КхоалгӀа рейх — 1933-чу-1945-чу шерашкахь Немцойн Национал-социалистийн белхан партин Ӏазалла (диктатура) йолчу хенахь хилла Германхойн пачхьалкх йу. 1943 шо кхаччалц цуьнан цӀе «Германхойн рейх» (нем. Deutsches Reich) йара, цул тӀаьхьа «Сийлахь-йоккха рейх» (нем. Großdeutsches Reich) йара. Оьрсийн историографехь «гитлеран Германи», «нацистийн Германи», «КхоалгӀа рейх», «фашистийн Германи» цӀераш лелайо. ШолгӀа дуьненан тӀом дӀабирзинчул тӀаьхьа Сийлахь-йоккхачу рейхан пачхьалкхан структурийн белхаш сецна.1933-чу-1945-чу шерашкахь Германин нацистийн куьйгалло дӀахьуш хила къиза чоьхьара а, арахьара а политика. Оцу политикин вовшахтохархошна Нуьрнберган процессехь кхиэл йина. НСДАП-ан куьйгалла а, кхийолу Германин нуьцкъаллин структураш а — СС (иштта СД) а, гестапо а — зуламе кхолламаш хилар тӀечӀагӀдина ду.

Гитлер волчу хенахь Германи тоталитаран пачхьалкх йара. Йерриг дахаран аспекташна тӀехь мехка урхалло контроль латтош йара. КхоалгӀа рейх «КхоалгӀа паччахьалла» йа «КхоалгӀа импери» бохург ду. Цундела нацисташ дийцарехь Нацистийн Германи хьалхалерчу Сийлахьчу Руман империн (800—1806) а, Германхойн империн (1871—1918) а верас йара.

1945-чу шеран хӀутосург-баттахь шийтта шарахь Гитлерс а, нацисташ а Эзар шо долу рейх олу КхоалгӀа рейх йуьйхира. Оцу шарахь бартхоша Германи хӀаллакйира, Европехь ШолгӀа дуьненан тӀом берзира.

1933-чу шарахь кхолламан-беттан (январан) 30-чохь Веймар Республикин президенто Пауль фон Гинденбургас Гитлер Германин канцлер хӀоттийра. Канцлер мехка урхаллин куьйгалхо вара цу хенахь. Цул тӀаьхьа Нацистийн партис йерриг политикин оппозици дӀайаьккхира, иштта шен берриге а ницкъаш вовшахтоха йолаелира.

1934-чу шарахь хьаьттан-беттан (августан) 2-чу дийнахь Гиндербург кхелхинчул тӀаьхьа Гитлер Германин диктатор хӀоьттира. Цо вовшахтуьйхира канцелярин, паччахьан даржаш а, бакъонаш а. 1934-чу шеран хьаьттан-беттан (августан) 19-чохь дӀйаьхьна референдумо Гитлер Германин цхьаъ бен воцу фюрер хилар тӀечӀагӀдира. Дерриг Ӏедал Гитлеран карахь дара, ткъа цуьнан дош лакхара бакъӀедал дара.

Сийлахь-йоккха депресси йолчу муьрехь нацисташа йаккхий тӀеман харжаш йарна а, ийна экономика лелайарна а экономика меттахӀоттийра, белхан къоьлла хилар проблемаш йерзира. Дефицитан харжаш лелайар бахьана долуш, дӀахӀоттамо (режимо) тӀеийцира герз хийцаран къайлаха йолу программа. Цу хьокъехь адамашлахь дӀахӀоттам безар лакхаделира.

Расизм, нацистийн евгеника, къаьсттана антисемитизм а йара дӀахӀоттаман идеологин коьрта башхаллонаш. Нацисташ германхойн къаьмнаш олалла ден раса санна къастош дара, уьш арийн расин уггар цӀена га ду олура цара. Ӏедал дӀалацарца доладелла жуьгташна а, цигоншна а тӀехьажийна дискриминаци йар. Хьалхара концентрационни лагерш йиллина 1933-чу шеран бекарг-баттахь (мартехь). Жуьгтий а, кхиболу урхалло «ца оьшуш» санна лору нах а набахте хьажийра, ткъа либералаш, социалисташ, коммунисташ бойъура йа набахте кхачабора, ишта махках баьхна меттигаш хилла.

Гитлеран урхаллин дуьхьал девла керстанийн килсаш а, махкхой а Ӏазапехь латтабора, церан хьалханчаш набахте хан такха хьажийна.

КхоалгӀачу рейхан дешаран бух бара — расийн теори, тӀеман гӀуллакхдар, демографин политика.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан