан дохалла 14 км сов хуьлу.
Хьажа иштта
бӀаьра нисйан- Дредноут «Ривадавия»
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |