Витрификаци йина фо́рташтӀулган пенийн витрификаци йина, аьлчи а цхьаццанхьа лалийна, ткъа царна йукъара херонаш аьнгаликепара юкъца юьзина, ларбаларан гӀишлош.

Сент-Сюзанн (Майен) (фр. Sainte-Suzanne (Mayenne)) гӀап-гӀалан витрификаци йина пенан дакъа. 2006 ш.

Йукъара хаамаш

бӀаьра нисйан

Термин «витрификации йина форт» (пен, вал) неолитан тӀиера кельтийн а, руман а муьре кхаччалц йолу диапазонера ширачу гӀишлошна догӀу[1]. Иза лаьтта гӀамаран тӀулгах, мокхазах я витрификаци йина царех терочух, аьлчи а йохйина аьнгали хуьлу температура тӀекхаччалц, иза ишттачу меттигехь 1100—1300 °С лахара ца хуьлу[2]. 200 иштта гӀишлош ю йисина[3] Европин доккхаха долчу декъехь, Британин гӀайренаш тӀехь, Францехь, Скандинавехь, Германехь, Мажаройчохь, Португалехь[4]. Теранаш ю кхечу дуьненан декъашкахь а, масала, хӀиндостанан Мохенджо-Даро. Дукхаха йолу гӀилош лаьтта гунаш тӀехь,лардала аьтту болчу позицешкахь. Церан тӀулгех а, тӀулг боьттина берамах а аьнгали дина, Ӏаьржа-баьццара бос цуьнан, фактура а тера ю пхьолгӀан юкъах. Цуьнца цхьаьна дукха хьолахь пенийн бохалла 20 метр сов хуьлу, стоммала 2,5, локхалла — 1 метр. Аьлчи а витрификаци йина гӀишлош ша-тайпа ца оьшу артефакт ю, хӀунда аьлчи эффект ян оьшура хенаца дукха а, боккха а йовхонан Ӏаткъам, ткъа ширачу заманахь ойла ян а хала ду ишттаниг[5][6].

Уггаре хьалха хьахийна витрификацин дакъанах цхьаъ ду Полиоркетика (шир.-желт. Πολιορκητικά)[7] цӀе йолчу, Димашкъера Аполлодоран[8] (II бӀешо долалуш хилла архитектор а, инженер) жайнахь.

Дуьххьарлера Ӏилманера куц гайтар а, витрификаци йина гӀишлошна тӀедерзар а XIX бӀешарахь хилира. Масала, 1806 шарахь французийн натуралиста Луиc Молнис (фр. Louis Maulny) а, 1811 шарахь историн очеркийн автор волчу Пьер Ренуар (фр. Pierre Renouard) а, 1829 шарахь археолог а, минералога а Жан-Мари Башло (фр. Jean-Marie Bachelot) а, 1862 шарахь Французийн археологин йукъаралла а, хьакхаелира тайп-тайпана витрификаци йина гӀишлошъяран аспектех[5].

Витрификаци яр схьадаларан гипотезаш

бӀаьра нисйан

Тахана ю ерриг а Ӏилманан йукъаралло тӀеэцна гипотезаш шира витрификации яр схьадаларх. Тайп-тайпана версешна юкъахь уггаре яьржира катастрофан цӀе тиллинарг, цуо мостагӀчо цӀе тесна хӀаллакйина боху. Амма цуо шеко дӀайоккхуш болу кхетам ца ло тӀулгийн гӀишлойн пенашна ехачу хенан а, чӀогӀа йовхонан а Ӏаткъам барх[1][9].

Хьажа иштта

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан