Верольский, Юрий Борисович
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Верольский Юрий Борисович (1929 шеран 6 апрелехь, Соьлжа-ГӀала — 2004 шеран 30 майхь, Тамбов) — советийн а, российн а йаздархо, литературхо, Нохч-ГӀалгӀайн АССР йаздархойн бертан декъашхо (1991 шо), РСФСР Халкъан серлонан тӀехдикахо (1964 шо), Нохч-ГӀалгӀайн АССР Хьакъдолу оьздангаллин белхало (1988 шо).
Верольский Юрий Борисович | |||
---|---|---|---|
Вина терахь | 1929 | ||
Вина меттиг | Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, ССРС | ||
Кхелхина терахь: | 2004 шеран 30 май | ||
Кхелхина меттиг: | Тамбов, Росси | ||
Гражданалла: | ССРС → Росси | ||
ГӀуллакхан тайпа: | прозаик, поэт, литературхо | ||
Жигара шераш: | 1960-2004 | ||
Произведенин мотт: | оьрсийн | ||
СовгӀаташ: |
|
Биографи
бӀаьра нисйанВина 1929 шарахь гӀуллакхехь болчеран доьзалехь. 1952 шарахь чекхйаьккхина Соьлжа-ГӀалин хьехархойн институтан историн-филологин факультет. 1952 шарахь оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо болхбан волавелла Туркестанан-Сибрехан цӀерпоштнекъан Защита станцера йуккъерачу ишколехь. 1954—1961 шерашкахь Соьлжа-ГӀалара № 106 йолчу йуккъерачу ишколан хьехархо вара.
1960—1995 шерашкахь болхбина Нохч-ГӀалгӀайн хьехархойн институтан литературин кафедрехь. Ассистент тӀиера доцент тӀекхаччалц дӀавахана. Литература, мохкӀамор, педагогика, литератураӀамор ишколехь хьехаран гӀуллакхаш хьоьхура. Литературин хьехархочун гӀоьнна Ӏилманан-практикан конференцешкара методикан гуламаш хӀитта а йора, редакци а йора.
Хьехархо а, литературин мохкӀаморан говзанча а санна лар йитина ца Ӏаш, Нохчийн Республикера дуккха а бевзаш болу йаздархойн, журналистийн, йукъараллин гӀуллакххойн хьехамхо хилира цунах. Соьлжа-ГӀалахь литературин-мохкӀаморан музей йан дагадеанчарех цхьаъ вара. Хилла штатехь воцу «Соьлжа-ГӀалин белхало», «ГӀебартойн-балкхаройн бакъдерг», «Тамбовн дахар» газетийн корреспондент. Зорбатоьхна «Дон», «Халкъан дешар», «Литература ишколехь», кхин а журналашкахь.
1995 шарахь Нохчийчохь тӀом хилар бахьнехь кхалха дийзира Тамбов. Болхбира Тамбовн дешаран белхалойн квалификаци айаран институтан гуманитаран дисциплинаш хьехаран кафедран доцент[1][2].
Библиографи
бӀаьра нисйан- «Литературин-мохкӀаморан болх ишколехь» (Соьлжа-ГӀала, 1961 шо);
- «Нохч-ГӀалгӀайчоь оьрсийн советийн литературехь» (Соьлжа-ГӀала, 1965 шо);
- «Кавказо динарш» (Соьлжа-ГӀала, 1980 шо);
- «Пушкинан тачанаш тӀехула» (Тамбов, 1999 шо).
Байтийш гуламаш
бӀаьра нисйан- «Ленинан урам» (Соьлжа-ГӀала, 1960 шо);
- «Синтем байна латта» (Соьлжа-ГӀала, 1984 год);
- «Къилбехьа кораш» (Соьлжа-ГӀала, 1991 год);
- «Дийнан шорте. Нохчийчоь-Тамбов» (Тамбов, 1996 год).
Литература
бӀаьра нисйан- Адиз Кусаев. Поиски и находки краеведа // Столица+ : газета. — 2004. — № 21. — С. 7.
- Юбилей // Вайнах : журнал. — 2009. — № 4. — С. 32.