Гебремариам Алана Тадеге (бел. Алана Тадэгэ Гебрэмарыям; йина 1997-чу шарахь бекарг-беттан 7-чу дийнахь) — беларусийн граждански активист йу. Беларусин бакъонашларйаран йукъарлоно политикан тутмакх санна лоруш йу.

Гебремариам Алана Тадеге
белорус. Алана Гебрэмарыям
Сурт
ГӀуллакхан тайпа жигархо
Йина терахь 1997 шеран 7 март({{padleft:1997|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:7|2|0}}) (27 шо)
Йина меттиг Беларусь, Минск
Викилармин логотип Гебремариам Алана Тадеге Викилармехь

Аланас чекхйаьккхина Минскера 61 лоьмар йолу ишколан физикин-математикин класс, иза тӀехдика доьшуш йара. Цул тӀаьхьа чекхйаьккхина Белоруссийн Пачхьалкхан Медицинин Университет, цуьнан говзалла «Стоматологи» йара. Доьшуш йолчу хенахь Ӏилманан гӀуллакхаш деш йара. 2018-чу шарера дуьйна йукъараллин гӀуллакхаш кхочушдеш йара, «Задзіночанне беларускіх студэнтаў» (Белоруссийн студентийн цхьанакхетар) цӀе йолчу организацин куьйгаллехь хилла иза. Иштта UNI проектан декъашхошца болх баран менеджер йара,  «Акадэмія студэнцкага лідарства» дешаран программин ментор йу. «Моладзевы блок» цӀе йолу боламан жигархо йу.

2020-чу шеран Беларусин президентан харжамашкахь йаккхий харцонаш лелийначул тӀаьхьа протесташ йолайелира, уьш къизаллица хьашира, ткъа тутмакхшна ницкъ бира. Оцу муьрехь пачхьалкхехь хьал меттахӀотторан Координационан кхеташонан коьртачу декъе йукъайахара иза.

2020-чу шеран лахьанан-баттахь Тихановская Светланас къонахойн а, студентийн а гӀуллакхийн векал йира цунах, 2020-чу шеран лахьанан (ноябран) 12-чу дийнахь Аланин а, кхиболу ЗБС-ан жигархойн петаршкахь лехамаш бира, уьш дӀалецира, йуха Пачхьалкхан Кхерамазаллин Комитете (КГБ) дӀабигира.

Лахьанан 13-чохь хиира, Алана КГБ-н СИЗО чохь латтош юйла. Цунна дуьхьал долийра Беларусь Республикин Бехктакхаман кодексан 342 артикалца 1-чу декъаца (Йукъараллин низам дохош гӀуллакхаш лелор) зуламан гӀуллакх.

2020-чу шеран лахьанан (ноябран) 18-чу дийнан схьа дуьйна пхийтта организацино, царна йукъахь бакъонашларйаран йукъ «Весна», Белоруссийн журналистийн ассоциаци, Белоруссийн Хельсинкан Тоба, Белоруссийн ПЕН-центр, Алана политикан тутмакх хилар къобалдира.

2021-чу шеран бекарг-беттан (мартан) 16-чохь Беларусин Талламан комитето Аланан а, кхиболчу ЗБС-н жигархошна  дуьхьал хьалхара бехкаш кховдийра.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан