ХӀокху агӀонан йац хьаьжжина версеш, хила мега, цуьна дикаллин мах ца хоттийна болучу барамца.

Отто Мориц Валтер Модел de(24.01.1891 - 21.04.1945) вара Шуренан шолгlaчу тleман муьрехь лоьмсойн инарла-фелдмаршалл. Тloм дlaболалучехь и танкийн дера буьйранча волушехь иза вевзина ву дуьхьалонан тleман говзанча санна. 1941-42-чу шерашкахь цо 9-чу суран буьйранча волушехь баьккхина болу кхиамаша билгалбаьккхира цуьнан кхидla хир болу белхан некъ.

Валтер Модел
лоьм. Walther Model
Харц цӀе «Хlитлерин цleйайъархо» , «Йухаваларан говзанча» , «Дуьхьалонан похlме саг»
Вина терахь 24.01.1891
Вина меттиг Гентин , Лоьмсойн шуре
Кхелхина терахь 21.04.1945 (54 шо)
Кхелхина меттиг Ратинген , Лоьмсойн мохк (рейх)
Пачхьалкх Германин импери Лоьмсойн шуре
Германи Веймаран Пачхьалкх
КхоалгӀа рейх Лоьмсойн мохк
Эскаран тайпа Лоьмсойн паччахьан сур
Шуренан дуьхьало
Вермахт
Дарж
Инарла-фелдмушир
Куьйгалхо 3-гla танкийн дивизи
41-гla танкийн корпус
9-гla сур
Суран тоба «Невре»
Суран тоба «Невренан Украина»
Суран тоба «Йукъ»
Суран тоба «Б»
Бусехь Тур-да
ТӀемаш Шуренан хьалхара тloм
Шуренан шолгla тloм
СовгӀаташ

Модел дуьххьара Xlитлера тидаме лецира Шуренан шолгla тloм болабале , амма церан гергарло гена ца делира 1942-гla шо кхаччалц. Цо къар ца луш бечу тlамо а , цуьнан нацистийн роже йолу муьтlaхьалло а шена Xlитлер реза хилар а , иза цуьнан шен уггар тоьллачу буьйранчех цхьаъ хетийтар даьккхира.Цо цундела цхьазза вахийтина ца laш вогlyьйтура и лоьмсойн уггар хьал кleлдисинчу меттигашка суран «Невренан Украина» а , «Невре» а , «Йукъ» а тобанийн куьйгалхо санна.

1944-чу шеран хьаттан баттахь Можел хьажийнера Бусенан фронте суран «Б» тобанан бlaкуьйгалхо санна.Цуьнан Xlитлерица йолу йуккъаметтиг телхинера лоьмсой Арденнан тleлатарехь эшийнчул тlaьхьа. Суран «Б» тоба йох а йина Руран гоне лаьцначул тlaьхьа ша-ша вийра 1945-чу шеран оханан 21-чу баттахь.