Бусалба

ислам динехь волчун цӏе
(Бусалбаниг тӀера хьажжина кхуза)
ХӀокху версин 5 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2023, 4 июль).

Бусалба (Ӏаьр. ٌمُسْلِم‎‎ муслим (бож. род), مُسْلِمَةٌ муслимат (зуд. род)) — иза Аллахӏ дела хиларца мукӏарло а деш, ислам дин хиларца а, Мухьаммад ﷺ пайхамар а, элча а ву аьлла тӏаьхьа а возуш, Къуръан нах нисбеш долу жайна а ду аьлла, исламан пхи бӏогӏам кхочуш а беш волу стаг ву.

Бусалба нехан сийлахь долу жайна — Къуръан ду. Къуръан — Делан дош ду, Мухьаммад пайхамарна ﷺ Жабраил маликехула доссийна. Бусалбанаш тIаьхьабозу Къуръанна а, кхин а Мухьаммад пайхамаран ﷺ хьадисашна а, уьш йаздина ду ламасталлин хьадисийн гуламехь (суннатехь)[1].

Бусалба стаг теша веза, Дела (АллахӀ) гуттаренна вуй, трансцендентан а, накъост воцуш а вуй (хьажа тавхьид). Царна хаа деза, АллахI шеха тера хIума долуш вац, хIуъа а далуш ву, доьзал хуьлуш вац, ша вина а вац (Аль-Ихлас). Бусалбанаш теша беза, ислам тIаьххьара тIегIа йу динан, деана долу пайхIамаршкахула Нухьехула а, ИбрахIимехула а, Мусахула а, Ӏийсахула а. Хьалхалера Жайнаш а, Делан хаамаш а йукъ-йукъахь хийцина галдаьхна ду (тахьриф)[2], ткъа Къуръан ду тIаьххьара а, хийцанза а Делан къамел[3]. Бусалбанаш теша беза Мухьаммад тIаьххьара пайхамар хиларх а, цул тIаьхьа кхин пайхамар хирг ца хиларх а.

Этимологи

бӀаьра нисйан

Iарбийн дешан муслиман маьIна ду «муьтIахь верг (АллахIан)» йа «Ша дIавелларг (АллахIан)» ислам дешан аналогица — «тиер», «тIеэцар». В. М. Порохован вариант: « …„бусалбаниг“ — „АллаххIан муьтIахь волу стаг“».

Бусалбанийн декхарш

бӀаьра нисйан
 
ОвхIанера бусалбанаш ламаз деш бу Баги Бабурехь, Къабулехь.

Стаг бусалба лору, нагахь цуо шахIадат далийнехь: «Аса тешалла до, АллахI воцург кхин Дела ца хиларх, аса йуха а тешалла до Мухьаммад АллахIан Элча хиларх». Бусалбачеран дин лаьтта пхеа бIогIам тIехь. ШахIадаца кхин а исламан бIогIамаш ду: хIора дийнан пхиъ ламаз, Рамадан баттахь марха кхабар, закат далар, таро ялахь Макка хьаьж дар[4][5].

Исламан парзаш доцуш, кхин а ялх бIогIам бу иманан, царех цхьаъ къобал ца бичи а бусулбаниг динара араволу. Уьш ду:

Бусалбанаш Мухьаммад пайхIамар дин кхайкхо волавалале

бӀаьра нисйан

Къуръанан пайхIамарш а, элчанаш а, царна тIехьабозурш а бусулба бу. Иштта Аль Iимран суратан 52 аятехь Iийса пайхIамаран   сахьабаш боху цуьнга: «Тхо — АллахIан гIоьнчаш ду. Тхо тешна АллахIах. Теш хилахь тхо бусалба хиларан!»[7]. Къуръан доссале бусалбанаш декхарийлахь бара Мусага  , Давудега  , Iийсага   диссина Товратан, Забуран, Инжилан тIаьхьабаза.

 
Бусулбанийн бахархой проценташкахь (2009)

Дерриг дуьненан бусалбанийн бараман маххадабо 1,7 млрд гергга ст.[8]. Ислам ду дукхаллин барамца шолгIа, цхьайолчу МХГI хаамашца, дуьненахь уггаре сиха кхуьуш долу дин[9][10].

90 % берриг бусалбанех лору шеш суннийш[11]. ШолгIа бу исламан некъ шиIийш (10 %)[12].

Бусалбанийн дукхаллийн барамца уггаре йоккха пачхьалкх — ХӀиндонези йу, цигахь беха 12,7 % дуьненара берриг бусалбанех, цул тIаьхьа йогIу Пакистан (11,0 %), Бангладеш (9,2 %), Мисар (4,9 %)[13]. Бусалбанаш иштта дукха бу ХӀиндин, Цийн, Российн, Эфиопин пачхьалкхашкахь.

Российн бусалба къаьмнаш

бӀаьра нисйан

2002 ш. бахархой багарбаран терахьашца Российра ламастан бусалба къаьмнийн барам хилира 16,5 млн ст. — пачхьалкхан бахархойх 11 % гергга. ХIинца Российн Федерацин махкахь деха Ислам дин лело 40 гергга къам: нохчий, жӀай, кхазакхаш, азербайджанаш, акхшой, гӀазгӀумкий, ГӀиргӀазой, башкираш, гIезалой, таджикаш, туркменаш, узбекаш, лаьзгий, адыгаш, абазой, гӀумкий, ногӀий, балкхарой, кхарачой, гӀалгӀай, туркой-месхетинхой, табасаранаш, рутулаш, агулаш, цахураш, кхин а[14].

Кхин хьажа

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. The Qurʼan and Sayings of Prophet Muhammad: Selections Annotated & Explained. — SkyLight Paths Publishing, 2007. — P. 21–. — ISBN 978-1-59473-222-5.
  2. Submission.org, Quran: The Final Testament, Authorized English Version with Arabic Text, Revised Edition IV,ISBN 0-9729209-2-7, p. x.
  3. Hooker, Richard arkan ad-din the five pillars of religion. United States: Washington State University (1999 шеран 14 июль). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 17 ноябрь. Архивйина 2010 шеран 3 декабрехь Архивйина 2010-12-03 — Wayback Machine
  4. Religions. The World Factbook. United States: Central Intelligence Agency (2010). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 25 август. Архивйина 2018-12-24 — Wayback Machine
  5. Столпы веры (имана). www.islam.ru. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 9 август.
  6.  3:52
  7. Muhsin S. Mahdi(ингалс.), Annemarie Schimmel, Fazlur Rahman(ингалс.) Islam. // Encyclopædia Britannica
  8. The List: The World's Fastest-Growing Religions. Foreign Policy (2007 шеран 14 май). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 16 май. Архивйина 2007-05-21 — Wayback Machine
  9. * Islam Today. Islam: Empire of Faith (2000). PBS. — «Islam, followed by more than a billion people today, is the world's fastest growing religion and will soon be the world's largest...». ТӀекхочу дата: 2010 шеран 25 август.
  10. Islamic Beliefs, Practices, and Cultures. — Marshall Cavendish, 2010. — P. 352. — «A common compromise figure ranks Sunnis at 90 percent.». — ISBN 0-7614-7926-0.
  11. Shīʿite. Encyclopædia Britannica Online. — «Shīʿites have come to account for roughly one-tenth of the Muslim population worldwide.» ТӀекхочу дата: 2010 шеран 25 август.
  12. Number of Muslim by country. nationmaster.com. ТӀекхочу дата: 2007 шеран 30 май.
  13. Алов А.А., Владимиров Н.Г. Мусульманские этносы России. М.: Институт Наследия, 1996. — 122 стр. ISBN 5-86443-024. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 16 декабрь.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан