ХӀокху агӀонан йац хьаьжжина версеш, хила мега, цуьна дикаллин мах ца хоттийна болучу барамца.

Гевхар-агин лакхара маьждиг (азерб.мат. Yuxarı Gövhar Ağa məscidi), я Гевхар-Аги Джума-маьждиг, иштта Коьрта маьждиг- Азербайджанехь Шуша[1] гӀалан лакхарчу куьпехь лаьтташ долу шиитийн[2] зиярт ду.

Маьждиг
Гевхар-агин лакхара маьждиг
Yuxarı Gövhar Ağa məscidi
Пачхьалкх  Азербайджан
ГӀала Шуша
Координаташ 39°45′36″ къ. ш. 46°45′09″ м. д.HGЯO
Болам, ишкол ШиIитийн
Долахо ИбрахIим Хьалил-хан
Архитектурин хатӀ Исламан архитектура
ГӀишлошъярхо Кербалаи Сафихан Гарабаги
ГӀишлош яр 1768—1885 шераш
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Мешедиханым Неймето дийцарехь, «Карабахнамен» автор волу XIX-чу оьмарехь ваьхна азербайджанийн историко Мирза Джамалас тоьшалла дора, и маьждиг дина ИбрахӀим ханан буьйрца «1182-чу шарахь» (ма-дарра 1763-1769-гӀа шш)[3].

 
Маьждиг. Верещагинан сурт 1860 год.

Маьждиг дина ваьлла архитектор волу Кербалаи Сефихан Карабаги. Белхаш дӀаболийнера ИбрахӀим ханан йоӀан буьйрца 1883-1885-чу шерашкахь[4].

А. Т. Салимовас хаамаш а бо, Гевхар-агин карабахан махкахь кхечу маьждигийн куц-кеп хилар. Масала, тӀулгийн колоннашца шозза тӀекӀелйина галереяш яр а, нартолан юхатиллар пайдаэцар а.

Цу кепехь дина Барда шахьрехь долу маьждиг а (1860 шо), Ашагы Гевхар-агин цӀарах маьждиг а (1874—1875 шш.), Джума маьждиг а (1768 шо), Агдаман маьждиг а (1868—1870 шш.),  Физули шахьрехь лаьтта маьждиг а (1889 шо) а, Горадиз йуьртан маьждиг а[5].


Кхузаманан маьждиг

бӀаьра нисйан

1992-чу шарахь Шуша гӀала эрмалойн ницкъийн караяхара. Маьждиг чу нах эхар сецара. 2005-чу-2007-чу шерашкахь чолхечу хьолехь яра сийлахь меттиг: фронтон (тхевнан агӀо) а, куц доккху пилта а  яцар[6][7][8][9].

 
2014 шо

2007-чу шарахь Шушан шахьрехь маьждигаш меттахӀитторан белхаш дӀабахьа дагахь хилар кхайкхира лоруш йоцу Ламанан Карабахан Ӏедало.

Пачхьалкх санна лоруш йоцу Ламанан Карабахан проектана пачхьалкхан бюджетер ахча делира. Цу ахчах маьждиган чоьнаш цӀанйира, иштта зияртан гонахьа керт йира[10].

2011-чу шеран оханан (апрель) беттан 4-чу дийнахь Эрмалойчуьра а, пачхьалкх санна лоруш йоцу Ламанан Карабахан Республикер студентийн кхеташонехь ЛКР-н Президент волу Бако Саакяно хаам бира, Шуша шахьрехь долу бусулбанийн маьждиг пачхьалкхо лардеш хилар а, иштта тӀейогӀучу хенахь иза тадан Ӏалашо хилар а[11].

2020-чу шеран лахьанан (ноябрь) баттахь 8-чохь Азербайджано Шуша гӀала маршаяьккхира.

11-чохь азербайджанийн эскаран салтичо момсар тӀера азан кхайкхира. ТӀаьхьарчу ткъе бархӀ шарахь Шушахь хьалхара молла кхайкхира[12]. Азербайджанан салташ маьждиг чохь ламаз дира[13], ткъа 13-чохь- 28 шо даьлча хьалхара рузбан ламаз а дира[14].


Исторехь хилларг

бӀаьра нисйан

2017-чу шарахь Джаьбраилан кӀоштан Чоджук юртахь Шушан зияртан кепехь маьждиг схьадиллира.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Город Шуша — Политический и Культурно-Исторический центр Карабаха Архивйина 2009-03-16 — Wayback Machine Кеп:Битая ссылка
  2. Климович Л. И. Ислам в царской России. — Кеп:Каз.: Иман, 2003. — С. 52. — 225 с.

    Еще в Шуше две соборные шиитские мечети имели очень богатые вакфы.

  3. Эпиграфические памятники Карабаха

    Обратимся к дарственному акту Гевхар-аги на соборной мечети в городе Шуши. Эта мечеть была построена, по сообщению историка Мирза Джамала, автора «Карабахнаме», по распоряжению Ибрахим хана в 1182 году (1663—1769 гг.)

  4. Эпиграфические памятники Карабаха
  5. Архитектура Азербайджана
  6. Верхняя мечеть (1883 г.), Шуша, Нагорный Карабах. фотография 25 апреля 2005 года Архивйина 2008-10-06 — Wayback Machine
  7. (Photo #2) Фотография 2006 года Архивйина 2007-12-18 — Wayback Machine
  8. Фотография мечети Говхар-аги на сайте Фонда возрождения Шуши Архивйина 2007-10-26 — Wayback Machine
  9. Верхняя мечеть Говхар-аги. Фотография 2007 года(ТӀе цакхочу хьажорг)
  10. Новости — Армения(ТӀе цакхочу хьажорг)
  11. ИА REGNUM // «Мусульманская мечеть в Шуши охраняется государством» — президент Нагорного Карабаха // 4 апреля 2011
  12. В освобожденной Шуше прозвучал азан. Впервые за последние 28 лет
  13. Азербайджанские солдаты совершили намаз в Шушинской мечети
  14. Спустя 28 лет: первый намаз в освобожденной Шуше

Хьостанаш

бӀаьра нисйан