Аьхкенан Олимпийн ловзарш 1980
1980 шеран XXII Аьхкенан Олимпийн ловзарш (официалан цӀе — XXII Олимпиа́дин ловзарш) дӀадаьхьира Москохахь, ССРС коьрта шахьрахь, 1980 шеран 19 июлера[2] 3 август кхаччалц[3]. Уьш исторехь дуьххьарлера Олимпийн ловзарш дара Малхбален Европехь, кхин а социалистийн махкахь дӀадаьхьна дуьххьарлера Олимпийн ловзарш.
XXII аьхкенан Олимпийн ловзарш | |
---|---|
Шахьар-дӀахьуриг | Москох, ССРС |
Мехкаш-декъашхой | 80[1] |
Къовсу мидалш | 203 комплект 21 спортан тайпанехь |
ДӀайелларан церемони | 1980 шеран 19 июлехь |
ДӀакъовларан церемони | 1980 шеран 3 августехь |
Олимпийн цӀе | Белов Сергей |
Стадион | Йуккъера В. И. Ленинан цӀарах стадион |
Сайт | olympics.com/en/o…(ингалс.) |
← 1976 1984 → | |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Олимпиадин-1980 къийсамийн цхьа дакъа дӀадаьхьира Советийн Союзан кхечу шахьаршкахь, масала: гатанан регата хилира Таллинехь (ЭССР); хьалхара ловзарш а, футболан турниран чийрифиналаш хилира Киевхь (УССР), Ленинградехь (РСФСР), Минскехь (БССР); дӀандаргийн герз тохаран къийсамаш хилира герз тохар къовсаран меттигехь «Динамохь» Москохан бухарчу Мытищехь (РСФСР).
Ловзарш гӀарадевлла кхин а, 60 сов мехко Олимпиадин байкот йарна 1979 шарахь советийн эскар ОвхӀанан тӀелата бахьнехь[4][5][6]. Ловзаршна бойкот йинчу мехкашкара цхьаболу спортхой Москоха баьхкира, дакъа а лецира Олимпийн байракх кӀелахь[7]. Цул хьалхара бойкот йира 29 африкин мехко Монреалан Олимпиадин-76в, цул тӀаьхьара бойкот йира Советийн Союзо а, кхин 13 мехко а 1984 шеран Лос-Анджелесера аьхкенан Олимпийн ловзарш[8].
Олимпиадин коьрта шахьар харжар
бӀаьра нисйанДуьххьара Москохахь Олимпийн ловзарш даран ойла хӀоьттинера ССРС Спорткомитетан председателан Павлов Сергейн 1969 шеран апрелехь. Амма 1970 шеран 12 майхь 1976 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн коьрта шахьран харжамашкахь, Амстердамехь, туьйлира канадин Монреаль.
Кхин а масех шо даьлча Павловс тешийра мехкан куьйгалла Москохан кандидатура кхин цкъа а хӀотто йезарх. 1980 шеран Олимпийн ловзарийн коьрта шахьар харжаран сацам Дуьненайукъара олимпийн комитето тӀеийцира 1974 шеран 23 октябрера 75-гӀа сессехь Венехь.
Павлов Сергейн дуьненайукъара спортан аренера лерам, советийн мехках а, цуьнан спортхойх а хаа лааран хьашт алсамдалар, кхин а ДОК декъашхошца йолу доттагӀаллин йукъаметтигаш бахьнехь, башха йукъаметтигаш барон Эдуард фон Фальц-Фейнца (Лихтенштейн) а, Вилли Даумеца (ФРГ), толам бисира Москохехь. Кхажтасаран тӀаьхьарчу муьрехь ДОК декъашхойн харжам бан бийзира Лос-Анджелесна а, Москохна а йукъахь, жамӀехь 39 кхаж 20 дуьхьала Москох туьйлира. Дуьххьара аьхкенан Олимпийн ловзарш хила дезара социалистийн махкахь.
1975 шеран мартехь кхоьллира Кхолкомитет «Олимпиада-80» куьйгаллехь Новиков Игнатий а волуш, цунна ССРС Олимпийн комитето дӀайелира Олимпийн ловзарш кечам баран а, дӀадахьаран а бакъонаш а, функцеш а. Олимпиадин штаб охьахиира Москохан йуккъехь — Горькийн урамера, № 22а цӀенна чохь. ДОК 79-гӀа сессис (1977 шеран июнехь, Прагехь) Москохара Олимпиадин XXII ловзарийн къийсамийн программа-раж чӀагӀйира.
Кхажтасаран жамӀаш | ||||||
---|---|---|---|---|---|---|
Кандидаташ | Мохк | 1-ра раунд | ||||
Москох | ССРС | 39 | ||||
Лос-Анджелес | АЦШ | 20 |
Олимпийн цӀеран эстафета
бӀаьра нисйанМуьлхха олимпиадин сийлалла йу олимпийн цӀе. Ловзарш доладала бутт бисчи дӀайоьллу Европехь уггаре йоккха хьешан цӀийнан комплекс Измайлово — 4 отель а, йезаатлетийн манеж а. 1980 шеран 19 июнехь, Ловзарш доладала бутт бисчи, ламастехь олимпийн цӀе латийра желтойн Олимпехь. Эстафетин йукъара йохалла хилира 5000 км[9]. Желтойчоьнан латан тӀехулара эстафетин муьран йохалла — 1170 км (чекхйалара Олимпехула, Патрашхула, Коринфехула, Афинехула, Фивашкахула, Ларисехула, Верехула, Салоникашкахула, Серехула). Болгарин махкахула цӀеро некъ бира 935 км (Благоевградехула, Софияхула, Пловдивехула, Шипкехуа, Велико-Тырновохула, Плевенехула, Русехула). Румынин муьран йохалла — 593 км (Джурджухула, Бухарестехула, Плоештехула, Бузэухула, Бакэухула, Романехула, Яссехула)[9].
ССРС махкахула цӀеро некъ бира 2302 км[9]. 1980 шеран 5 июлехь цӀе Советийн Союзан дозанал сехьайелира Молдавин ССР Леушены поселкан кӀоштахь, цигаш чекхйаьлла иза хилира оцу республикин Кишинёвхь а, Бельцы а шахьаршкахь. Украинийн ССРехула маршрут йиллинера Черновцехула, Хмельницкехула, Винницехула, Житомирехула, Киевехула, Лубнехула, Полтавехула, Чутовохула, Харьковехула. РСФСРехулара эстафетин некъ боьдура Белгородехула, Курскехула, Кромехула, Орёлехула, Тулехула, Серпуховехула, Подольскехула[9]. Подольск тӀаьххьара гӀала хилира хаьштиглелочеран новкъахь — 17 июлехь шахьрин урамашкахула ведира 500 стаг гергга, Ловзарийн хаьштиг зӀенца хӀора 2,5 км дӀа луш.
ПӀераска, 18 июль. ЦӀеран эстафетин чаккхенан мур. Москохахь, эстафетин некъ хилира 54 км гергга, хаьштиган дуьхьала баьхкира Минскан а, Можайскано шоссеш цхьаьнакхетачохь, цул тӀаьхьа цӀе йаьхьира Триумфан нартол чухула Кутузовн проспект тӀехула, Октябран 50 шо кхачаран майдане, цигахь хилира ДОК, спортан федерацийн, Москохан администрацин векалша дакъа лоцуш даздаран церемони. Ловзарш дӀаделла йисинчу буса цӀеро йаьккхира Горькийн урамера Москхеташонан гӀишлон чохь. Шот — 19 июлехь москохахошна а, коьрта шахьран хьешашна а довха деира — 22 градус йовхо, йекхна. ДӀайелларан официалан церемони йолайелира 16:00. ДӀайоьллучу дийнахь цӀе йаьхьира Марксан проспектехула, Волхонкехула, Метростройн урамехула, Комсомолан проспектехула, цул тӀаьхьа хаьштиглелориш 18:45 гӀоьртира Лужникашка. Лужникашкара йоккха аренера Олимпийн кад хаьштиган алунах латийра ССРС баскетболан чемпиона Белов Сергейс. Ловзарийн старт йелира нисса 19:00.
Олимпийн цӀеран маршрут
бӀаьра нисйан- 21 июнехь — Афина (Желтойчоь)
- 26 июнехь — Софи (Болгари)
- 1 июлехь — Бухарест (Румыни)
- 5 июлехь — Леушены (Молдавийн ССР), цӀе дехьайаьлла ССРС дозанал
- 6 июлехь — Кишинёв (Молдавийн ССР)
- 11 июлехь — Киев (Украинийн ССР)
- 13 июлехь — Харьков (Украинийн ССР)[10]
- 16 июлехь — Тула (РСФСР)
- 17 июлехь — Подольск (РСФСР)
- 18 июлехь — Москох (РСФСР)
Къийсамаш кечбар
бӀаьра нисйан1975—1980 шерашкахь Олимпийн ловзаршна кечаман а, дӀадахьаран а гуран чохь Москох (кхин а Ленинград, Киев, Минск, Таллин) кхиоран инарлин планаца, йира, тойира 20 спортан а, кхин а гӀишло Олимпиада дӀайахьа. Царна йукъахь къасто мегар ду Машаран проспект тӀера спортан «Олимпийн» комплекс, В. И. Ленинан цӀарах Центран стадион (хӀинца — «Лужники»стадион), Олимпийн «Измайлово» комплекс, АСК-3 телецентр «Останкино», аэропорт Шереметьево-2 (хӀинца — Шереметьево аэропортан F терминал), Кировн цӀарах стадион Ленинградехь, Республикин стадион Киевхь, стадион «Динамо» Минскехь, Таллинан телебӀов, Таллинан гатанан кемин спортан Олимпийн центр. Таллинехь дӀабаьхьира 1980 шеран Ловзарийн гуран чуьра берриг гатанан кемин спортера олимпийн къийсамаш.
Ловзаршна лерина йерриг спортан объектех ах кийча йара 1979 шеран аьхка. Царна тӀехь дӀабаьхьира ССРС къаьмнийн VIII Спартакиадин финалан къийсамаш. Оццу хенахь зийра исбаьхьаллин фонан экран.
ДОК президента М.Килланина билгалдоккхура, Олимпиада-80 кечйечара чӀогӀа дика болх бо, шен хеннахь ладаме баланаш а луьстуш. Цунна чӀогӀа хазахетара церан къинхьегам, олимпиада чекхйаьлча керла йина олимпийн керла гӀишлош а, объекташ а максимум пайден гӀуллакхан коэффициентаца.
Йоккха харж йарна , Брежнев Леонид реза вацара и харж ССРС бюджето йарна[11]. Къийсамаш дӀабахьа кхин тӀе ахча даккхархьама колларан комитето йира олимпий лотерейн тиражаш.
Мультипликацин
бӀаьра нисйан- «Салют, Олимпиада!»[12]
- «Жера-баба дуьхьала йу!»[12]
- «ХӀай, собарде!» (13-гӀа арахецар)[12]
- «Олимпиада-80» (тайп-тайпана спортан тайпанашкара мультфильмийн сери)[12][13]
- «Метаморфоза»[12][14]
- «Нокаут»[12][15]
- «Йоккха эстафета»[12][16]
Эшарш а, эстрадин лоьмарш а
бӀаьра нисйан- «Олимпиада» (Д. Тухмановн муз., Р. Рождественскийн деш.), леккха Мяги Тыниса[17] а, Гнатюк, Николай Васильевич Гнатюк Николайс а[18]
- «Болар» (А. Пахмутовин муз., Н. Добронравовн деш.), леккха Ротару Софияс[19] а, Леонтьев Валерийс а[20]
- «Сан сатийсаман стадион» (А. Пахмутовин муз., Н. Добронравовн деш.), леккха Магомаев Муслима[21]
- «Москоха старт ло» (А. Пахмутовин муз., Н. Добронравовн деш.), леккха Толкунова Валентинас, Лещенко Лева, эшаран а, хелхаран ансамблан В. Локтевн цӀарах хор[22]; кхин а эшар лекхира Сенчина Людмилас а, Ибрагимов Рената а[23]; Беликов Сергейс а, Намин Стасан тобано а[24]; ВГӀА «Айсина гитараш»[25]
- «Олимпийн дог дохийла» (М. Боярскийн муз., О. Рябоконан деш.), леккха Боярский Михаила
- «Олимпийн забарен» (Э. Ханокан муз., Л. Ошанинан деш.), леккха Боярский Михаила[26]
- «Пхи хӀоз» (В. Шаинскийн муз., М. Рябининан деш.), леккха Хиль Эдуарда[27]
- «Марша йогӀийла Москоха, Олимпиада!» (Г. Мовсесянан муз., Р. Рождественскийн деш.), леккха ВГӀА «Поющие сердца»
- «Дика кӀентий», (В. Шаинскийн муз., В. Харитоновн деш.), леккха. ВГӀА «Алу»[28]
- «Олимпиада, спорт, Москох!» (Н. Левин муз., В. Викторовн деш.)[29]
- «Ӏа дика йойла, Москох!» (А. Пахмутовин муз., Н. Добронравовн деш.), леккха Лещенко Лева а, Анциферова Татьянас[30] а
- «Пароди-80» — гӀарабевлла йишлакхархошна а, актерашна а йина пародийн цикл (Штоколов Борисан, Папанов Анатолийн, Магомаев Муслиман, Высоцкий Владимиран, кхечарна а), уьш йира Винокур Владимира (автораш Минников Григорий а, Левин Альберт а)[31]
ДОК президента М.Килланина билгалдоккхура, Олимпиада-80 кечйечара чӀогӀа дика болх бо, шен хеннахь ладаме баланаш а луьстуш. Цунна чӀогӀа хазахетара церан къинхьегам, олимпиада чекхйаьлча керла йина олимпийн керла гӀишлош а, объекташ а максимум пайден гӀуллакхан коэффициентаца.
Йоккха харж йарна, Брежнев Леонид реза вацара и харж ССРС бюджето йарна[32]. Къийсамаш дӀабахьа кхин тӀе ахча даккхархьама колларан комитето йира олимпий лотерейн тиражаш.
Телепередачаш
бӀаьра нисйан- «Марша йогӀийла, Олимпиада!» — музыкин передача. Хьалхелелориш — Ерёмина Нина а, Масляков Александр а. Дакъа лаьцна: Пугачёва Аллас, Ротару Софияс, Рымбаева Розас, Хиль Эдуард, Винокур Владимира, «Земляне», кхин а[33].
- "Самавоккху сахьт" – телепередачин арахецар, цунна чохь ишколахо ширажелтойн деланех кхета, къийсамаш а хуьлу, масала экъа кхоссехь. Афинас ишколахочун аса ло, иза коьртах йихкича, цунна антикин историн муьлхха терахь дагахь лаьтта.
- «Олимпиадин ритмаш» — музыкин передача. Дакъа лецира: ВГӀА «Поющие сердца», Мяги Тыниса, Боярский Михаила, Ротару Софияс, Вилцане Маргаритас, Гринбергс Ояра, Пугачёва Аллас, ВГӀА «Оризонта», кхин болчара а[26].
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйан- Аьхкенан Универсиада 1973 — хилла Москохахь 1973 шеран августехь
- Ӏаьнан Олимпийн ловзарш 2014
- Олимпийн болам а, политикин протест а
- Аьхкенан Паралимпийн ловзарш 1980 — хилира Нидерландашкахь Москохан Олимпийн ловзарш доладалале. Советийн спортахоша дакъа ца лецира
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 81-я страна, Либерия, участвовала в церемонии открытия, но спортсмены в соревнованиях участия не принимали
- ↑ Олимпиада-80. День открытия (1980)
- ↑ Олимпиада - день закрытия. Олимпиада-80 (1980)
- ↑ Кенан Алиев. Организатор бойкота Игр-1980: «Олимпиада – это всегда политика» . Радио «Свобода» (2008 шеран 31 март). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 18 июль. Архивйина 2011 шеран 25 августехь Архивйина 2011-08-11 — Wayback Machine
- ↑ Таллин — город олимпийский . ТӀекхочу дата: 2020 шеран 4 август. Архивйина 2019 шеран 7 декабрехь
- ↑ Олимпиада-80: Спорт, победивший политику . ТӀекхочу дата: 2010 шеран 19 июль. Архивйина 2012 шеран 5 январехь Архивйина 2012-01-05 — Wayback Machine
- ↑ Артём Кречетников. Бойкот Олимпиады: эффективная мера или акт бессилия? BBCRussian.com (2008 шеран 25 июль). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 21 июль. Архивйина 2012 шеран 6 январехь
- ↑ Лос-Анджелес 1984 на сайте МОК (инг.). МОК. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 18 июль. Архивйина 2011 шеран 25 августехь
- ↑ 1 2 3 4 Games of the XXII Olympiad Moscow 1980.Official Report of the Organising Committee of the Games of the XXII Olympiad(ингалс.) / Editor-in-chief I. T. Novikov. — Moscow: Fizcultura i Sport, 1981. — Vol. 2. Organisation. — P. 261, 262. — 600 экз.
- ↑ Харків. 350. Фотоальбом / В. Царан, В. Бисова, С. Яковницька, С. Посохов та ін. — Харків: Золоті сторинки, 2003. — С. 192. — 4000 экз. — ISBN 966-8494-17-2.
- ↑ Дневник двух эпох. 1972—1991 . ТӀекхочу дата: 2018 шеран 14 июнь. Архивйина 2018 шеран 14 июнехь
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 Г. Бородин. Олимпиада под знаком медведя (Олимпиада как мультфильм) Архивйина 2014-02-22 — Wayback Machine // Сеанс. — № 55-56. — 2013.
- ↑ Олимпиада-80 (1980) . ТӀекхочу дата: 2020 шеран 4 август. Архивйина 2021 шеран 4 мартехь Архивйина 2021-03-04 — Wayback Machine
- ↑ Мультфильм «Метаморфоза» (ЭКРАН, 1980 г.) . ТӀекхочу дата: 2020 шеран 4 август. Архивйина 2020 шеран 23 ноябрехь
- ↑ Мультфильм «Нокаут» (ЭКРАН, 1980 г.) . ТӀекхочу дата: 2020 шеран 4 август. Архивйина 2020 шеран 23 ноябрехь
- ↑ Мультфильм «Большая эстафета» (Союзмультфильм, 1979 г.) . ТӀекхочу дата: 2020 шеран 4 август. Архивйина 2020 шеран 24 ноябрехь
- ↑ Тынис Мяги "Олимпиада". Песня - 80 (1980)
- ↑ Николай Гнатюк Олимпиада-80 — YouTube . ТӀекхочу дата: 2017 шеран 30 сентябрь. Архивйина 2019 шеран 20 февралехь
- ↑ Темп — София Ротару — MOSKVA.FM . ТӀекхочу дата: 2020 шеран 1 февраль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2015 шеран 2 апрелехь
- ↑ «Темп» . ТӀекхочу дата: 2022 шеран 10 июль. Архивйина 2021 шеран 2 майхь Архивйина 2021-05-02 — Wayback Machine
- ↑ SovMusic.ru — Стадион моей мечты . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 24 февраль. Архивйина 2014 шеран 8 апрелехь
- ↑ SovMusic.ru — Старт даёт Москох . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 14 август. Архивйина 2014 шеран 15 июлехь
- ↑ Л. Сенчина и Р. Ибрагимов — Старт даёт Москох. — YouTube . ТӀекхочу дата: 2017 шеран 30 сентябрь. Архивйина 2019 шеран 20 февралехь
- ↑ Старт даёт Москох . ТӀекхочу дата: 2022 шеран 10 июль. Архивйина 2021 шеран 2 майхь Архивйина 2021-05-02 — Wayback Machine
- ↑ SovMusic.ru — Самодеятельность: Старт даёт Москох . ТӀекхочу дата: 2015 шеран 8 июнь. Архивйина 2016 шеран 9 майхь
- ↑ 1 2 «Ритмы Олимпиады» (1980) — YouTube . ТӀекхочу дата: 2017 шеран 30 сентябрь. Архивйина 2016 шеран 3 октябрехь
- ↑ Эдуард Хиль Пять колец — YouTube . ТӀекхочу дата: 2017 шеран 30 сентябрь. Архивйина 2016 шеран 6 октябрехь
- ↑ Самоцветы — Пламя — песня: Молодцы (ВИА «Пламя») . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 24 февраль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2014 шеран 8 апрелехь Архивйина 2014-04-08 — Wayback Machine
- ↑ SovMusic.ru — Олимпиада, спорт, Москох . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 24 февраль. Архивйина 2014 шеран 8 апрелехь
- ↑ SovMusic.ru — До свиданья, Москва . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 24 февраль. Архивйина 2014 шеран 8 апрелехь
- ↑ Пародия-80 . ТӀекхочу дата: 2022 шеран 10 июль. Архивйина 2021 шеран 2 майхь Архивйина 2021-05-02 — Wayback Machine
- ↑ Дневник двух эпох. 1972—1991 . ТӀекхочу дата: 2018 шеран 14 июнь. Архивйина 2018 шеран 14 июнехь
- ↑ «Здравствуй, Олимпиада!» Фильм-концерт 1980 г. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 10 сентябрь. Архивйина 2020 шеран 6 ноябрехь
Литература
бӀаьра нисйан- Антология российского олимпийского движения : посвящается 40-летию Игр XXII Олимпиады 1980 года в Москве и 15-летию Фонда поддержки олимпийцев России / под редакцией Смирнова В. Г. [и др.] ; Фонд поддержки олимпийцев России. — М.: НБО "Фонд поддержки олимпийцев России : Литературная газ., 2020. — Т. 1. — С. 241-294. — ISBN 978-5-00170-236-8.
- Бабайцев А. В. Московская олимпиада: торжественный марш архетипов // Человек. — 2005. — № 3. — С. 137—144.
- Вагина М. Ю. Олимпийн ловзарш 1980 г. как урбанистический прорыв // Время, вперед! Культурная политика в ССРС / под ред. И. В. Глущенко, В. А. Куренного. — М.: Издательский дом НИУ ВШЭ, 2013. — С. 243-259. — ISBN 978-5-7598-1082-7.
- Ищенко А. М. АСУ "Олимпиада-80" // Всеобщая история. — 2010. — № 2. — С. 49-58.
- Ищенко А. М. Опыт создания автоматизированных систем управления олимпийскими играми на примере АСУ "Олимпиада-80" // История науки и техники. — 2012. — № 10. — С. 36-43.
- Олимпийские игры 1980 в Москве, ХХII летние // Иванян Э. А. Энциклопедия российско-американских отношений. XVIII—XX века. — Москох: Международные отношения, 2001. — 696 с. — ISBN 5-7133-1045-0.
- Орлов И. Б., Попов А. Д. Олимпийский переполох : забытая советская модернизация. — М.: Издательский дом Высшей школы экономики, 2020. — [12] л., 453, [1] с. — ISBN 978-5-7598-2165-6.
- Пономарев И. Н., Иванов Л. А. О строительстве и реконструкции сооружений и объектов в ходе подготовки игр XXII Олимпиады в Москве // Строительные материалы, оборудование, технологии XXI века. — 2007. — № 10. — С. 56-60.
- Попов А. Д. «Марафон гостеприимства». Олимпиада-80 и попытка модернизации советского сервиса // Cahiers du monde russe . — 2013. — Vol. 54, № 1—2. — P. 265—295.
- Попов А. Д. «Зачем нам этот скипидар напополам с лимонадом?»: Кулинарные секреты Олимпиады-80 // Родина. — 2014. — № 12. — С. 147—149. (копия)
- Садовский, В.Олимпиада у порога // Огонёк № 52, 1979. — С. 16, иллюстрации.
- Москох, 80. [Ловзарш XXII Олимпиады. Альбом] / Сост. В. А. Жильцов. — М.: Физкультура и спорт, 1980. — 312 с.
- Художник и олимпийская Москох. — М.: Советский художник, 1984. — 159 с.
- Barysas M. Aidi kurantų olimpiniai dūžiai. — Vilnius: Mintis, 1982. — 173 с.
- Документы
- Пять колец под кремлёвскими звёздами: Документальная хроника Олимпиады-80 в Москве / Сост.: Т. Ю. Конова, М. Ю. Прозуменщиков; Гл. ред. Н. Г. Томилина; Российский государственный архив новейшей истории; Международный фонд «Демократия». — М.: МФД, 2011. — 944 с. — (Россия. XX век. Документы). — 1000 экз. — ISBN 978-5-89511-029-4.
- Пять колец под кремлевскими звездами. «Олимпиада-80» в Москве : альбом / глав. ред. Н. Г. Томилина; вступ. ст. М. Ю. Прозуменщиков; сост.: И. В. Казарина, Н. В. Переудина ; Российский государственный архив новейшей истории. — М., 2012. — 112 с. — 500 экз.
- Игры XXII Олимпиады, Москох, 1980 : Официальный отчёт Организационного комитета игр XXII Олимпиады, Москох, 1980 года : [В 3 томах] / Гл. ред. И. Т. Новиков. — М.: Физкультура и спорт, 1981.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Виртуальная выставка документов из фондов РГАНИ, посвященная 40-летию проведения в Москве XXII летних Олимпийских игр . Российский государственный архив новейшей истории. Архивйина 2022-08-17 — Wayback Machine
- Кинохроника и документальные фильмы о Летних Олимпийских играх // Киноархив Net-Film
- Страница Олимпиады (инг.). Официальный сайт МОК.
- Олимпийн ловзарш 22 Олимпиады — статья из Большой олимпийской энциклопедии (М., 2006)
- Страница Олимпиады (инг.). Сайт олимпийской статистики. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 4 август. Кху чуьра архивйина оригиналан 2020 шеран 28 августехь Архивйина 2020-08-28 — Wayback Machine