Вентиля́ци (схьадаьлла лат. ventilatio — мохкхетийтар) — чура бехдина хӀаваъ арарачуьнца хийцина дӀадаккхаран процесс. Оьшучу меттигашкахь йо: хӀаваан кондиционировани, фильтраци, дохдар я шелдар, тӀундар я дакъадар, ионизаци, кхин дӀа а. Вентиляцис латтадо хӀусам чуьра хӀаваан санитарин-гигиенан хьолаш (температура, дустаран тӀуналла, хӀаваъ леларан сихалла, хӀаваан цӀоналла), до уьш адаман могашаллин, дегӀан хьолан дика тамехь, санитари барамашца, технологин процессашца, гӀишлош яран конструкцешца, Ӏалашдаран технологица догӀуш.

Араозо а, чуозо а вентиляци

Иштта техникехь оцу терминца кхетайо гӀирсан оцу Ӏалашонна лерина система.

Историн очерк

бӀаьра нисйан
 
Петарбухан метрополитенан вентиляцин шахта

Къевланчу чоьнаш чохь йина вентиляцин цхьацца белхаш лелийна ширачу заманахь а. XIX бӀешо доладалале чоьнийн вентиляци, дукхах дерг, чу арара мох кхетийтар дара. Харшнаш а, биргӀанаш а чухула ша хӀаваъ леларан теори кхоьллина М. В. Ломоносовс. 1795 шарахь В. X. Фрибес дуьххьара дийцина коьрта хьолаш, арахьара нилха гуонан, неӀаршна, корашна юккъехула йоххочу хӀусамехь хӀаваъ хийцаран жигаралла билгалйоккху, цуо юьхьиг йолийра нейтралан зонийн Ӏамолина.

XIX бӀешо долалуш кхуьу хӀусаман чудогӀу а, арадоккху а хӀаваъ йовхоно самдоккху вентиляци. Российн Ӏилманчаша билгалдоккхура дика ца хилар иштта тайпана самдаккхар а, цуьнца йеш йолу йовхонан харж а. Академика Э. X. Ленда билгалдоккхура, юьззина вентиляци механикин хьесапца бен ян луш ца хилар.

Центробежни вентиляторш юкъадовларца чоьнийн вентиляцин технологи сиха кхуьу. Дуьххьарлера аьттонца болх бен центробежни вентилятор гайтира 1832 А. А. Саблуковс. 1835 и вентилятор лелийра Алтайхь Чагирски рудникан на мохкхетийтуш. Саблуковс кховдийра иза чоьнашна, кеманийн трюмашна вентиляцин, якъор сихдархьама, Ӏаьнаре далийтархьама, кхин дӀа а. Шуьйра яьржина хӀаваъ лелар механикца самдаккхаран вентиляци XIX бӀешо чеккхенгахь дуьйна.

Вентиляцин а, дохден гӀирсан а областера баккхийчу Ӏилманчех цхьаъ вара профессор В. М. Чаплин.