Воловодов, Борис Наумович
Борис Наумович Воловодов (1914 шеран 19 июль, Соьлжа-ГӀала, Терски область — 1943 шеран 3 ноябрь, Керчь, ГӀирман Автономин Советийн Социалистийн Республика) — кеманхо-штурмовик, лейтенант, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.
Борис Наумович Воловодов | |
---|---|
Вина терахь | 1914 шеран 19 июль |
Вина меттиг | |
Кхелхина терахь | 1943 шеран 3 ноябрь (29 шо) |
Кхелхина меттиг | |
Эскаран тайпа | авиаци |
Дарж | лейтенант |
ТӀемаш | |
СовгӀаташ |
Биографи
бӀаьра нисйанВоловодов вина 1914 шеран 19 июлехь Соьлжа-ГӀалахь белхалон доьзаллехь. 1938 шарахь цо чекхйаьккхира Херсонан кеманхойн инструкторин школа. И чекхйаьккхинчул тӀаьхьа цо кеманхо-инструктор болх бира Ставрополин а, Куйбышеван а аэроклубашкахь. 1942 шарахь Воловодов цо болх бира Эскаран хӀордан флотан авиацехь. Дуьххьура дӀа иза вара кеманхо-инструктор Эскаран хӀордан флотан кеманхойн школан хьехархо. 1943 шеран май дуьйна иза фронтехь вара. 1943 шеран сентябрь дуьйна Воловодов чекхйаьккхира авиацин звенон куьйгалхойн курсаш. Цул тӀаьхьа иза хьажийра Ӏаьржа хӀордан ТӀеман хӀаваан эскаран 11-гӀа штурман авиацин дивизин 47-гӀа штурман авиацин полке. Цигахь иза звенон а, эскадрилин а куьйгалхо. Цо дакъалецира Тамански ахгӀайре мукъаяккхуш а, Керчин ахгӀайрене десант охьаяссаеш я[1].
ТӀамехь дакъалацаран хенахь Воловодовс 15-за тӀемавелира мостагӀийн эскаршна бомбанаш тоха. Цо куьйгалхо деш йолу эскадрильяс хӀаллакдира 2 ха деш долу хина кема а, 4 сиха лелаш йолу баржа а. 1943 шеран 3 ноябрехь Воловодов 12 Ил-2 кеманийн тобан йукъахь тӀема велира Эльтиген юртан уллехь (хӀинца Керчь гӀалан йукъа йахана) болу могстагӀийн техникин а, салтийн а гуламан тӀе бомбанаш тоха. МостагӀаш зенитан герзаш тӀедаьтташшехь кеманхош бомбанаш тӀетуьхуьра. Штурмовикийн болх чекхболуш хенахь малхбузе агӀора гучудевлира «Ju-88» цӀе йолу немцойн кеманаш. Воловодован экипажас цхьана бомбардировщикан шайн кема тӀетуьхира. Воловодовца цхьана велира цуьнан штурман лахара лейтенант Василий Леонтьевич Быков. Воловодов дӀавоьллира Эльтиген юртахь вежараллин каш чохь[1].
1943 шеран 17 ноябрехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца Борис Воловодован йелира Советски Союзан Турпалан цӀе. И цӀе йоцург, цунна йелира Ленинан орден а (йелла 1943 шарахь), мидалш а[1].
Дагахьлаттавар
бӀаьра нисйанВоловодован цӀе йу Севастополехь йолу Ӏаьржа хӀордан кеманхойн майраллина йина мемориалан комплексехь дагахьлаттаваран пенатӀехь[1]. Ставрополехь йолу № 32 школан Воловодован цӀе тиллина. Керчь гӀалахь бу Воловодован цӀе йолу урам.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 3 4 Воловодов, Борис Наумович . Cайт «Пачхьалкхан турпалхой».
Литература
бӀаьра нисйан- Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
- Авдеев М. В. У самого Чёрного моря. Книга 3. М.: ДОСААФ, 1975.
- Авиация и космонавтика СССР. — М.: Воениздат, 1968.
- Бессмертные подвиги. — М.: Воениздат, 1980.
- Вершинин К. А. Четвёртая воздушная. — М.: Воениздат, 1975.
- Герои боёв за Крым. — Симферополь: Таврия, 1972.
- Герои Советского Союза Военно-Морского Флота. 1937—1945. — М.: Воениздат, 1977.
- Герои Социалистического Труда. Биобиблиографический словарь. Том 2. М., 2008.
- Иванов П. Н. Крылья над морем. — М.: Воениздат, 1973.
- Краснознамённый Черноморский флот. — М.: Воениздат, 1987.
- На грани возможного. — 2-е изд., испр. и доп. — М.: «Лимб», 1993.
- Подвиг во имя Родины. Книга 3. Куйбышев, 1975.