Букъсуьртан тӀум
Букъсуьртан тӀум (лат. medulla spinalis) — букъсурт долу дийнатийн букъсуьртан харш чохь йолу Центран нервийн системин меже[1]. Букъсуьртан тӀамаран а, коьртан хьен а доза чекхдалар пирамидин кепехь оьзган (и доза дикка билламе делахь а) йа тӀуьскан даьӀахкан тӀегӀанехь хилар тӀеэцна. Букъсуьртан тӀамаран чохь хара йу, цунах йуккъера харш (лат. canalis centralis) олу, иза дуьзна ду букъсуьртан тӀамаран тӀуналлица. Букъсуьртан тӀум ларйо кӀеда, машин а, чӀогӀа тӀамаран а чкъоьро. Чкъоьрнашна а, букъсуьртан харшан а йукъара йесалла йуьзна букъсуьртан тӀамаран тӀуналло. ЧӀогӀа тӀамаран чкъор лаьтта висцералан а, париеталан а декъехь. Висцералан а, париеталан а чӀогӀа тӀамаран чкъоьран йесаллех олу эпидуралан йесалла, и йуьзна махьарш а, дегапхенан машано а.
Адаман букъсуьртан тӀамаран анатоми
бӀаьра нисйанАрахьара хӀоттам
бӀаьра нисйанБукъсуьртан тӀамаран (лат. medulla spinalis) бу къегина сегментийн хӀоттам. Цуо латтайо коьртан хьен йисташца уьйр, лелабо сегментийн рефлексийн болх[2].
Букъсуьртан тӀум йоллу букъсуьртан харш чохь йоӀзаран I букъдаьӀахкан лакхара йистера гӀодайукъан II букъдаьӀахк тӀекхаччалц, букъсуьртан шен-шен дакъойн гомаллин агӀо йух-йуха гойтуш. 3 бутт болу хӀун иза чекхйолу V гӀодайукъан букъадаьӀахкан тӀегӀанехь, керла динчу беран — III гӀодайукъан букъадаьӀахкан тӀегӀанехь[2].
Букъсуьртан тӀум цӀеххьана доза доцуш дехьайолу уккал-тӀуме йоӀзаран хьалхарчу букъсуьртан нерв арайолучу меттигехь. Гомтопица и доза чекхдолу доккха кӀесаран Ӏуьрган лахара йистан а, йоӀзаран I букъадаьӀахкан а тӀегӀанехь[2].
Лахахь букъсуьртан тӀумах конускепара иралла хуьлу (лат. conus medullaris), иза чуйоьду чеккхенгара (букъсуьртан тӀамаран) хьасане (лат. filum terminale (spinale) ), цуьнан хуьлу 1 мм кхаччалц пурхе, иза ду букъсуьртан тӀамаран лахара декъан редуцировка йина дакъа. Чеккхенгара хьаса (нервийн хьесийн дакъолгаш йолу лакхара дакъа доцург) цхьаьнатосу хьаса санна хӀума йу. чӀогӀа хьен чкъоьраца цхьаьна иза чуйулу гӀортхоттен харшна, цуьнен чеккхенна тӀелета. ЧӀогӀа тӀамаран чкъоьран йесаллехь болу чеккхенгара хьасанан дакъа цуьнца хӀоттаделла дац, цунах олу чоьхьара чеккхенгара хьаса (лат. filum terminale internum), чӀогӀа тӀамаран чкъоьраца дихкина цуьнан дисина дакъа, — иза арахьара чеккхенгара хьаса (лат. filum terminale externum) бу. Чеккхенгара хьесаца богӀу хьен тӀамаран хьалхара цӀиэпха а, дегапха а, кхин а цӀогандаьӀахкан цхьаъ йа шиъ нервийн орамийн курс[2].
Патологи
бӀаьра нисйан- Букъасуьртан тӀум лазйарех олу миелопати, букъасуьртан тӀум лазоран тӀегӀане хьаьжжина хила тарло, параплеги йа квадриплеги.
- Нагахь йахйелла шелйаларан реакци хилахь Бехтеревн цамгар кхиа тарло.
- Бухан синдром — букъсуьртан невралги.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Богородинский Д.К., Скоромец А.А.; Бабиченко Е.И., Вирозуб И.Д., Костюк И.Г., Лясс Ф.М., Минакова Е.И., Моргунов В.А., Первушин В.Ю., Ростоцкая В.Ю., Тисеен Т.П., Шифрин С.С. Букъсуьртан тӀум // Большая медицинская энциклопедия : в 30 т. / гл. ред. Б.В. Петровский. — 3 изд. — Москва : Советская энциклопедия, 1985. — Т. 24. Сосудистый шов - Тениоз. — 544 с. — 150 800 экз.
- ↑ 1 2 3 4 Синельников, Синельников, 1996, с. 18—23.
Литература
бӀаьра нисйан- Синельников Р. Д., Синельников Я. Р. Атлас анатомии человека в 4 томах. — М.: Медицина, 1996. — Т. 4. — 320 с. — ISBN 5-225-02723-7..
- Афанасьев Ю. И., Юрина Н. А. Гистология. — М.: Медицина, 2001. — 744 с. — ISBN 5-225-04523-5..