Фёдор Борисович Бубликов (1915 шеран 23 январь (5 февраль), Эна-Хишка, Терски область1972 шеран 20 март, Соьлжа-ГӀала) — эскаран кеманхо, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.

Фёдор Борисович Бубликов
Бубликован каш т1аьхь йолу х1оллам
Бубликован каш т1аьхь йолу х1оллам
Вина терахь 1915 шеран 23 январь (5 февраль)
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1972 шеран 20 март({{padleft:1972|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:20|2|0}}) (57 шо)
Кхелхина меттиг:
Эскаран тайпа военно-воздушные силы[d]
Дарж Советийн гварди[d], капитан[d]
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза орден Ленина орден Красного Знамени орден Александра Невского орден Красной Звезды медаль «В ознаменование 100-летия со дня рождения Владимира Ильича Ленина» медаль «За победу над Германией в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» юбилейная медаль «Двадцать лет Победы в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» медаль «За взятие Берлина» медаль «За освобождение Варшавы» юбилейная медаль «50 лет Вооружённых Сил СССР»

Биографи нисйе бӀаьра

Вина 1915 шеран 23 январехь Эна-Хишка юртахь. Оьрсий. 1929 шо дуьйна Бубликов Соьлжа-ГӀалахь Ӏаш вара. 1930 шарахь цо чекхйаьккхира школан 8 класс. Даьшна веллачултӀаьхьа цо болхбира «Грознефть» цхьанакхетаран эчиг некъийн депохь. 1935 шарахь цо чекхйаьккхира Соьлжа-ГӀалан аэроклуб а, 1936 шарахь — Осоавиахиман инструкторийн школа а. 1936—1938 шерашкахь иза вара Соьлжа-ГӀалан аэроклубан кеманхо-инструктор.

1938 шеран сентябрь дуьйна иза ЦӀен Эскарехь вара. Цо болх бира Литвахь йолу Шяуляй гӀалан уллехь йолу 111-гӀа аэродроман хьашташ кхочушдан батальона шофер. Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болабелча иза 7-гӀа ийина авиацин дивизехь Ӏамавира У-2 кема буьйсанна леладан.

1941 шеран октябрь дуьйна 1942 шеран июнь кхаччалц иза вара 304-гӀа къаьстина йайн бомбанаштухуш авиацин эскадрильехь кеманхо. Цо тӀом бира Къилбаседе-Малхбузе фронтехь. Цо бира 130 тӀеман буьйсанна тӀемавалар У-2 кеманехь. Цо дакъалецира Демянски операцехь а, Йоккха Русса гӀалан уллехь бина тӀамехь а.

1942 шеран июнехь — октябрехь иза вара 8-гӀа къаьстина Ӏамаран полкехь Къилбаседе-Малхбузе фронтехь Ил-2 цӀе йолу штурмовик Ӏамош. 1942 шеран ноябрь дуьйна 1945 шеран март кхаччалц Бубликов вара 74-гӀа (1943 шеран март дуьйна — 70-гӀа гвардин) штурман авиацин полкан коьрта кеманхо а, куьйгалхонан когаметтаниг а, куьйгалхо а. 1945 шеран март дуьйна иза вара 33-гӀа гвардин штурман авиацин полкан эскдрильин куьйгалхо. Цо тӀом бира Къилбаседе-Малхбузе а, 1-ра а, 2-гӀа Белоруссин фронташкахь. Бубликовс тӀом бира мостагӀийн Демянски плацдарман го барехь а, хӀаллакйарехь а, Белоруссин мукъадаккхарехь а, Висло-Одеран а, Малхбале-Померанин а, Берлинан а операцишкахь. 1944 шеран апрель кхачале цо 212 тӀеман тӀемавалар кхочушдира (130 — У-2 кеман тӀехь, 82 — Ил-2 штурмовик тӀехь). ХӀаваан тӀемашкахь цо чудаийтира 3 мостагӀийн кема, кхиъ 4 кема аэродромаштӀехь хӀаллакдира. Цунна шозза айп йира (1943 шеран 20 августехь а, 1944 шеран 5 ноябрехь а).

1944 шеран 2 августехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца лакхара лейтенантан Бубликован Советски Союзан Турпалан цӀе йелира.

ТӀом чекхбаьллча Бубликов вара Германехь йолу авиацин эскадрильин куьӀгалхо. 1946 шеран сентябрехь Бубликовс эскаран болх битира.

Цул тӀаьхьа Бубликовс Соьлжа-ГӀалахь Ӏаш а, болх беш а вара. 1972 шеран 20 мартехь иза велира. Иза дӀавоьллира Соьлжа-ГӀалан йуккъера кешнашкахь. Цуьнан каш лоруш ду регионан даржан хӀоллам. 2010 шарахь кешнийн хьал вон дара[1].

СовгӀаташ нисйе бӀаьра

  • Советски Союзан Турпал (1944 шеран 2 августехь);
  • Ленинан орден (1944 шеран 2 августехь);
  • 3 ЦӀен Байракхан орден (1943 шеран 23 мартехь а, 21 августехь а, 1945 шеран 6 февралехь);
  • Александр Невскин орден (1944 шеран 23 февралехь);
  • ЦӀен Седанан орден (1942 шеран 12 июлехь);
  • мидалш.

Дагахьлаттавар нисйе бӀаьра

2010 шарахь Соьлжа-ГӀалахь схьайиллина «Силаллийн Аллейхь» хӀоттийна Бубликован барельеф а, мемориалан у а.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Литература нисйе бӀаьра

  • Герои-грозненцы. — Грозный, 1947. — С. 23—37.
  • Золотые Звёзды Чечено-Ингушетии. — 3-е изд., доп. — Грозный, 1985. — С. 217—224.
  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра