Галатасарай (футболан клуб)

«Галатасара́й» (турк. Galatasaray Spor Kulübü) — туркойн Истмалан футболан клуб, юкъайоьду спортан «Галатасарай» юкъараллин, ловза Туркойчоьнан чемпионатехь. Кхоьллина 1905 шарахь. ЦӀера матчаш ловзайо 55 147 стаг чухоьучу «Тюрк Телеком Арена» стадионехь. Уггаре аьтту болчех цхьа футболан клуб ю махкахь, 21-за Туркойчоьнан чемпион хилла, 18-за Туркойчоьнан Кад баьккхина, 15-за Туркойчоьнан Суперкад баьккхина, УЕФАн Кад а, УЕФАн Суперкад а баьккхина.

Туркойчоьнан байракх «Галатасарай»
Логотип
Юьззина
цӀе
Galatasaray Spor Kulübü
Харц цӀераш «Лоьмаш» (Aslanlar), Cimbom, Avrupa Fatihi Sarı-Kırmızılılar (Можа-цӀиен)
Кхоьллина 1905
Стадион Тюрк Телеком Арена, Истмала
Чухоам 55 147
Президент Туркойчоьнан байракх Дженгиз Мустафа
Коьрта тренер Туркойчоьнан байракх Терим Фатихь
Капитан Туркойчоьнан байракх Инан Сельчук
Рейтинг 68-гӀа меттиг УЕФА рейтингехь[1]
Спонсор Германин байракх Zott
Сайт galatasaray.org
Къовсамаш Туркойн Суперлига
ХӀинца йолу чемпион Чемпион
Форма
Форма
Форма

«Галатасарай» — турниран йохаллехь цкъан а ца оьшуш УЕФА Кад баьккхинчу шина командах цхьаъ ю, ткъа иштта Чемпионийн Лигехь тобанехь кхоалгӀа меттиг яьккхинчул тӀаьхьа и турнир яьккхина хьалхара команда а ю. 1999/2000 шерийн УЕФА Кедан финалехь «Галатасарайс» иэшийра лондонан «Арсенал» пенальтин серехь жамӀ 4:1 долуш, тӀаккха дуьххьара исторехь еврокад баьккхина туркойн клуб хилира. «Галатасарайн» иштта ю дуьненан рекорд цӀахь угара беха толамаш бахарх — 2001 шеран 13 майра 2002 шеран 8 декабрь кхаччалц команда туьйлира шен стадион тӀехь 24 матчехь тӀаьхьий-хьалхий. 2001 шеран январехь «Галатасарай» «Дуьненан уггаре дика футболан клуб» рейтинган коьртехь яра.

ЦӀеНисъе

«Галатасарай» цӀе схьаяьлла Галатасарайн лицейх (юьхьанцара цӀе «Галатан гӀалин Императоран ишкол»), ткъа историн агӀора хьаьжча кхоьллина шина дашах: Галата (Истмалан историн кӀошт) а, «сарай» («гӀала», туркойн маттара гочдича).

ИсториНисъе

 
«Галатасарайн» дуьххьарлера сурт, 1905

Клуб кхоьллина 1905 шарахь Галатасарайн лицейн коьртехь Ӏали Сами Ен волу дешархойн тобано. «Галатасарай» ю Туркойчоьнан уггаре ширачех цхьа футболан клуб.

Хьалхарчу хенахь «Галатасарай» дӀаязйина яцара кхоллам санна, хӀунда аьлча Туркойчохь дӀанисдина спортан законаш ца хилар бахьнехь. 1912 шарахь закон тӀеэцначул тӀаьхьа клуб яха йолаелира законан бух тӀехь. «Галатасарай» дӀакхийтира истмалан лиге 1905/06 шеран чемпионатехь, ткъа 1907/08 шерашкахь туьйлира. 1952 шарахь цунах говзаллин клуб хилира. 1959 шарахь кхоллаелира марталлин туркойн лига, ткъа «Галатасарай» сихха коьртера команда хилира цунна юкъахь.

Уггаре бакхий кхиамаш баьхкира клубан 90-гӀа шераш чекхдовлуш. 2000 шарахь «Галатасарайс» Терим Фатихьа куьйгаллийца толам баьккхира УЕФА Кедехь, финалехь пенальташца лондонан «Арсенал» а иэшош, ткъа цул тӀаьхьа УЕФА Суперкад баьккхира мадридан «Реал» иэшийна. Иштта клуб хилира Европан ткрнирашкахь толам баьккхина дуьххьарлера туркойн команда.

Хаджи Георге «Галатасарайн» коьрта тренер дарже юха вар аьтту болуш хилира: 2005 шарахь яьккхира Туркойчоьнан Кад.

«Галатасарайн» чоьтехь 21 толам бу Туркойчоьнан чемпионатехь, тӀаьххьарниг царех баьккхина 2017/18 шерийн чемпионатехь.

Клубан ламастан духар — можа-цӀиен футболкаш, цӀиен шорташ а, пазаташ а. Ӏали Сами Ена харжира цӀиен-можа бос, цӀеран а, ницкъан а символ ю аьлла.

Луьра мостагӀа клубаш ю кхин Истмалан клубаш «Фенербахче» а, «Бешикташ» а.

2008 шарахь клуб рогӀехь мехкан чемпион хилла, амма юкъара дӀаваьлла 2 «дийна воллушехь туьйра хилларг»: Хьакан Шукюр левзина ваьлла, ткъа Бурук Окан шина шаранна контракт яздина «Истанбул ББ» клубаца.

2010 шеран 21 октябрехь «Галатасарайн» юха а коьрте хӀоьттира Георге Хаджи[2][3]. 2011 шеран мартехь «Галатасарайн» куьйгалло сацам бира Хаджи балхара дӀаваккха[4].

Шен исторехь уггаре а гӀуо шерал тӀаьхьа (8-гӀа меттиг 2010/2011 шарахь), «Галатасарайн» футболисташ берриг аьлча санна хийцабелира, техникан куьйгалле юха веира Фатихь Терим, тӀаккха шолгӀачу шарахь клуб чемпион хилира.

2013 шеран Ӏай клуб юкъа веира Уэсли Снейдер а, Дидье Дрогба[5] а. 2012/2013 шарахь немцойн «Шальке-04» шина матчан 3:4 чоьтаца иэшийна «Галатасарай» Чемпионийн Лигин 1/4 финале кхечира[6].

КхиамашНисъе

Чоьхьара къовсамашНисъе

Дуьненаюкъара къовсамашНисъе

Кхин кхиамашНисъе

  • Uhrencup:
    • Кад баьккхина: 2016

СтадионНисъе

«Галатасарайн» цӀера стадион ю керла шортта функцеш йолу «Тюрк Телеком Арена», иза лаьтта Истмала гӀалан Шишли кӀоштахь, Туркойчоь. Аренан чухоам 52 650 стаг.

«Ӏали Сами Ен» тӀиера дӀакхалхар Ӏалашо йолуш дара тишъелла стадион туркойн футболан хьашташца йогӀуш йолу керла ареница хийца.

2007 шеран 13 декабрехь правительствон хьаькмаша дакъа а лоцуш керла стадионан бух биллира. ГӀишлояран мах бара €128 млн.

 
Хаза перфоманс «Тюрк Телеком Арени» тӀехь.

2008 шарахь Туркойчоьнан футболан федерацис сацам бира Футболах ловзарех Европан чемпионат 2016 шайн махкахь ян кехаташ чудала, тӀаьхьуо Европан чемпионат 2020 а.[7] Оцу сацамо хийцамаш бан безийтира стадионан проектехь, иза пайденна хилийтархьама Европан чемпионатан ахфиналан декъан матчашна УЕФАн стандарташца.

Стадионан цӀе яла бакъо йоьхкира 10 шаран йоккхачу телекоммуникацин Türk Telekom компанин $100,5 млн.

Даздарца дӀайиллира керла «Тюрк Телеком Арена» 2011 шеран 15 январехь доттагӀаллин матчца футболан клубашна «Галатасарайн» а, «Аяксан» а юкъахь. Матч чекхъелира 0:0 жамӀаца.[8] 1933 шарахь дуьйна клубан муьтӀахь болу хьовсархойн лаам кхочуш хилира 77 шо даьлча.[9]

«Галатасарайн» керла стадионера хьалхара официалан матч еира «Сивасспоран» дуьхьала, иза чекхъелира 1:0 хӀусамдайн толамца. Хьалхара гол керла аренехь туьйхира Туркойчоьнан гулйина командан турслочо Четин Сервета.[10]

2011 шеран 18 мартехь «Фенербахчен» дуьхьалчу матчехь хӀоттийра спортан аренашкара гӀовгӀан дуьненан рекорд децибелашкахь. Иза хилира 131.76 дБ, юкъаяхара «Гиннессан рекордийн жайнан».[11][12]

Клубан беснаш а, духар аНисъе

Официалан клубан беснаш[13]Нисъе

Бос Пантон CMYK Hex код
1235 C%0 M%30 Y%100 K%0 #FCB514 я #FFB517
201 C%0 M%100 Y%65 K%34 #A32638 я #B50043

ЭкипировкаНисъе

 

Мур Арахецнарг Спонсор
1977-1978 Дац Volvo / PeReJa
1978-1979 Дац
1979-1982 Telefunken
1982-1983 MEBan
1983-1985 Telefunken
1985-1986 Adidas Denizcilik Bankası
1986-1991 TürkBank
1991-1992 Umbro ADEC Saat / Show TV
1992-1995 Show TV
1995-1997 Adidas VakıfBank
1997-1998 Bank Ekspres
1998-2000 Marshall Boya
2000-2001 Telsim
2001-2002 Lotto Aria
2002-2004 Umbro
2004-2005 Avea
2005-2009 Adidas
2009-2011 Turk Telekom
2011- Nike

Тренерийн жамӀашНисъе

Туркойчоьнан лиган чемпионаш (21)
Шо Тренер
1961/62   Килич Гюндюз
1962/63   Килич Гюндюз
1968/69   Калеперович Тома
1970/71   Бирч Брайан
1971/72   Бирч Брайан
1972/73   Бирч Брайан
1986/87   Дерваль Юпп
1987/88   Дерваль Юпп
1992/93   Фельдкамп Карл-Хайнц
1993/94   Холлманн Райнер
1996/97   Терим Фатихь
1997/98   Терим Фатихь
1998/99   Терим Фатихь
1999/00   Терим Фатихь
2001/02   Луческу Мирча
2005/06   Геретс Эрик
2007/08   Гюлер Джеват
2011/12   Терим Фатихь
2012/13   Терим Фатихь
2014/15   ХьамзаохӀлу Хьамза
2017/18   Терим Фатихь
Туркойчоьнан кад баьккхинарш (17)
Шо Тренер
1963   Килич Гюндюз
1964   Килич Гюндюз
1965   Килич Гюндюз
1966   Килич Гюндюз
1973   Бирч Брайан
1976   Демиркан Фетхьи
1982   Бирч Брайан
1985   Дерваль Юпп
1991   Хельд Зигфрид
1993   Фельдкамп Карл-Хайнц
1996   Сунесс Грэм
1999   Терим Фатихь
2000   Терим Фатихь
2005   Хаджи Георге
2014   Роберто Манчини
2015   Хьамза ХьамзаохӀлу
2016   Рикеринк Ян Ольде
УЕФА Кад баьккхинарш (1)
Шо Тренер
2000   Терим Фатихь
УЕФА Суперкад баьккхинарш (1)
Шо Тренер
2000   Луческу Мирча

Коьрта ловзархойНисъе

2019 шеран 7 январан хьолан
Меттиг ЦӀе Вина шо
1   Ков Фернандо Муслера 1986
13   Ков ИсмаӀил Чипе 1995
2   Турс Мариано 1986
3   Турс Майкон 1988
5   Турс Ахмет Чалык 1994
14   Турс Мартин Линнес 1991
19   Турс Ӏумер Байрам 1991
26   Турс Семих Кая 1991
27   Турс Кристиан Люиндама 1994
33   Турс Эмре Ташдемир 1995
55   Турс Юто Нагатомо 1986
8   АТ Сельчук Инан Кеп:Капитан спорт 1985
10   АТ Юнес Беланда 1990
Меттиг ЦӀе Вина шо
15   АТ Райан Донк 1986
17   АТ Баду Ндиайе 1990
20   АТ Эмре Акбаба 1992
25   АТ Фернандо Режес 1987
35   АТ Юнус Акгюн 2000
88   АТ Мугдат Челык 1990
89   АТ Софьян ФегӀули 1989
9   ТӀел Эрен Дердийок 1988
11   ТӀел Синан Гюмюш 1994
21   ТӀел Генри Оньекуру 1997
22   ТӀел Костас Митроглу 1988
91   ТӀел Мбайе Диань 1991

ГӀарабевлла ловзархойНисъе

ИсбаьхьаллехьНисъе

Клуб хьахайо российн Сплин рок-тобан «Географин Ӏамола» эшарахь («Галатасарай кхана тоьлур ю Лондонехь!»), ткъа иштта российн кинофильмехь «Харжамийн де».

Дог лозаршНисъе

2011 шеран 18 мартехь Туркойчоьнан чемпионатан 26-гӀа туран ловзарехь «Галатасарайн» а, «Фенербахчен» а фанаш цхьаьна керла рекорд хӀоттийра гӀовгӀан тӀегӀанца спортан къовсамашкахь. Цара яьккхира 131,76 децибел бараме кхочу гӀовгӀа.

И гайтам спортан къовсамашкара гӀовгӀан тӀегӀанца уггаре диканиг бу. Гиннессан рекордийн жайнан векалш дӀаяздира и фанатийн кхиам.

БизнесНисъе

«Галатасарайн» долахь туьканийн маша бу (ерриг 88), Galatasaray Store, цара духку клубан сурсаташ Туркойчу, Германе, Къилбаседа Кипре. Туьканаш ю Истмалаехь (36), Анкарахь (6), Антальяхь (4), Измирехь (4), Коньяхь (3), Самсунехь (2), Аданехь (2), Бурсехь (2), Айдынехь (2), Бакохахь (1)[14][15].

Клубан ю букмекерийн контора, «GS Bilyoner»[16]; Страховой компани, «GS Sigorta HDI»[17][18]; Интернет-провайдеран компани «GSNET»[19][20] , туристийн агенталла, GSTRAVEL[21], туристийн агенталла, форекс компани «GSForex»[22][23], лахаран компани «GSYandex»[24][25].

БилгалдахаршНисъе

  1. Рейтинг УЕФА для клубов
  2. Kamuoyuna Açıklama (туркойн мотт). Galatasaray.org (21.10.2010). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 1 мартехь. Теллина 2010 шеран 21 октябрехь.
  3. Hagi neuer Trainer von Galatasaray Istanbul (нем.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). transfermarkt.de (21.10.2010). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2010 шеран 23 октябрехь. Теллина 2010 шеран 21 октябрехь.
  4. «Галатасарай» официально подтвердил отставку Хаджи
  5. Didier Drogba Transferi Hakkında Açıklama
  6. Звёзды в тени, но «Галатасарай» в четвертьфинале
  7. Турция подала заявку на проведение ЧЕ 2020(оьр.)
  8. Матч открытия(туркойн мотт)
  9. История стадиона Ӏали Сами Ен(туркойн мотт)
  10. Первый официальный матч(туркойн мотт)
  11. Мировой рекорд шума на спортивных аренах Архивацийина 17 апрелехь 2012 шеран.(ингалс.)
  12. Мировой рекорд шума на стадионе Архивацийина 20 мартехь 2011 шеран.(туркойн мотт)
  13. GALATASARAY_MEDIAKIT
  14. GS Store Official Website Архивацийина 1 июлехь 2014 шеран.
  15. GS Store Germany
  16. Vatan Newspaper(ТӀе цакхочу хьажорг)
  17. Sigortam.net
  18. Official Website(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). GSSigortaHDI. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 16 июлехь. Теллина 2012 шеран 12 июнехь.
  19. GS NET Official Website
  20. Galatasaray.org
  21. GS Travel Official Website. Galatasaray SK. Теллина 2013 шеран 11 сентябрехь.
  22. GSForex. GSForex. Теллина 2013 шеран 31 октябрехь.
  23. FXTCR ile Sponsorluk ve İşbirliği Anlaşması İmzalandı(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Galatasaray SK. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 18 февралехь. Теллина 2013 шеран 31 октябрехь.
  24. Galatasaray, Yandex İşbirliği ile Dünyada Bir İlke Daha İmza Atıyor
  25. GSYandex Official Website

ХьажоргашНисъе