Бухано́вский Алекса́ндр Оли́мпиевич (1944 22 февралехь, Соьлжа-ГӀала2013 17 апрелехь, Дон-тӀера-Ростов) — советийн а, российн а психиатр. Медицинан Ӏилманийн доктор, профессор. Ростовн пачхьалкхан медицинан университет (РостПМУ) психиатрин а, наркологин а кафедран, Къилбан федералан университетан юридически факультетан профессор.

Бухановский Александр Олимпиевич
Вина терахь 1944 шеран 22 февраль({{padleft:1944|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:22|2|0}})
Вина меттиг Соьлжа-ГӀала, РСФСР, ССРС
Кхелхина терахь 2013 шеран 17 апрель({{padleft:2013|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:17|2|0}}) (69 шо)
Кхелхина меттиг Дон-тӀера-Ростов, Росси
Пачхьалкх  ССРС Росси
ГӀуллакхан тайпа психиатр, профессор
Ӏилманан кхоче медицина, психиатри
Белхан меттиг дарбан-реабилитацин Ӏилманан «Феникс» центран президент;
Ростовн пачхьалкхан медицинан университетан квалификаци айаран а, говзанчашна говзаллин кечаман а факультетан психиатрин а, наркологин а кафедран профессор
Альма-матер
Ӏилманан дарж доктор медицинских наук
Ӏилманан цӀе профессор
СовгӀаташ а, премеш а Российн Федерацин Хьакъдолу лор

Дарбан-реабилитацин Ӏилманан «Феникс» центран (ДРӀЦ) президент. Профессор Бухановский — шина америкин академин декъашхо: Суьдан Ӏилманийн академин, Психиатрин а, бакъонийн а академин, Европин психиатрийн ассоциацин сийлахь декъашхо (и цӀе йолуш российн виъ говзанча бен вац), Америкин психиатрин ассоциацин (APA) кхечу мехкан декъашхо.

Бухановский — 300 сов зорбан белхийн автор, царех 80 сов зорбатоьхна дозанал арахьара зорбанехь. Цуо йазйина зорбане йаьккхина 3 монографи, 8 куьйгалла, энциклопедин справочникаш а, лоьрийн пособеш а, 2001 шарахь динчу белхашна патент йелла.

Вина 1944 шеран 22 февралехь Соьлжа-ГӀалахь, АЦШ гражданинан Страссберг Джозефан а, эрмалойх йалар долу цергийн лоьран Саркисянц Эвелина Арамовнин а доьзалехь, иза шозлагӀа маре йахара инженере Бухановский Олимпий Максимовиче (вина 1928). Ненада, Саркисянц Арам Самуилович, Соьлжа-ГӀалин могашаллаӀалашйар кхоьллинарг ву.

Ишколан ворхӀ класс йаьккхинчул тӀаьхьа деша хӀоьттира Нохч-ГӀалгӀайн республикин медицинан доьшийле, иза тӀех дика чекхйаьккхира.

1968 шарахь иштта тӀех дика чекхйаьккхира Ростовн медицинан институт.

1968—1970 шерашкахь кхайкхира эскаре, ЦӀийечу Байракхан Къилбаседа флотехь лор (Североморск гӀалахь).

2013 шеран 17 апрелан буса Бухановский Александр Олимпиевич велира Ростовн областан № 1 йолчу дарбан цӀен реанимацехь. Валаран бахьна хӀоттийра тромбоэмболи.[1]

Деятельность

бӀаьра нисйан

Бухановский дика вевза серийн нах бойучеран эксперт санна, масала, эксперт вара Чикатилон гӀуллакхехь. Бухановский Александр талам боьдуш оперативан тобан дехарца зуламхочун психологин сурт хӀоттийра. Талламан куьйгалла гӀо дийхира психиатрега Чикатило лаьцначул тӀаьхьа а. Оцу моментехь зуламхо левеш вара итталгӀа дийнахь, амма цуо цхьанне а хӀуманна дери ца дора. Ткъа Бухановскийца къамел динчул тӀаьхьа Чикатилос дийцира ша нах байарх, дери дан волавелира[2].

Бухановский гӀараваьлла жамӀ долу куьйгалхо а, Ӏилманча а санна, дерриг дуьненахь[3]; Российн психиатрин йукъараллин сайт тӀаьхь, масала, дуьйцу Ростовн пачхьалкхан медицинан университетера балхах лаьцна[3]:

2003 шарахь Александр Олимпиевича кхуллу керла ах говзанчийн кафедра — психиатрин кафедра медицинан квалификации айаран факультет психологин а, психотерапин а курсаца. ТӀаккха ийшира керла кадраш а, керла база кхоллар а — клиницисташна а, медицинан психологашна а, психотерапевташна а. Шинне а Ӏалашонца Александр Олимпиевич тӀех дика ларавелира шен дешархой декъа а озош, царех дукхах берш оцу хенахь хьалхе лело говзанчаш бара, диссертацеш чекх а даьхна, дӀалецира ростовн могашаллаӀалашйаран а, психиатрин хьукматийн куьйгалхойн гӀанташ. Оцу кафедран хьалхара куьйгалхо хилира ша профессор А. О. Бухановский. Дипломал хьалхара Ӏамор дан деза говзаллаш тӀекхийтира шозза сов. Цуьнан куьйгаллин шина шарахь оцу кафедро университетехь, махкахь, дуьненахь шен сий айина ца Ӏаш, дӀайаьхьира цхьа могӀа дуьненайукъара Ӏилманан лерина форумаш, цигахь Александр Олимпиевич президент вара: дуьненайукъара Ӏилманан лерина муьрашкара конференцеш «Серийн дайарш а, социалан агресси а» (1994, 1998, 2001); дуьненайукъара Ӏилманан-практикан психиатрин конференцеш (1999, 2004, 2008, 2010, 2012)[3].

. А. О. Бухановскийс дина серийн нах бойучун психологин сурт, иза тахна лелош ду криминалисташ а, психиатраш а дерриг дуьненахь[3].

Александр Бухановский вара 10 серийн исбаьхьаллин «Консультант» телефильман коьрта турпалхочун Широков Вячеславан прототип (2017, НТВ). И роль ловзийра актёра Кяро Кирилла.

  • Зуда — Бухановская Инна Борисовна, экономист.
    • ЙоӀ — Бухановская Ольга Александровна (1969 ш.й.) — психиатр, «Феникс» центран коьрта лор.[4]

ГӀараваьллачу российн психиатро Ю. С. Савенкос билгалдаккхара, А. О. Бухановскийн «Йукъара психопатологи» белхан чохь тӀеэцна психикан сакхтан варианташ йу адам халчухӀоттаран тӀиера тоталан хьекъал иэшаре дайн дехьадалар — психикан патологин психикан цамгаршна психозан тӀегӀа санна бух болуш долу деменцин дика къаьста доза тохаран меттана. Ю. С. Савенкон хетарехь, иштта тайпана Бухановскийн чӀагӀдарш гойту схеман дуьхьа дерг галдаккхар: ма-дарра дийцича иэс дӀайалар а, интеллект йохар а хуьлу дукха хьолахь хьалха хуьлу адаман регрессал, кӀезиг ца нисло адамалла йисина цомгаш берш, ткъа уьш тестологин талам бича хуьлу буьззина интеллектуалан-мнестически агӀора хьекъалчохь боцуш[5]. Впрочем, следует обратить внимание, что критика Ю. С. Савенко скорее вызвана личной неприязнью к А. О. Бухановскому, ряд отечественных психиатров и деятелей науки сами критикуют Ю. С. Савенко, называя недопустимыми и оскорбительными ряд его высказываний в СМИ[6].

Сочиненеш

бӀаьра нисйан
  • Йукъара психопатологи: Лоьрашна пособи / А. О. Бухановский, Ю. А. Кутявин, М. Е. Литвак. — 2-гӀа арах., тойина, шорйина — Ростов н/Д.: Изд-во ЛРНЦ «Феникс», 1998. — 416 с.

Бухановскийн гӀуллакх довзуьйту документалан фильмаш

бӀаьра нисйан
  • 2000 — «Оьрсийн психиатр (The russian cracker)» — Фильмийн цикл: Чуьра хьажар/ The Inside Story
  • 2008 — «Маньякашна таллархой»[7]
  • 2013 — «Чикатило сацавие»[8]

Бухановскийн васт массийн оьздангаллехь

бӀаьра нисйан

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Скончался психиатр А.Бухановский, раскрывший маньяка Чикатило. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 18 апрель. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 28 декабрехь
  2. Cullen, Robert. The Killer Department: Detective Viktor Burakov's Eight-Year Hunt for the Most Savage Serial Killer of Our Times. Orion Media, 1993. Page 268. ISBN 1-85797-210-4.
  3. 1 2 3 4 Ушел из жизни Александр Олимпиевич Бухановский. Российское общество психиатров. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 23 октябрь.
  4. Бухановская Ольга Александровна
  5. Савенко Ю. С. Экспертиза экспертизы // Независимый психиатрический журнал. — 2003. — № 1. — С. 50—55.
  6. Постановление Комиссии Правления Российского общества психиатров по вопросам профессиональной этики
  7. Фильм «Охотники на маньяков» на сайте Первого канала
  8. Фильм «Остановить Чикатило» на сайте Первого канала

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан