Вале́рий Гео́ргиевич Газза́ев (хӀир. Гæззаты Георгийы фырт Валери; (в)йина 1954 шеран 7 август[1], БуритӀе) — советийн футболист (тӀелатархо), советийн а, российн а футболан тренер, Пачхьалкхан думин карара къаьмнийн гӀуллакхийн комитетан председатель, VII кхайкхаман Пачхьалкхан думин депутат. ССРС Спортан дуьненайукъара классан говзанча (1980), Российн хьакъ долу тренер (2005)[2].

Футбол
Газзаев Валерий
Йукъара хаамаш
Йуьззина цӀе Газзаев Валерий Георгиевич
Вина терахь 1954 шеран 7 август({{padleft:1954|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:7|2|0}})[1] (70 шо)
Вина меттиг
Гражданалла
Позици тӀелатархо
Кегийрхойн клубаш
1966—1969 Байракх ССРС Спартак (БуритӀе)
Клубан карьера[* 1]
1970—1973 Байракх ССРС Спартак (БуритӀе) 53 (9)
1974 Байракх ССРС СКА (Дон-тӀера-Ростов) 12 (1)
1975 Байракх ССРС Спартак (БуритӀе) 33 (14)
1976—1978 Байракх ССРС Локомотив (Москох) 72 (14)
1979—1985 Байракх ССРС Динамо (Москох) 197 (70)
1986 Байракх ССРС Динамо (Тиблиси) 14 (5)
Тренеран карьера
1986—1987 Байракх ССРС ДЮСШ Динамо (Москох) тренер
1989—1991 Байракх ССРС Спартак (БуритӀе)
1991—1993 Байракх ССРСРосси Динамо (Москох)
1994—1999 Российн байракх Алания
1999—2001 Российн байракх Динамо (Москох)
2001—2003 Российн байракх ЦСКА (Москох)
2001—2002 Росси Росси (21 шо кхаччалц)
2004—2008 Российн байракх ЦСКА (Москох)
2009—2010 Украинин байракх Динамо (Киев)
2011—2014 Российн байракх Алания Кеп:Президент
2012—2013 Российн байракх Алания
СовгӀаташ а, мидалш а
Олимпийн ловзарш
Борза Москох 1980 футбол
Пачхьалкхан а, ведомствийн а совгӀаташ
Сийлаллин орден — 2006ДоттагӀаллин Орден — 1995
Кеп:ССРС халкъашна йуккъера даржан спортан говзанча
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Ловзархо санна Газзаев вевза БуритӀера «Спартак», Ростовра СКА, москохан «Локомотив» а, «Динамо» а, ткъа иштта тибилисин «Динамо» йукъахь тӀелатархочун позицехь ловзарехь. ССРС гулйина командехь левзина 8 матчехь, 4 гол чутоьхна; ССРС олимпийн гулйина командин йукъахь — москохан Олимпиадин борзанан совгӀатхо. Тренеран карьера йолийна 1986 шарахь: сий деира цунна БуритӀера «Аланица» бинчу белхо, цуо 1995 шарахь йаьккхира шен исторехь Российн чемпионан хьалхара титул, сацийра москохан «Спартакан» гегемони. Москохан ЦСКА Газзаевн куьйгаллийца кхузза хилира Российн чемпион, деазза баьккхира Российн Кад, ткъа 2004/2005 шарахь баьккхира УЕФА Кад, цунах хилира дуьххьарлера российн клуб, 1991 шерал тӀаьхьа и хӀонс йаьккхина. Газзаев ву уггаре дукха титулаш йолу российн тренер йаьхначу мидалийн а, кедийн а барамца футболех ловзаран Российн чемпионатийн исторехь, ткъа иштта хьалхара цхьаъ бен воцу тренер-российхо, шен куьйгаллица российн клубо европин клубан хӀонс йаьккхина 1991 шарал тӀаьхьа. Кхин а иза ву УЕФА версица «Шеран тренеран» совгӀатан лауреат 2004/2005 шеран жамӀашца.

Газзаев вевза российн футболехь даймехкан тренерийн а, футболистийн а бакъо къовсаран принципан агӀонца[3].

 
Газзаев Валерий, 2017

Ловзаран карьера

бӀаьра нисйан

Чекхйаьккхира Къилбаседа-ХӀирийн АССР БуритӀера № 15 йолу ишкол. Кхиийна футболан ишколо «Спартак» (БуритӀе). Хьалхара тренер — Цаликов Муса Данилович.

Левзина командашкахь «Спартак» (БуритӀе) (1970—1973, 1975), СКА (Дон-тӀера-Ростов) (1974), «Локомотив» (Москох) (1976—1978), «Динамо» (Москох) (1979—1985), «Динамо» (Тиблиси) (1986). ССРС чемпионаташкахь левзина 283 матчехь, чутоьхна 89 гол, ССРС гулйина командехь левзина 8 матчехь, чутоьхна 4 гол. Федотов Григорийн бомбардирийн клубан декъахо (117 гол).

Тренеран карьерин йуьхьиг

бӀаьра нисйан

1981 шарахь чекхйаьккхира Йерригсоюзан дуьхьала воцу юридически институт, 1989 шеран октябрехь — Тренерийн лакхара ишкол. «Динамо» (Москох) (1986—1987) ишколан тренер. 1989 шарахь коьрте хӀоьттира БуритӀера «Спартакан», цуьнца шолгӀачу шарахь хьалавелира ССРС чемпионатан лакхарчу лиге. 1991 шарахь кхайкхира москохан «Динамон» куьйгалхоша, 1991 шеран ССРС чемпионатан 2-гӀачу гуонехь дуьйна динамон коьрте хӀоьттира.

Карьера 1990-гӀа шерашкахь

бӀаьра нисйан

1992 шарахь Газзаевс «Динамо» йалийра Российн чемпионатан борзанан мидалшка. 1993 шеран 14 сентябрехь, 1993/94 шеран УЕФА Кедан хьалхарчу раундехь, шен цӀахь йоккхачу чоьтаца 0:6 немцойн «Айнтрахтна» иэшначул тӀаьхьа[4], шен лаамца коьртачу тренеран даржера дӀаваларан кехат йаздира. Ловзархоша дийцарехь, Газзаевн эхь ца хетара тренировкашкахь шайн ницкъ бан[5].

Психологин агӀора меттахӀоьттина, 1993 шеран 14 декабрехь Газзаев коьрте хӀоьттира «Аланин». 1995 шарахь клубаца цхьаьна дуьххьара хилира футболех ловзаран Российн чемпион[6]. Еврокедашкахь цуьнан команда левзира аьттонза, УЕФА Чемпионийн лигехь «Глазго Рейнджерсна» кхаьчна, ийшира 2:7 чоьтаца[4].

Газзаевс дийцарехь, 1998 шарахь, Бышовец Анатолий даржера дӀаваьллачу хенахь дуьйна, иза вара футболех ловзаран Российн гулйина командин коьрта тренеран кандидаташна йукъахь. Амма РФС кхочушдаран комитето хаьржира Романцев Олег: Романцевгахьа 13 декъахо вара, ткъа Газзаевгахьа — 9. Газзаевс чӀагӀдо, йуьхьанца чекхйоккхуш шен кандидатура йара, амма кхаж тасар сацийначул тӀаьхьа цӀеххьана ойланаш хийцайелира[7]. 1999 шарахь йуха а вогӀу «Динамо», цигахь болх бо 2 шарахь. 2000 шарахь «динамохошна» йукъахь левзинчу Тумилович Геннадийс дийцарехь, клубехь морса низам дара: муьлхха а тренеран дуьхьала аьллачу дешан йа ца Ӏен велла кхоьссинчу дешан доккха гӀуда тухура, амма цуо таро йелира Газзаевн онда коллектив[8] кхолла.

ЦСКА а, Российн гулйина команда а (2001—2003)

бӀаьра нисйан

2001—2003 шерашкахь Газзаев вара москохан ЦСКАн коьрта тренер, ткъа 2001—2002 шерашкахь коьртехь вара Российн кегийрхойн гулйина командин коьртехь, иза къийсалуш йара 2002 шеран Европин чемпионате йахар, амма тобанера ара ца ялайелира, шолгӀа меттиг а йаьккхина: кхечу тобанашкара 2-гӀа меттиг йаьккхинчу командашлахь уггаре кӀезиг очкош хилира церан. 2002 шеран дуьненан чемпионатехь чӀогӀа гӀо левзина, Романцев Олега Российн гулйина командийн тренеран дарж дитича, Газзаев 2002 шеран 8 июлехь РФС кхочушдаран комитето къайлаха кхаж тесна (24 стагах 17 стага агӀо лецира) Российн гулйина командин коьрта тренер хӀоттийра, ЦСКА тренеран даржехь а волуш [9]. РФС президенто Колосков Вячеслава агӀо лоцура Газзаевн кандидатурин, нагахь Российн гулйина команда дуьненан чемпионатехь, Японехь, гӀуо ловзахь Романцевс дарж дитахь[10]. Гулйина командан коьрте дозанал арахьара говзанча хӀоттамега бохуг эладиташ а дара лелаш, Колосков вистхилла Газзаевга, ткъа иза Швейцарехь ЦСКА кечйеш вара, реза вира иза гулйина командин коьрте хӀотта[7].

Газзаев дӀахьедира, гулйина командин чуьра хьал ша хийца дагахь хилар, йукъадаьккхира белхан итт хьесап, царна йукъахь — берриш дика ловзархой йукъаэцар клубан статусе а ца хьоьжуш, гӀуллакхашка а, тренерца йолу йукъаметтигашка а ца хьоьжуш; гулйина команда прессин йиллина хилар; микроклимат латтор; гулйина команде кегийрхойн командера а, российн клубашкара а кандидаташ таллар; йерриг гулйина командашна тӀехь белхан тергам бар, «Бор» пансионатехь Ӏаморан-тренировкийн база кхоллар[11]. Цу тӀе Газзаев тӀелецира ЦСКАн а, Российн гулйина командин а даржаш цхьаьна лело 2002 шо чекхдаллалц, цул тӀаьхьа гулйина команде дехьавер волуш, амма Российн чемпионатан «дешин матчехь» ЦСКА москохан «Локомотивал» эшар бахьнехь Газзаевн шинхьа болх бан бийзира[12]. Швецин дуьхьала йолчу хьалхарчу матче исписка хӀоттийра 59 стеган, царна йукъахь бацара 1990-гӀа шерашкара гӀарабевлла ловзархой — Газзаевс дийцарехь, Евро-2004 уьш кийча хирбацара йа физикин а, йа психологин а агӀора ловза, амма «йуккъера хан йолуш» дика ловзархой а бацара командехь, хӀунда аьлча Россера экономикин а, политикин а хьоло къона ловзархой кхион советийн ишкол йохийна йара[13].

Газзаев волуш гулйина командо дӀайаьхьира йерриг а 9 официалан матч, йолийра доттагӀаллин матчаца Швеции командин дуьхьала (жамӀ 1:1)[14]. Хьалхарчу матчехь символан новкъа ваьккхира Онопко Виктор, хьалха Российн гулйина командин капитан хилла волу а, цунна йукъахь 100 матчехь левзина а волу: Ши минот гергга левзина Онопко хийцира Смертин Алексейца, ткъа тӀаьхьарчу матчашкахь гулйина командин капитан хӀоттийра Титов Егор[15]. Амма тӀаьхьа Газзаевс йухавалийра Онопко, хӀунда аьлча гулйина командехь цулла а гӀоле йуккъера турсло вацара. Российн гулйина командо маса йолира 2004 шеран Европин чемпионатан харжаман турнир, туьйлира хьалхарчу шина матчехь Ирландин (4:2)[16] а, Албанин (4:1)[17] а — Газзаевс гулйина командин куьйгалла деш дара Гуьржийчоьнан командица, амма стадион тӀехь ток дӀайаккхар бахьнехь матч чекх ца йаьккхира (цхьа тайм бен ца левзира)[18].

2003 шеран февралехь хилла Кипрера доттагӀаллин турнир чекхйаьлира гулйина командин шина толамца Кипрца (1:0) а, Румыница (4:2) а. Амма кхин дӀа болабелира цецбохуш ши иэшам Албанегара (1:3)[19] Гуьржийчоьнгара (0:1), бахьна дара Российн гулйина командин дуьхьалонера чӀогӀа гӀо ловзар[20]. Хьалха эшча Газзаевс бехке вира суьдхо, матчан видеойаззаме хьажа а ца хьаьжира[21]. шолгӀа эшча цуо гӀалат даьккхира хӀоттамехь, тӀелатархочун меттиге арахийцира цкъан а оцу позицехь ца левзина Семак Сергей, дукха тӀаьхьа арахийцира тӀелатаре Кержаков Александр а, Сычёв Дмитри а, матч чекхйаьлча пресс-конференце а ца веира, Тиблисера дӀавахара, эмоцеш саца а ца йелла[22]. Швейцарин дуьхьала 2:2 ловзаро таро йира Газзаев кхин дӀа болхбан, Росси 0:2 оьшуш йара матчан 15-гӀа минотехь. 2002 шеран августера 2003 шеран июнь кхаччалц Газзаевс гулйина команде кхайкхира 44 ловзархо, царех 34 матчийн заявкашкахь вара, 29 левзира — хьалха оццул ловзархой цхьаьна харжаман циклехь ца кхайкхинера Лобановский Валерийс а, Бышовец Анатолийс а, Романцев Олега а. Кхайкхинчу ловзархойх 15 футболист ЦСКА йукъара вара: цхьа могӀа футболисташ Газзаевс йукъара бехира ЦСКА йукъабахка реза цахиларна[23]. Цу тӀе Газзаевс болх бечу хенахь Российн кегийрхойн а, къоман а гулйина командашкахь дуьххьара гулйина командин тӀегӀанехь ловза волавелира Павлюченко Роман, Акинфеев Игорь, Игнашевич Сергей, вежарий БерезуцкийгӀар Василий а, Алексей а. Газзаев куьйгалла дира гулйина командехь официалан йоцучу матчехь ПФЛ легионерашца (3:1), иза дӀайаьхьира расизман дуьхьала дов латторан УЕФАн акцин гуранчохь.

 
Газзаев 2007 шарахь

Газзаев Валерийн да — вина Цхинвали гӀалахь. УЕФАн Кедехь толам баьккхинчул тӀаьхьа Газзаев Валерийн цӀарах гӀалара ураман цӀе тиллира. 2008 шеран 23 августехь дӀайаьхьира 2008 шарахь Къилба ХӀирийчохь тӀамехь кхелхинчеран иэсан лерина матч, цигахь Валерий а вара[24][25][26].

Валерий Георгиевичан зуда а, ши кӀант а, йоӀ а ду. Гергара ву Газзаев Юрийн[32]. Уткин Василийс дийцарехь, Валерий Георгиевичана а, цуьнан кӀантана Владимирна а 2000-га шерашкахь хазахетара хан казинохь йойуш[33].

  • В. Г. Газзаев, А. Н. Зинин. Приговорён к победе. — М.: Новости, 2006. — 193, [4] с. — ISBN 5-88149-224-2.
  • В. Г. Газзаев. Путь воина. Тренер-победитель о секретах успеха. — М.: Эксмо, 2016. — 384 с. — ISBN 978-5-699-89260-0.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 Valeri Gazzaev // Transfermarkt.com(бил-боцу.) — 2000.
  2. Газзаев: ЦСКА не хватило сил на весь матч против «Зенита». РИА «Новости» (2005 шеран 25 май). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 8 май.
  3. Валерий Газзаев: «Неприятно видеть в России засилье иностранных тренеров». Спорт-Экспресс в Украине (2012 шеран 18 май). Архивйина 2012 шеран 6 июнехь
  4. 1 2 Рабинер, 2008, с. 265.
  5. Рабинер, 2008, с. 303.
  6. Рабинер, 2008, с. 92.
  7. 1 2 Рабинер, 2008, с. 241—242.
  8. Геннадий Тумилович: Разрушать мифы не хочется (ru) // Футболан курьер : газета. — 2015. — 31 июля (№ 57 (1541)).
  9. Рабинер, 2008, с. 315.
  10. Рабинер, 2008, с. 43.
  11. Рабинер, 2008, с. 244—245.
  12. Рабинер, 2008, с. 247.
  13. Рабинер, 2008, с. 249—251.
  14. Рабинер, 2008, с. 251.
  15. Рабинер, 2008, с. 253—254.
  16. Рабинер, 2008, с. 255.
  17. Рабинер, 2008, с. 257.
  18. Рабинер, 2008, с. 256—257.
  19. Рабинер, 2008, с. 259—260.
  20. Газзаев плакал в автобусе. Комсомольская правда (2003 шеран 5 май). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 13 июнь.
  21. Рабинер, 2008, с. 262.
  22. Рабинер, 2008, с. 262—263.
  23. Рабинер, 2008, с. 266—269.
  24. Валерий Газзаев: через пару лет будем обыгрывать всех подмогӀа — Чемпионат.ру(ТӀе цакхочу хьажорг)
  25. Следующий после Шилтона — Чемпионат.ру Архивйина 2008-09-19 — Wayback Machine
  26. В Цхинвали местный «Спартак» играет матч с «Аланией» — Чемпионат.ру Архивйина 2008-08-26 — Wayback Machine
  27. Двоюродный брат Валерия Газзаева может возглавить ФК «Шинник». РИА Новости. 14 июня 2011.
  28. «Крылья Советов» возглавит кузен Валерия Газзаева. Lenta.ru. 9 октября 2009.
  29. Джаудат Абудллин. И всё-таки не зря мы ждали, мужики! // Футбол-Review. — 2003. — № 44/45.
  30. Владимир Касьянов. Газзаев сдавать игры отказался // Футбол-Review. — 2004. — № 37.
  31. Дмитрий Орловский. Страшная тайна фамилии Газзаевых. Смена. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 11 сентябрь.
  32. Тайп-тайпана хьосташа гойту тайп-тайпана гергарлонаш: шича[27][28], маьхча[29], вешин кӀант[30] йа олура, билггала долу гергарлонан тӀегӀа хууш йац олий[31]
  33. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху SportsRu тIетовжаран текст йазйина йац

Литература

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан