Вилиспет (ширачу французийн маттахь vélocipède, латинан маттахь vēlōx «сиха» а, pes «ког»)- чкъургаш йолу транспортан гӀирс бу, адаман мускулан ницкъашца тӀам тӀетаӀорца меттахйоккху иза. Вилспет хохкуш долчу адамех- вилиспетхо олу. 2 чкъург йолу вилиспет уггаре яьржина ю, иштта хуьлу кхо чкъург йолу вилиспет а.

Shorter 1980s bicycle.jpg

Шахьаран йукъараллин транспорт (атобусаш а, троллейбусаш а, тарамбайш а) гӀара а ялале, вилиспет дӀасалеларан гӀирс санна лелош яра. Вилспеташ лелайо туристаш а, спортхоша а. Таханлерачу дийнахь вилиспет лело меттигаш алсам а яккха цунна электрохьовзорг хӀоттайо.

Вилспетах пайдаэца болабелла 19-чу бӀешарахь. Ткъа 21-чу бӀешаран юьххьехь дуьненахь цхьа миллиард вилспет яра. Цу заманчохь машенал а дукхох яра вилспеташ. Цхьайолчу мехкашкахь уьш коьрта дӀасалеларан гӀирс бу. 

1885-чу шарахь зӀенан хьовзорг йолу вилспет кхоьллинчул тӀахьа тайпаналлин я «кхерамза» вилспетан кеп а, конфигураци а кхин баш хийца а ца елла. Цхьа бакъду, керла материалаш а, Computer-aided design система а юккъе яьллачул тӀаьхьа, цуьнан дукхах йолу деталаш тайина.

Вилиспет кхолларо оьздангаллехь а, керлачу индустрийн кепашкахь а боккха меттиг дӀалоцу.