ХӀокху агӀонан йац хьаьжжина версеш, хила мега, цуьна дикаллин мах ца хоттийна болучу барамца.

Тихановская Светлана Георгиевна (йоӀ йолуш Пилипчук хилла Тихано́вская; бел. Святлана Георгіеўна Ціханоўская (Піліпчук)- белоруссийн политик йу.

Тихановская Светлана
белор. Святлана Георгіеўна Ціханоўская
Сурт
Бакъ цӀе белорус. Святлана Георгіеўна Піліпчук
ГӀуллакхан тайпа политик
Йина терахь 1982 шеран 11 сентябрь({{padleft:1982|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:11|2|0}}) (42 шо)
Йина меттиг
Викилармин логотип Тихановская Светлана Викилармехь

Йина 1982-чу шеран 11-чу сентябрехь,  Белоруссийн Советийн Социалистийн Республикехь Брестан областехь Лунинецки кӀоштан Микашевичи посёлкехь.

Светлана Тихановская- белоруссийн политикин гӀуллакхо йу. 2020-чу шеран Беларусь Республикин президентан харжамашкахь кандидат хилла иза. Официалан статистико бахарехь, Тихоновская Светланехьа кхаьжнаш тесна 7 гергга процент харжамашкахь дакъалаьцначара. 2-гӀа меттиг бара цуьнан.[1]

Харжамашан жамӀ кхайкхинчул тӀаьхьа Белорусехь протестан акцеш йолайелира. Лукашенкон дуьхьалхилар дӀахьедира Тихановскаяс, цунах «узурпатор» элира. Керла харжамаш бар кхайкхира цо. Амма масийтта де даьлча, Белорусер дӀайахара Тихановская. ХӀинца иза Литвахь Ӏаш йу. Цо  ша «къаьмнийн хьалхайаьлларг» йу боха.

Европин пачхьалкхашка йахна иза. Польшехь а, Германехь а иза пачхьалкхан куьйгалхо санна тӀелаьцна. 2020-чу шеран 20-чу сентябрехь Литван Сеймас Тихановская Светлана низамца хаьржина Белорусин Президент хилар къобалдина.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан