Бушкевич Сандис (вина 1977 шеран 28 январехь Вентспилсехь) — латышийн хилла баскетболхо, хӀинца тренер, левзина ловзар дӀахьо турслочун позицехь, Латвин баскетболан гулйина командин декъахо. С. Бушкевич – ЛБЛ пхоьазза чемпион Вентспилс а, АСК а йукъахь 2000 - 2007 шерийн муьрехь.

Бушкевич Сандис
латыш. Sandis Buškevics
Позици Ловзар дӀахьо турсло
Локхалла 190
Возалла 85
Гражданалла
Вина терахь 1977 шеран 28 январь({{padleft:1977|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:28|2|0}}) (47 шо)
Вина меттиг Вентспилс Латышийн ССР ССРС

Командаш
Ӏамийна командаш

Карьера нисйе бӀаьра

Шен профессионалан карьера йолийра 1994 шарахь ша винчу гӀалара баскетболан клубехь Вентспилсехь. Цуьнца йаьхна ЛБЛ совгӀатан меттигаш: 1996 ш. – 3-гӀа меттиг, 1998 а, 1999 а шш. – 2-гӀа меттигаш. Доьазза йаьккхина ЛБЛ чемпионийн титул: 2000, 2001, 2002, 2003 шерашкахь. 2003 шарахь Вентспилсца йаьккхина 3-гӀа меттиг Европин кедехь а, НЕБЛ. 1998, 2000, 2001, 2003, 2007 шерашкахь Латвин баскетболан лигин Дерриг седарчийн матчан декъахо.

2003 шарахь Сандиса шен карьера дӀайаьхьира дозанал арахьара клубашкахь. 2003-04 эха шарахь левзира Туркойчоьнан Истмалара «Галатасарай» баскетболан клубехь. Керла шо тӀедеича дӀакхийтира Российн Перман «Урал-Грейт» баскетболан клубах, командо баьккхира Российн Кад, левзира Казанехь хилла Европин кедан Йеаннан финалехь. 2005 шарахь Москохан областера «Динамо» йукъахь йаьккхира Кхайкхаран Еврокедан 3-гӀа меттиг. 2006 шарахь иза хилира Балтийн а, Литван а лигин чемпион Вильнюсан «Летувос Ритас» йукъахь.

2007 шарахь иза цӀа вирзира Латве, хилира ЛБЛ пхоьазза чемпион АСК Рига йукъахь. 2008 шеран декабрехь иза воьду Италин Удине "Снайдеро" баскетболан клуб йукъа. 2009 шеран 14 декабрера 2010 шеран 31 январь кхаччалц левзина БК Вентспилс йукъахь.

2012 шеран аьхка С.Бушкевича кхайкхийна шен ловзаран карьера чекх а йаьлла, тренеран карьера йолийна, цунах «Лиепаяс Лаувас» клубан тренер хилира.[3] 2019 шеран июле хилира Клайпедера Нептунасан тренерийн штабера цхьа тренер.[4] 2021 шеран декабрехь, коьрта тренер дӀаваьллачул тӀаьхьа, цуьнан декхарш кхочуш дира.[5]

Латвин гулйина команда нисйе бӀаьра

1997 а, 1998 а шерашкахь иза левзира 22 шо кхачанза Латвин кегийрхойн гулйина командехь. 1998 шарахь дакъалаьцна Европин чемпионатан U-22 финалан турнирехь Трапанихь, Итали. 1998 шарахь дуьйна левзина Латвин къоман гулйина командехь.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Бушкевичс переходит в БК «Вентспилс»
  2. LBL: Витолс остается в "Бароне", Бушкевичи в Лиепаю. ТӀекхочу дата: 11 мартехь 2011. Архивировано 27 ноябрехь 2020 года.
  3. url=http://sportacentrs.com/basketbols/lbl/20072012-buskevics_bais_karjeru_pievienojas_lauvu%7Ctitle=Бушкевичс завершает карьеру, присоединяется к тренерскому штабу Львов|publisher=Sportacentrs.com|accessdate=.21 .2012.7}}
  4. website=Sportacentrs.com|access-date=2019-07 -11|date=2019-07-11|language=lv}}

Арахьара хьажоргаш нисйе бӀаьра

Кеп:Sporta ārējās saites