Буддизм ХӀиндехь
Буддизм кхоллаелла ХӀиндин къилбаседехь. Иза кхоьллинарг — Сиддхартха Гаутама, Будда («самваьккхинарг») Шакьямуни («Шакья тайпанера хьекъалча»). Буддан Ӏилма уггаре чӀогӀа къегира Бимбисара, Ашока, Менандер I, Канишка паччахьийн урхаллин хенахь, цара дола а деш. Оцу хенахь иза чукъаьчнера дукхаха долчу луларчу а, генарчу а мехкашка, царна йукъахь ю Цийчоь, Корей, Япон.
ХӀиндин бусалбанаш 712 шарахь чубаьхкинчул тӀаьхьа буддизм йожа йолаелира шен даймахкахь[2]. XIII бӀешарахь цуо чаккхенца йохайо шен меттиг, цунна новкъарло йо «хӀиндуистийн ренессансо». Буддистийн ладаме барам бисира Гималайхь: Ладакхехь, Аруначал-Прадешехь, Сиккимехь. Тахана буддисташ лору 0,7 % хӀиндихой[3][4].
Сиддхартха Гаутама лору буддизман коьрта бух биллинарг. Сиддхартха ширачу ХӀиндин олаллин элан кӀант вара, аьлча а иза вара варне кшатрешкара[5].
Синмехаллин новкъа хӀоьттина, Сиддхартха Гаутама, медитаци еш Бодхи диттан кӀела Бодх-Гая меттигехь, кхечира Серло. Самваьлча, цуо дийцина дуьненна сансарах мукъадовларан хьесапех, аскезан а, гедонизман а йистех къаьхкаш — юккъера некъ харжа.
Буддан дола дина Магадхин урхалчо, паччахьо Бимбисарас. Паччахьо буддизман доладеш омар делла шортта «вихараш» (буддийн килс) ян. Килсаш дукха хиларна, регионан тӀаьхьа цӀе тиллина Бихара[5].
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Mahabodhi Temple Complex at Bodh Gaya: UNESCO World Heritage Site.
- ↑ Канаева Н. А. Буддизм в Индии // Буддизм: словарь. — М.: Республика, 1992. С. 55.
- ↑ Буддизм . Etnolog.ru. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 27 август.
- ↑ Индия, Республика Индия . Географический справочник. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 27 август.
- ↑ 1 2 India by Stanley Wolpert (Page 32)
Литература
бӀаьра нисйан- Померанц Г. С. О причинах упадка буддизма в средневековой Индии // Антология Гнозиса: Современная русская и американская проза, поэзия, живопись, графика и фотография. Том 1 / Под ред. А. Ровнера, В. Андреевой, Ю. Д. Ричи, С. Сартарелли. — СПб.: Медуза, 1994. — С. 169—195. — 349 с. — ISBN 5-87775-003-8.
- Doniger, Wendy. Merriam-Webster Encyclopedia of World Religions(ингалс.). — Encyclopedia Britanica, 2000. — P. 1378.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Across the Himalayan Gap: An Indian Quest for Understanding China. Edited by Tan Chung. Assistant Editor : Dr. Ravni Thakur. 1998, XXVI+553pp., col. and b&w illus., ISBN 81-212-0585-9
- World Civilizations: The Decline of Buddhism in India. Publisher: Washington State University. Last accessed on April 10, 2007