ГахӀар (лат. ornamentum «хаздар») — шен элементаш карладаккхаран а, хийцаран а бух тӀехь болу бустам; цхьацца бахаман хӀуманаш (пхьегӀа, гӀирс, герз, текстилан сурсаташ, мебель, жайнаш, кхин дӀа а), архитектурин гӀишлош (тӀехула а, чухула а), пластикан говзаллин кхолламаш (коьртаниг прикладан), цхьаболчу наха шайн догӀмаш (басарш хьекхар, татуировка) хаздан лерина.

ГахӀар гӀишлон тӀехь

Ша кечъеш йолу цхьаьна хӀуман тӀехула дина гахӀаро, билгалйоккху я акцент йо ша тӀедиллинчу хӀуман архитектоникан. ГахӀаро пайда оьцу юкъарчу кепашца, я хатӀ до болчу мукъмашца.

Кхолладаларан истори

бӀаьра нисйан

ГахӀар кхолладелла хан билгала йац. Цунна чохь гойту адаман белхан эстетикан ойла, коллараллица хуьйцу, нисдо Ӏалам я динан чулацам. ГахӀарехь, башха халкъан кхоллараллехь (цигахь иза шуьйра даьржина), йисина фольклоран-поэтийн дуьненца йолу юкъаметтиг. Хан хене мел йолу мукъмийн хьалхалера маьӀна довра, юьсура декоративан а, архитектоникан а къаьсташ хилар. Доккха маьӀна генезисехь а, гахӀара кхин дӀа кхиарехь а, дара эстетикан йукъараллин иэшамаш: цхьаьнатоьхна мукъмийн ритман нийсалла яра уггаре хьалхарчу хьесапех дуьне исбаьхьаллийца карадерзор. Дукхаха йолчу адаман дахаран процессаш а, Ӏаламан хиламийн а ритм йоцуш, кхин законе хьаьжжина хиларш гайтина гахӀаран мукъмашкахь: терзан закон, цигахь цхьаъ цхьабосса хила тарло шорттачуьнца, Дуьненан кхолхалла, ширачара дуьнедовзарехь тамаша баллал хӀилам, иза бу шен центр, юккъера дакъа, йист йолчу гахӀаран хьаьркехь. ГахӀар, тӀаьххьара, хилла дуьне гайтаран символан юьхьиг, иза го Х. Э. Керлотан талламашкахь.

ГахӀар юкъадалар шен орамашца бӀешерийн кӀоргенашка доьду, дуьххьарлера цуьнан лараш йисина палеолитан муьрехь. Неолитан оьздангаллехь гахӀаран дукха кепаш хилла. Хенан йохаллийца гахӀаран олалла а, хааран маьӀна а дӀадолу, амма шена тӀаьхьа дуьту ладаме, нисъеш а, хазъеш а пластикан кхоллараллера системан роль. ХӀора муьро, хаттӀо, хьалха-тӀаьхьа гучуяьлла къоман оьздангалло шен система кхуллура, цундела гахӀар тешаме хьесап ду кхолламаш билгалчу хенера, къомера, махкера хиларан. Шеко йац, иштта, гахӀаран историн шен константаш, хьаьркаш хилар, уьш хено ца хийцина, тайп-тайпана оьздангаллин, хоттӀийн, муьрийн долахь ю. Ишттачу хьаьркех ю, масала, чкъург.

Башха кхуьу гахӀар дериг гойтуш билламан кепаш йолчохь: Шира Малхбалехь, колумбал хьалхарчу Америкехь, азин шираллин оьздангаллашкахь, юккъерчу бӀешерашкахь, европин юккъера бӀешерашкахь. Ширачу заманахь дуьйна, халкъан кхоллараллехь хӀиттало гахӀаран цхьаьна эшшара хьесапаш а, кепаш а, дукхаха дерг къоман исбаьхьаллин гӀиллакхаш билгала дохуш. Масала, ХӀиндехь йисина шира говзалла ранголи (альпона)- гахӀаран сурт — дуӀа.

 
Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу йаззам «гахӀар»

Литература

бӀаьра нисйан
  • БСЭ (в 30 тт.), ГахӀар, М.: «Советская энциклопедия», 1969—1978 гг.;
  • Керлот Х. Э. Словарь символов. М., «REFL — bock», 1994;
  • Лоренц Н. Ф., ГахӀар всех времен и стилей, в. 1—8, СПБ, 1898—99;
  • Meyer P., Das Ornament in Kunstgeschichte, Z., 1954;
  • Evans J., Style in ornament, Oxf., 1950;
  • Bossert Н. Th., Arte ornamentale, Barcelona, 1957.
  • О. Расинэ. ГахӀар всех времен и стилей. Т. 1-2. М., Белый город, 2007, 719 с.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан