Вилайет
Вилайе́т (вилаят, велаят, вилоят, вилайа; Ӏаьр. ولاية wilāyah, кхазакх. уәлаят, гӀаж. ولایت, пушту ولایت, суахили wilaya, тадж. вилоят, туркм.welaýat, турк. vilâyet, узб.viloyat) — коьрта меттиган административни кхоллам бу цхьайолчу Къилба Африкин, Уллора, Йуккъера Малхбален пачхьалкхашкахь.
Болуш болу административни кхолламаш
бӀаьра нисйан- ОвхӀан — вилаят (провинци) (хьаьжа ОвхӀанан административан декъадаларш);
- Алжир — вилайет (хьаьжа Алжиран административан декъадаларш);
- Малайзи — вилайа персекутуан (федерацин латта) (хьаьжа Малайзин административан декъадаларш);
- Таджикистан — вилоят (хьаьжа Таджикистанан административан декъадаларш).
- Танзани — вилая (хьаьжа Танзанин округаш)
- Тунис — вилайет (говернорат) (хьаьжа Тунисан административан декъадаларш);
- Туркойчоь — вилайет (иль, ил) (хьаьжа Туркойчоьнан административан декъадаларш);
- Туркмени — велаят (хьаьжа Туркменин административан декъадаларш).
- Узбекистан — вилоят (хьаьжа Узбекистанан административан декъадаларш).
- Ӏоман — вилайет (хьаьжа Ӏоманан административан декъадаларш).
ДӀакъевлина адмиминистративан кхолламаш
бӀаьра нисйан- Бухарин Халкъан Советийн Республика, Таджикийн АССР — вилайет, административнан кхоллам, шен барамца Европин Российн округаш йа уездаш санна хилла.
- Хункар-мохк — вилайет йа эялет (хьаьжа Хункар-мехкан административан декъадалар); нахана йукъахь и турцин административан кхолламах пашалык олура, схьадаьлла наха губернаторах олучу цӀарах — паши[1]. Хункар-мехкан коьртехь бейлербей а волуш йолу уггар йоккху тӀеман административан кхоллам. Бейлербейн дарж хилара везир а, паши а. XVII бӀешеран эйялетийн барам кхачара ткъе дейттанга. «Джихан-нюмахь» ялайо ший а термин — «эйялет» а, «вилайет» а (хьаьжа «Джихан-нюма», агӀо 410, 598).
- Кхазакхийн ханалла — валаят (уалаят). Иштта валаят олура дукха ца лаьттинчу Алашан автономера (1917—1920) автономин областех.