Вовченко, Николай Дмитриевич
Николай Дмитриевич Вовченко (1915 шеран 22 июль, Соьлжа-ГӀала, Терски область — 1991 шеран 13 март, Пятигорск, Ставрополан мохк) — капитан, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, 1-ра Белоруссин фронтан 5-гӀа армин 94-гӀа гвардин кхиссархойн дивизин 283-гӀа гвардин кхиссархойн полкан ротан куьйгалхо, Советски Союзан Турпал.
Николай Дмитриевич Вовченко | |
---|---|
Вина терахь | 1915 шеран 22 июль |
Вина меттиг | |
Кхелхина терахь | 1991 шеран 13 март (75 шо) |
Кхелхина меттиг | |
Дарж | лакхара лейтенант, капитан |
ТӀемаш | |
СовгӀаташ |
Биографи
бӀаьра нисйанВовченко вина 1915 шеран 22 июлехь Соьлжа-ГӀалахь белхалон доьзаллехь. Иза оьрсий вара. Цо чекхйаьккхира Новочеркасскан индустрин институт. Институт чекхйаьккхинчул тӀехь цо болх бира Соьлжа-ГӀалан теплоэлектроцентраль.
1942 шеран февраль дуьйна Вовченко ЦӀен Эскарехь вара. Цу хенахь иза фронте вахийтира. Вовченкос тӀом бира Воронежан а, 2-гӀа Украинин а, 3-гӀа Украинин а, 1-ра Белоруссин а фронташкахь. Цунна шиъ чов йинера. Цо чекхйаьккхира «Выстрел» курсаш[1].
Курсаш чекхйаьккхичан иза хӀоттийра 283-гӀа гвардин кхиссархойн полкан ротан куьйгалхо. Цо къаьстина майралла гайтира Магнушевски мостагӀийн дуьхьалон зӀе чекхъэккхарехь. 1945 шеран 14 январехь Бжозувка-Подосе юртан уллехь (Варка гӀалан къилбехьа, Польшехь) кхиамца тӀом чекхбеккхича цуьнан рота полкехь массарелла хьалха тӀекхечира Пилица хин тӀе, йодуш летташехь цу хих дехьа а йелла цо схьайаьккхира Пальчев гӀала (Польша).
1945 шеран 27 февралехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца гвардин лакхара лейтенантан Николай Вовченкон йелира Советски Союзан Турпалан цӀе[1].
1946 шо дуьйна Николай Вовченко тӀаьхьалонан капитан вара. Эскаран болх битинчул тӀаьхьа иза цӀа вирзира. 1968 шо кхаччалц иза Соьлжа-ГӀалан ТЭЦ-1 болх беш вара. 1968—1975 шерашкахь Казахстанан Мангышлакан областан Шевченко гӀалахь Ӏаш а, болх беш а вара. 1975 шарахь иза Соьлжа-ГӀала схьавеар. 1982 шарахь пенсе ваханчул тӀаьхьа иза Пятигорскехь Ӏаш вара. Велира 1991 шеран 13 мартехь. ДӀавоьллина Пятигорскехь[1].
СовгӀаташ
бӀаьра нисйан1945 шеран 27 февралехь Вовченкон йелира Советски Союзан Турпалан цӀе. Цул совнах цунна йелла Ленинан орден а (1945 шеран 27 февралехь), 1-ра даржан Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман орден а (1985 шеран 11 мартехь), ЦӀен Седан орден а (1944 шеран 7 июлехь), мидалш а[1].
Дагахьлаттавар
бӀаьра нисйанНиколай Вовченкон хӀоллам хӀоттийна Пятигорскехь йолчу «Турпаллийн Аллейхь»[2][1].