Фёдор Ульянович Галкин (1907 шеран 3 март, Елисеево (Нижни Новгородан область), Нижегородская губерния — 1967 шеран 9 февраль, Соьлжа-ГӀала) — полковник, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.

Фёдор Ульянович Галкин
Вина терахь 1907 шеран 3 март({{padleft:1907|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:3|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1967 шеран 9 февраль({{padleft:1967|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:9|2|0}}) (59 шо)
Кхелхина меттиг
Дарж полковник
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина орден Красного Знамени орден Богдана Хмельницкого II степени орден Суворова III степени орден Красной Звезды медаль «За победу над Германией в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» юбилейная медаль «Двадцать лет Победы в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» медаль «За взятие Берлина» медаль «За освобождение Варшавы» юбилейная медаль «30 лет Советской Армии и Флота»

Вина 1907 шеран 3 мартехь белхалон доьзаллехь Елисеево юртахь (хӀинца Нижегородан область). Иза оьрси вара. Галкинера доьзалла Сибрех дӀабахара, амма Фёдорин да-нана делира тиф бахьнехь. Фёдор Курганера берийн цӀа дӀавелира. Цигахь цо 6 класс чекхйаьккхира. Цул тӀаьхьа цо профтехучилище чекхйаьккхира, тӀаккха Кургана машенаш яш йолу заводехь (хӀинца «Кургансельмаш») болх бира[1].

1928 шарахь иза ВКП(б) декъашхо хилира. 1929 шарахь иза ЦӀен Эскаре дӀавахара. 1932 шарахь цо тӀехдика чекхйаьккхира Рязанан гӀашсалтийн школа[2]. Цул тӀаьхьа иза вара кхиссархойн эскарехь Генара Малхбалехь взводан а, ротан а, батальонан а куьйгалхо. 1939 шарахь цо Халхин-Голехь тӀом бира Григорий Жукован куьйган кӀелахь. Цигахь цо еккхира хьалхара Ленинан орден[3].

1942 шеран июль дуьйна Галкин вара Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман фронтехь. Иза хилира батальонан а, полкан а куьйгалхо. ТӀом чекхболуш хенахь иза вара дивизин командиран когаметтаниг. Къаьстина говзалла цо гайтира тӀом чекхболуш хенахь Польша мукъайоккхуш а, Висла-Одеран операцехь а, Берлин схьайоккхуш а.

1945 шеран 24 апрелехь полковник Галкин вара 230-гӀа кхиссархойн дивизи Шпрее хих дехьайаларан куьйгалхо деш. Цуьнан дивизин тӀедиллинера Руммельсбургер-Зее хӀордан уллехь плацдарм схьайаккхар. 26 апрелехь Галкин ша штурман тобанан хьалвелира Берлинан йиъ квартал схьайоккхуш хенахь. Трептов-парк схьайоккхуш цуьнан тобанас йодуш летташехь схьайаьккхира немцош эккхита кечйина Румельсбург цӀе йолу Берлинан уггара йоккха электростанци. Цара схьайаккхина объекташ йукъахь йара Берлинан Коьрта Имперски типографи. 1945 шеран 27 апрелехь Галкин лазийра цун уллехь иккхина минас.

1945 шеран 31 майхь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца цунна йелира Советски Союзан Турпалан цӀе. ТӀом чекхбеллачул тӀаьхьа иза Кавказехь эскаран болх беш вара. 1955 шо дуьйна иза тӀаьхьаллоне ваьккхира. ТӀаккха иза Соьлжа-ГӀала схьа а веана, кхузахь болха дӀахӀуттира. Иза велира 1967 шеран 9 февралехь Соьлжа-ГӀалахь. Галкин дӀавоьллира Соьлжа-ГӀалан Ленински кӀоштан йукъара кешнашкахь[4]. Цуьнан каш лоруш ду регионан даржан хӀоллам. 2010 шарахь Галкинан каш вуо хьал долуш дара[5].

Дагахьлаттавар

бӀаьра нисйан

Семёнов гӀалахь а бу цуьнан цӀе тиллина урам. Соьлжа-ГӀалахь бу Галкинан цӀе тиллина урам а[6], урамалг а[7].

СовгӀаташ

бӀаьра нисйан
  • Советски Союзан Турпал (1945 шеран 31 майхь)[8];
  • Ленинан орден (1945 шеран 31 майхь);
  • Ленинан орден (1939 шо);
  • Кхоъ ЦӀен Байракхан орден (1943 шеран 8 апрелехь[9], 22 сентябрехь а[10]);
  • 2-гӀа даржан Богдан Хмельницки орден (1945 шеран 6 апрелехь)[11];
  • 3-гӀа даржан Суворован орден (1944 шеран 27 майхь)[12];
  • ЦӀен Седан орден;
  • мидалш.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан