Гайдуков, Владимир Николаевич

Владимир Николаевич Гайдуков (1923 шеран 4 январь, Таращанский уезд, Киевн губерни — 2006 шеран 1 июль, Москох) — капитан, артиллерист, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.

Владимир Николаевич Гайдуков
Вина терахь 1923 шеран 4 январь({{padleft:1923|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:4|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 2006 шеран 1 июль({{padleft:2006|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:1|2|0}}) (83 шо)
Кхелхина меттиг
Эскаран тайпа артиллери, артиллери
Дарж капитан
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина орден Отечественной войны I степени орден Трудового Красного Знамени орден Красной Звезды орден «Знак Почёта»

Гайдуков вина 1923 шеран 4 январехь Украинин Киеван губернин Таращански уездан Новоживотов юртахь гӀуллакхонан доьзаллехь. Иза оьрси вара. 1930 шарахь цера доьзалла Соьлжа-ГӀала схьабехкира. 1940 шарахь Гайдуковс Соьлжа-ГӀалан № 3 йолу йукъараллин школа чекх йаккхира. Иза Соьлжа-ГӀалан мехкдаьттан институте деша вахара, амма цхьана шарахь дешначул тӀаьхьа цо институт йитира. ТӀом болабаларе иза Краснодаран тӀеман училище деша вахара. 1941 шеран октябрехь Гайдуковс чекх йаккхира. Иза отличник хиларна бахьнехь иза хьажийра Ф. Э. Дзержински цӀарах йолу Лакхара артиллерин академин артиллерийн батарейн куьйгалхонан курсашка хьажийра. 1942 шеран ӀантӀехь Гайдуков Чкалован областе (хӀинца Оренбурган область) хьажийра. Цу хенахь цигахь 206-гӀа кхиссархойн дивизи кхуллуш йара.

1942 шеран 6 июнь дуьйна Гайдуков фронтехь вара Воронежски фронтан 40-гӀа армин 206-гӀа кхиссархойн дивизин 737-гӀа кхиссархойн полкан 120 мм миномётийн батарейн куьйгалхо. 1942 шеран 4 июль дуьйна иза мостагӀца тӀом беш вара. Цьунан тӀеман вахчар хилира Шиловски плацдарман тӀехь. Цул тӀаьхьа цо тӀом бира Чижовски плацдармехь. 1942 шо чекхдолуш хенахь Гайдукован делира лакхара сержантан дарж.

1943 шеран ӀаьнтӀехь 206-гӀа кхиссархойн дивизи 38-гӀа армин йукъайахара. Дивизис дакъа лецира Воронежан — Касторноен операцехь. 1943 шеран мартехь дивизи йара Харьков схьайаккхарна кхозлугӀа тӀамехь дакъа лоцуш.

Гайдукован батарея къаьстина говзалла гайтира Воронежан уллехь хилла тӀамехь. Цо 8 мостагӀан тӀелатар йуха а туьхуьра, 3 миномётан батарей а, 4 йоккха топ а, 29 герз тӀедаьтта меттиг а, 18 блиндаж а, 300 гергга салтий а, эпсар а хӀаллак а вира. Озерки юртан уллехь хилла тӀамтӀехь Гайдукован батарейс хӀаллакйира мостагӀийн 2 йоккха топ а, 4 пулемёт а. Нижняя Сыроватка юрт схьайоккхуш Гайдуковс хӀаллак йира миномётийн батарей. Батарейн мостагӀийн гӀашсалтий тӀелетча хенахь Гайдуковс го беккхина дуьхалло говза кечйина мостагӀий саца а бина, кхано батарей оцу гонах йукъара яккха аьтту бира.

1943 шеран августехь 206-гӀа кхиссархойн дивизи 47-гӀа армин йукъайахара. 1943 шеран 5 августехь Курски дуган тӀом беш Гайдукован батарейс хӀаллакйира мостагӀийн 3 артиллерин батарей а, 2 танк а, 4 пулемёт а, 30 маше а, тӀеман гӀирсийн ларма а, 200 гергга салтий а, эпсар а.

Днепр хих дехьаваларан оперци йолаяле Гайдуков 737-гӀа кхиссархойн полкан артиллерин куьйгалхо хӀоттийра. 1943 шеран 27 сентябрехь Днепрел дехьадолуш хенахь 206-гӀа кхиссархойн дивизи тӀекхечира Келеберда юрт йолчу. Цо куьйгалла а деш полкан йаккхи тоьпаш а, миномёташ а сихха хих дехьа а ялла тӀетоха кечйира. И бахьнехь ЦӀен Эскаран плацдарм керахь сацо аьтту хилира. 29 сентябрехь Пекари юртан уллехь Гайдукован йаккхи тоьпаш йухатуьйхира массийтта мостагӀийн тӀелатар. 30 сентябрехь Гайдукован чӀогӀа чов а йина иза госпитале вигира.

Товеллачул тӀаьхьа Гайдуков капитан даржехь шен батарей йолчу схьакхечира. Цу хенахь иза йара 1-ра Украинин фронтан 27-армин йукъайахана. Гайдуковс дакаълецира Корсунь-Шевченковски операцехь а, Уманско-Ботошански операцехь а. Прут хих дехьаволуш хенахь Гайдукован йуха а чов йира. И чов бахьнехь цуьнан эскаран болх бита дизира. ЗаьӀапал бахьнехь иза цӀавахийтира. 1944 шеран 3 июнехь цунна йелира Советски Союзан Турпалан цӀе.

Соьлжа-ГӀала цӀавеача иза цхьана шарахь шен могашалла меттахӀоттош вара. ТӀаккха иза Москва дӀа а вахана Арахьара махлелоран институте деша хӀоьттира. 1950 шарахь цо институт чекхйаьккхира. Ша пенсе ваххалц иза вара СССР Министрий Советан арахьара экономикан уьйренан пачхьалкан комитетехь болх бира. Иза велира 2006 шеран 1 июлехь. Иза дӀавоьллина Москвахь.

СовгӀаташ

бӀаьра нисйан
  • Советски Союзан Турпал (1944 шеран 3 июнехь);
  • Ленинан орден (1944 шеран 3 июнехь);
  • 1-ра даржан Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман орден (1985 шарахь);
  • шиъ ЦӀен Седан орден (1943 шеран 13 маехь а, 30 августехь а);
  • ЦӀен Къинхьегаман Байракхан орден;
  • шиъ «Силаллийн билгалон» орден;
  • мидалш.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Литература

бӀаьра нисйан
  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
  • Золотые Звезды Чечено-Ингушетии: очерки о Героях Советского Союза. 3-е изд., доп. — Гр.: Чечено-Ингушское книжное издательство, 1985. — С. 51—58. — 327 с.
  • Овеянные славой имена: очерки о Героях Советского Союза, уроженцах Винницкой области / редкол.: Г. Я. Буртяк (отв. ред.) и др. — Одесса: Маяк, 1983. — С. 66—68. — 311 с.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан