Гагкаев, Алихан Андреевич

Алиха́н Андре́евич Гагка́ев (1917 шеран 25 май, Кадгарон, Къилбаседа ХӀирийчоь1943 шеран 5 июль, Яковлеван кӀошт) — советски тӀеман гӀуллакхо, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал (1965 шо, веллачул тӀехь), лакхара лейтенант.

Гагкаев, Алихан Андреевич
Вина терахь 1917 шеран 25 май({{padleft:1917|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:25|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1943 шеран 5 июль({{padleft:1943|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:5|2|0}}) (26 шо)
Кхелхина меттиг:
Эскаран тайпа артиллерия[d]
Дарж старший лейтенант[d]
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина

БиографиНисйе

Гагкаев вина 1917 шеран 25 майхь в селе Теркан областан Владикавказан округан Кадгарон юртахь юртбахамхон доьзаллехь. ХӀирий. Цо шен юртан школехь чекхъяккхира 6 класс. 8-гӀа класс цо Москвахь чекхъяккхира 1-ра интернациональни берийн цӀахь.

1932 шарахь школа чекхъяккхинчултӀехь Гагкаевс дийшира фабрично-заводской школехь. Цул тӀаьхьа цо болхбира Москана Метростройхь. Балхаца цхьана цо рабфакехь доьшара. 1936 шарахь иза Москван машен некхан институтехь деша волавелира. Шина шарахь даьшна ваьлча ЦК ВЛКСМ путёвкица иза вахийтира 1-ра Ленинградан артиллерин доьшийле. 1940 шеран 4 февралехь цо и доьшийла тӀехдика чекхъяккхира. Лейтанантан цӀе елча иза вахийтира Одессан эскаран округан 74-гӀа кхиссарийн дивизин 78-гӀа кхиссарийн полке. Цигахь иза артиллерин полкан хьаьким хӀоттийра. 1940 шеран аьхкехь Гагкавс дакъа лецира Бессараби а, Къилбаседан Буковина СССРх схьатохарин операцехь. ТӀом болабале лейтенант Гагкаев волу эскаран дакъа дара Украински ССР Одесски областан Ананьев цӀе йолу гӀалахь лаьтташ.

ТӀом бола ма белла Гагкаев фронтехь вара. Иза вара Къилбера фронтан 9-гӀа армин 48-гӀа кхиссарийн корпусан 74-гӀа кхиссарийн дивизин 78-гӀа кхиссарийн полкехь. Цо дакъалецира Тирасполь-Мелитопольски операцехь, тӀемашца юхавахара Одессе а, Николаеве а. Кхуза цунна чевнаш йинера. Николаеван уллехь цера эскаран дакъан мостагӀаш гобира. Цу юкъара цера 1941 шеран декабрехь бен къелхьарбовлар ца нисделира. НКВД лагерехь талларан чекхваьлла, госпиталехь шен чевнаш дӀа а ярзитийна Гагкаев юха а фронте вахара. 1942 шарахь цо дакъа лецира Донехь а, Къилбаседан Кавказехь хилла тӀамехь. Цул тӀаьхьа иза БуритӀе хажийра къона артиллеристаш кечбан. 1943 шеран бӀаьсте кхаччалц Гагкаев и болх беш вара.

1943 шеран бӀаьстехь лакхара лейтенант А. А. Гагкаев хӀоттийра Воронежски фронтан 1-ра танкин армин 1008-гӀа танкаш хӀаллакъяшйолу полкан 5-гӀа батарейн командир. Курскин дугахь тӀом болабале Гагкаеван батарей дӀахӀоттира Белгородски областан Яковлевски районан Быковка юртан уллехь. Цуьнан батарейхь яра йиъ 76-мм йолу йоккха топ. 1943 шеран 5 июлехь цуьнна батарейн тӀелетира 35 немцойн танк а, самоходка а, шортта пехата а. Оцу тӀамехь 5-гӀа батарейс хӀаллакйира 6 мостагӀийн танк. Массо йоккха топ мостагӀаш хӀаллкйича салтий чуччабахан летира. ТӀекхаьчна гӀо бахьнехь немцош юхатогӀа аьтту хилира, амма Гагкаеван чевнаш йинера. Дукха хан ялале иза велира. Иза дӀавоьллира вежараллин кашехь Москва — Симферополь цӀе йолу автострадан 624-гӀа километрехь.

1965 шеран 6 майхь цунна елира Советски Союзан Турпалан цӀе (веллачул тӀехь).

СовгӀаташНисйе

  • «Деши Седа» (1965 шеран 6 май, веллачул тӀехь).
  • Ленинан орден (1965 шеран 6 май, веллачул тӀехь).

ДагахьлаттаварНисйе

  • Гагкаеван цӀе тиллина БуритӀехь а, Кадгарон цӀе йолу юртехь болу урамашна.
  • Гагкаеван цӀе тиллина Кадгаронехь йолу юккъера школан.
  • Гагкаеван сий деш мемориалан у хӀоттийна Кадгаронехь иза вина цӀин тӀехь.
  • Цунах лаьцна язйина книга «Бессмертная батарея Алихана Гагкаева».
  • Гагкаевахь лаьцна язйина эшар (мукъам - Резван Цорионти, дешнаш - Музафер Дзасохов).

ЛитератураНисйе

  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
  • Попель Н. К., Павловцев П. Л. .
  • Алексеев С. П. .
  • Мальцев Е. Е. .
  • Муриев Д. З. .

ДокументашНисйе

ХьажоргашНисйе