Верещагин, Василий Васильевич

Вереща́гин Васи́лий Васи́льевич (14 (26) октябрехь 1842, Череповец31 мартехь (13 апрелехь) 1904, Порт-Артур) — Оьрсийн суртдиллархо а, литератор а, уггаре гӀарабевллачу исбаьхьалчех-баталихойх цхьаъ.

Верещагин Василий
Верещагин Василий Васильевич
Сурт
Вина терахь 1842 шеран 14 (26) октябрь[1]
Кхелхина терахь 1904 шеран 31 март (13 апрель)[1] (61 шо)
Кхелхина меттиг Порт-Артур, Квантунан область, Россий импери
Пачхьалкх:
СовгӀаташ: Сийлахь Георгийн 4 тӀеганан орден
Сийлахь цӀе: ИИА профессор (1874)
Куьг таӀор: Lua гӀалат Модуль:Wikidata чохь 318 могӀанан тӀехь: МаьӀна гойту функци ца карийна..
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Биографи нисйе бӀаьра

 
Череповец. 1850 шо кхаччалц В. Верещагин ваьхна музей-цӀа
 
В. Верещагин ХӀордан кадетийн корпус чакхйаьккхинчу муьрехь (Шпаковскийн сурт тӀера, 1860 ш.)

Верещагин Василий Васильевич вина  1842 14 (26) октябрехь Череповецехь (Новгородан губерни, хӀинца Вологдин областан) меттигера эллин баьччин доьзалехь. Дерриг, исбаьхьалчин ден Верещагин Василий Васильевичан а, ненан Верещагина Анна Николаевнин хилира 11 бер[2], амма царех диъ (Наталья, 2 Алексей, Анна) делира бераш долуш. Уггаре вевзаш вара исбаьхьалчин кхо ваша. Уьш хӀиттийра тӀеман-дешаран меттиге. Кегийнаш, Сергей (1845—1878) а, Александр а (1850—1909) хилира профессионалан тӀемлой; воккхахаверг, Николай (1839—1907) флотехь гӀуллакхехь, амма дукха хан йалале мукъа а ваьлла, йукъараллин гӀуллакххо хилира. Михаил (1816-1922) а, Алексей (1819-?) а, йиша Мария (1851-?) а бисира алсама гӀарабевллачу вежарийн ӀиндагӀехь.

 
В. Верещагин дуьххьара Кавказе вахча

1850 шарахь вешица Николайца из адӀавелира Александровн кадетийн кӀезиг хан йолчеран корпус[3]. Цул тӀаьхьа дийшира ХӀордан кадетийн корпусехь, иза чекхйаьккхича, йоцучу хенахь гӀуллакхех хилла, керла вина мичман мукъавелира, дӀахӀоьттира петарбухан исбаьхьаллин Академе, цигахь дийшира 1860 – 1863 шерашкахь А. Т. Марков, Ф. А. Моллер, А. Е. Бейдеман. Академи йитина, дӀавахара Кавказе, цигахь Ӏийра шарахь гергга. Цул тӀаьхьа дӀавахара Париже, 1864—1865 шерашкахь дийшира, болх бира Жероман куьйгаллица.

1865 шеран мартехь Верещагин йухавеира Кавказе, кхин дӀа суьрташ дахка волавелира тӀехьожуш.

1865 шеран гурахь Верещагин хилира Петарбухехь, цул тӀаьхьа йухавеира Париже, кхин дӀа дешархьама. 1865—1866 шеран Ӏа даьккхира, Парижан академехь доьшуш. 1866 шеран бӀаьста, шен дешар чекхдаьккхина, исбаьхьалча даймахка цӀа вирзира.

1867 шарахь хазахетарца тӀеийцира Туркестанан инарла-губернаторо инарла К. П. Кауфмана ша волчохь исбаьхьалча хила аьлла кховдийна болх. 1868 шеран 2 майхь оьрсийн эскарша Самарканд схьайаьккхинчул тӀаьхьа цига веина, Верещагинан тӀом бан бийзира, кӀеззиг оьрсийн салташца лайра шахрисабзан бекаша, ций-кипчакийн тайпанаша, гӀевттина меттигера бахархоша, гӀалин чӀагӀонна гуо бар. Самаркандан чӀагӀо ларйарна Верещагинна совгӀат дира Сийлахь Георгийн 4 тӀеганан орденца (1868 шеран 14 августехь)[4], иза цуо кураллица лелайора, цхьан а совгӀат дезаш воцушехь:

Самаркандан бухарахойн тобанаша чӀагӀонна бархӀ дийнахь гуо латтош, прапорщика Верещагина майра масалца ир-кара хӀиттийра гарнизон. 3-гӀачу июнехь мостагӀ дуккха а массица кевнашна тӀе а кхаьчна, йаккхий тоьпашна тӀекхаьчна, кхиира дерриг саьккалш дӀалаца, прапорщик Верещагин, детта тӀулгашка а, йетта тоьпашка а ца хьоьжуш, карахь топ йолуш араиккхина, шен турпала масаллица чӀагӀонан майра турслойн дог айира

1869 шеран йуьххьехь Кауфмана накъосталла дина «туркестанан гайтам» бира коьрта шахьрахь, цигахь гайтира Ташкентехь, Самаркандехь, кхазакхийн аренашкахь Туркестанехь йаздина шен белхаш. Гайтам чекхбаьлча Верещагин йуха а вахара Туркестанан регионе, амма Сибрехахула.

хӀинца исбаьхьалчо некъ бира ВорхӀэркехула а, Къилбаседа-Малхбузен Цийчоьхула. ВорхӀэркан а, ГӀиргӀазойчоьн а лерина Верещагинан суьрташ йукъахь ду Хьал долу гӀиргӀазойн таллархо лечанца, лаьмнийн куц Лепсин гӀалин гергахь, Чу эркан тогӀенийн, Иссык-Куль Ӏоман, ГӀиргӀазойн дукъан, Тянь-Шанера Нарынан лайн баххьаш. Пхи сурт Верещагина диллина лаьмнашкахь Иссык-Кулан гергахь, царех уггаре къегинарг — «Барскаун чекхдовлийла». Цуо суьрташ дехкира Бооман чӀожехь, вахара Алаколь Ӏам тӀе, хьалавуьйлура Алатаун лекха даккъашкара лам хадорашна тӀе.

Оцу хенахь Малхбузен Цийчохь богдыханан эскарша дӀатебеш бара дунганаш (Цийчуьра бусалбанаш), цара ворхӀ шо хьалха Шэньси провинцехь гӀаттман байракх айинера. Жима тӀаьхьа дунганийн гӀаттамо дӀалецира Кульджин мохк. Керла Кульджин (Хуэй-Юань-Чэн) а, Чугучакан а урамашкахь Ӏохкура чимман лаьмнаш а, адамийн даьӀахкаш а. Верещагина халахетарца меттигера шахьрийн саьлнийн суьрташ дохкура. ГӀарадаьлла сурт «ТӀеман апофеоз» диллина Кашгаран къизачу паччахьо Валихан-торес европахойн новкъахо виен омар а делла, цуьнан корта кхечу дайина адамийн тутанех йина пирамидин боьххье билла аьлла омар дина, оцу дийцаро дог дохийна диллина.

Исбаьхьаллин агӀора Верещагинан Туркестан йоккхучу тӀемашкахь дакъа лацаран битамаш бара, ткъа 1869 шарахь цига шолгӀа некъ баро, цунна материал йелира къегина суьрташна, масала, «Чубахкийта», «Чубаьхкина», «Гуо бина», «ТӀаьхьабевлла», «Тешшийтина тӀелетта», кхин а, уьш йукъадахара йоккха «Туркестанан серин», уьш исбаьхьалчо дехкира Мюнхенехь 1871—1874 шерашкахь, Европехь а, Россехь а боккха аьтту хилира церан[5].

Галерей нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. 1 2 Большая советская энциклопедия: [в 30 т.] / под ред. А. М. Прохоров — 3-е изд. — М.: Советская энциклопедия, 1969.
  2. Починюк О.П. Верещагины. России славу умножая. — СПб: Северославянское бюро рекламы, 2008. — С. 83. — 152 с. — ISBN 978-5-91542-018-1.
  3. Мемориальная доска В. В. Верещагину Архивйина 2019-02-25 — Wayback Machine // Санкт-Петербург : Энциклопедия / Науч. ред.: Б. Ю. Иванов, И. С. Ряховская, О. А. Кубицкая, К. А. Залесский; Редкол.: Б. В. Ананьич, Г. В. Вилинбахов, Е. Ю. Гениева, Д. А. Гранин (пред.), Я. А. Гордин, В. А. Гусев, Б. Ф. Егоров, В. Н. Зайцев, А. И. Комеч, А. Д. Марголис (отв. секретарь), С. В. Мироненко, М. Б. Пиотровский, А. Б. Рогинский, Т. А. Славина, А. А. Фурсенко. — 2-е изд., испр. и доп. — СПб.: Бизнес-пресса; М.: РОССПЭН, 2006. — 1021, [3] с. : ил., цв. ил., карт. — ISBN 5-8110-0107-X
  4. Ежегодник Русской армии на 1869 год. Ч. 2. — СПб., 1869. — С. 282.
  5. Чернышева М. А. Новый взгляд на феномен реализма: о фотографическом проекте художника Верещагина и генерала Кауфмана // Ab Imperio. — 2015. — № 4. — С. 379—413. — ISSN 21664072.

Литература нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра