Георгиос Галициос (желт. Γεώργιος Γκαλίτσιος; вина 1986 шеран 6 июлехь Ларисехь, Желтойчоь) — желтойн футболист, ловзу аьтту турслочун позицехь, кипран «Анортосис» клубехь. «Ларисин» 1980-гӀа шерашкара ловзархочун Галициос Яннисан кӀант.

Футбол
Георгиос Галициос
Йукъара хаамаш
Вина терахь 1986 шеран 6 июль({{padleft:1986|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:6|2|0}}) (37 шо)
Вина меттиг Лариса, Желтойчоь
Гражданалла Желтойчоьнан байракх Желтойчоь
Локхалла 183 см
Позици йисттера турсло
Лоьмар 3
Клубан карьера[* 1]
2005—2008 Кипран байракх АЕЛ 91 (2)
2008—2011 Желтойчоьнан байракх Олимпиакос 31 (0)
2011   Желтойчоьнан байракх Паниониос 9 (2)
2011—2017 Бельгин байракх Локерен 158 (2)
2017—2019 Бельгин байракх Мускрон 24 (0)
2019—хӀ. а. Кипран байракх Анортосис 43 (6)
Къоман гулйина команда[* 2]
2003—2004 Желтойчоьнан байракх Желтойчоь (17 шо кхачанза) 6 (0)
2005—2007 Желтойчоьнан байракх Желтойчоь (19 шо кхачанза) 3 (0)
2005—2008 Желтойчоьнан байракх Желтойчоь (21 шо кхачанза) 15 (0)
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара, карладаьккхина 8 мартехь 2021 шераш.
  2. Къоман гулйина командехь ловзаран а, голийн а барам официалан матчашкахь, карладаьккхина 8 мартехь 2021 шераш.
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Галициос — аьтту турсло, цкъа левзина ца Ӏа Желтойчоьнан кегийрхойн гулйина командехь. Нуьцкъала ловзархо ву ала мегар ду, виртуоз олучул, иза къастало ша кепара когийн ницкъаца.

Клубан карьера нисйе бӀаьра

АЕЛ нисйе бӀаьра

Клубехь ловзучу шерашкахь, царна йукъахь ду «Лариса» 2007/08 шеран УЕФА кедехь тобанан муьрашкахь ловзар а, цуо АЕЛ йукъахь ладаме роль ловзийра, цуьнан ладаме ловзархо а хилира. ТӀаккха Желтойчоьнан кхин а чӀогӀа командаш тергоне ийцира иза.

Лигехь шен хьалхара гол туьйхира 2007 шеран 7 октябрехь цӀерачу ловзарехь «Левадиакосна», ловзар чекхделира 3:3 чоьтаца, ткъа шолгӀачу баттахь туьйхира кхин а цхьа гол «Панатинаикосна». Иза левзира УЕФА кедан йалх матчехь[1]. Иза дика левзира шен 2005/06 шеран Суперлигин хьалхарчу чемпионатехь, командин 30 матчех 27 левзира, гӀодира бархӀалгӀа меттиг йаккха.

«Олимпиакос» нисйе бӀаьра

2008 шеран январехь дӀакхийтира «Олимпиакосах». Иза левзира Чемпионийн лигехь «Арсеналан» дуьхьала, амма 75-гӀа минотехь жимма лазийна, хийцира. Кхаа шарахь клуб йукъахь левзира 45 матчехь, берриг къийсамашкахь[2].

Панионис нисйе бӀаьра

28 январехь Георгиос велира эха шеран «Панионисе» аренде. Цунна кхин а болх бара кховдийна цуьнан хиллачу клубо «Ларисас», амма цунна гӀоле хийтира «Паниониосах» кхетар, цигахь таро йара коьрта роль ловзо, Маниатис Иоаннис а хийцина.[3]

Кхиамаш нисйе бӀаьра

Клуб нисйе бӀаьра

Лариса

Олимпиакос

Локерен

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Teams & players > Players > Giorgos Galitsios > Profile (инг.). UEFA.com. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 23 январь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2020 шеран 10 июлехь
  2. Giorgos Galitsios (инг.). football.com. Архивйина 2014 шеран 22 мартехь
  3. :Δανεικός στον Πανιώνιο ο Γκαλίτσιος (желт.). sport103.gr. ТӀекхочу дата: 2011 шеран 28 январь.