Гендаргнойн ЧӀулг
ЧӀулг (АтагӀан ЧӀулг, чакх. XVIII — йуьхь. XIX бб.) чакх. XVIII — йуьхь. XIX бб. Нохчийчохь хилла тӀемийн жигара декъашхо.
Гендаргнойн ЧӀулг | |
---|---|
Вина терахь | 1778 |
Вина меттиг | Хьалха-Марта, Нохчийчоь |
Кхелхина терахь | 1829 |
Кхелхина меттиг | ЧӀулга-Йурт, Нохчийчоь |
ТӀемаш | Кавказхойн–оьрсийн тӀом 1763–1864 |
Жимачу АтагӀан йуьртда. 1807 шеран сентябрехь, масех тӀамехь инарла Булгаковн эскарел эшча, Тайми Биболата а, Гендаргнойн ЧӀулга а Россех дозуш хилар тӀеийцира. Нохчийн 20 йуьртдайшна йукъахь Российн байӀат дина, цунна делла Гуьржехахь а, ДегӀастанахь а коьрта баьчча волчу инарла-элас Гудовича поручик дарж.[1] Оцу хьокъехь 1807 шеран 27 августехь инарла-эле Гудовиче йаздина долчу кехатехь Ӏаьндари йуьртдас Кандауров Хьаджи-Реджеба, ЧӀулг вуьйцу «ладаме ши стаг (шолгӀаниг — Тайми Биболат), Нохчийчохь дукха лераме волу». 1808 ш., муха нисделла хууш дац, ЧӀулга стаг вийна, иза доккхачу тайпанах хилла. Кестта маслаӀат дина, амма цуьнан барт ЧӀуьлган даиманан а Хьалха-Марта йита йезаш хилла.
1808 шарахь кхоьллина Теркан аьтту берд тӀехь Мазалкан полкан Ишоре гӀалан дуьхьала ЧӀуьлга-Йурт (Мурдар-Йурт, Мурдарово йурт, тӀехьуо — Мундар-Йурт, оьрсийн маттахь — Знаменское).[2]
ЧӀуьлган ши йоӀ а, Сулейман цӀе йолуш кӀант а хилла, иза Оьрсийн эскаран прапорщик а, Оьрсий-ХӀункара тӀеман декъашхо а хилла. КӀентан кӀант — АӀабдулкъедар 1917 шеран гурахь Мундар-Йурто векал вина БуритӀе Кавказан ломан къаьмнийн II-гӀа гуламе вахийтина.
Валар
бӀаьра нисйанXIX бӀешеран 20-гӀа шерашкахь ЧӀулг бехке вина обаргаш кӀелхьара бахарна, лаьцна паччахьан баьччалло. 1827 шо кхаччалца Соьлжа-ГӀалин гӀопехь валлийна. 1829 шарахь февралехь иза велла[3].
Доьзал
бӀаьра нисйанЧӀулга кхоъ ваша хилла: Исмайла, Меза, Нойрби. Церан ден цӀе Сайка хилла. Церан дайн силсила иштта йу: Ахьматхан, СайдӀали, АргӀун, Шейхуль-Ислам, Джамалуддин, Нурдахьад, Дада, Кавмар, Баммат, Ойбалла, Бовлач, Товзархан, Янхот, Дауд, Ханбатар, Джанхот, Сайка. ЧӀулгара гендаргнойн тайпана Сайкин-некъе бара[4]
ЧӀуьлган тӀаьхье
бӀаьра нисйан-
Чуликов Улубий — Кавказан тӀеман декъашхо
-
Чуликов Юсуп — Теркан областан Теркйистан декъан хьаькам, Российн империн эпсар
-
Чуликов Махьмуд — Нохчийн дошлойн полкан эпсар, Георгиевски жӀаран а, Сийлахь Аннин орденан а кавалер. СовгӀаташ делла Германица тӀемаш барна
-
Чуликов Ӏали – нохчийн Ӏилманча
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- История села Знаменское Архивйина 2016-03-06 — Wayback Machine
- Гендаргнойн ЧӀулг
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Шахрудин А. Г. — Россия и Чечня: последняя треть XVIII--первая половина XIX века, Академия наук Чеченской Республики, 2009 — стр. 138
- ↑ Подтверждением этого обычно приводится прошение поручика Сулеймана Чуликова от 23 февраля 1862 года на имя главнокомандующего войск Терской области князя Святополк-Мирского, цитируемое по Н. П. Гриценко «Социально-экономическое развитие притеречных районов в XVIII — первой половине XIX в.», на 179 странице, под заголовком «Документ № 3»
- ↑ Центральный государственный архив Республики Северная Осетия-Алания (далее — ЦГА РСО-А), ф. 12, оп. 6, д. 849, л. 11.
- ↑ Ю. М. Эльмурзаев. «Юсуп Нохчуа. Страницы истории чеченского народа.». — Грозный: Книга, 1993. — С. 57 - 70. — ISBN 5-09-002630-0.
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. ХӀара дехар ду, хьай аьтту балахь хийца йоза билгала долучуьнца. |