Нохчийчоь

Россин Федерацин субъект
ХӀокху версин 11 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2023, 17 сентябрь).


Нохчийчоь (оьрс. Чечня), официальни цӀе — Нохчийн Республика [⇨] (оьрс. Чеченская Республика) — иза Россин Федерацин субъект а, цунна йукъайогӀу республика а йу[5]. Иза Къилбаседа Кавказан малхбалехь лаьтташ йу. Цуьнан майда — 16 171 км² йу[комм. 1]. Иза къилбаседехьара къилбехьа йаьржина йу гергарчу хьесапехь 170 км, ткъа малхбузера малхбалехьа — гергарчу хьесапехь 100 км йу. Цуьнан доза ду Россин Федерацин хӀокху субъекташца: малхбузехь — ГӀалгӀайчоьнца а, къилбаседа-малхбузехь — Къилбаседа ХӀирийчоьнца а, Ставропьский крайца а, къилбаседа-малхбалехь а, малхбалехь а, къилба-малхбалехь а — ДегӀастанца а; Нохчийчоьнан къилба-малхбузехь а, къилбехь а доза ду маьршачу пачхьалкхаца — Гуьржийчоьнца а[⇨].

Республика (пачхьалкх)
Нохчийн Республика
Нохчийчоь
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Шатлакхан Илли
43°24′00″ къ. ш. 45°43′00″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  Росси
Цунна йукъайоду 15 кӀошт а, 3 республикин маьӀна долу гӀала
Адм. центр Соьлжа-ГӀала
Корта Кадыров Рамзан
Парламентан председатель Даудов Мохьмад
Правительствон председатель Хучиев Муслим
Истори а, географи а
Кхоллар 1993 шеран 9 январехь
Латта
  • 16 165 км²[1]
Сахьтан аса МСК
Бахархой
Бахархой 1 478 726[3] стаг (2020)
Къаьмнийн хӀоттам нохчий, оьрсий, гӀумкий, ногӀий
Динан хӀоттам бусалба, керста
Официалан меттанаш нохчийн, оьрсийн[4]
Идентификаторан терахьаш
Код ISO 3166-2 RU-CE
Телефонан код +7 871
Интернет-домен http://grozny.ru/
Официалан сайт
Нохчийн Республика картин тӀехь
Нохчийн Республика картин тӀехь
СовгӀаташ

Ленинан Орден Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орден Октябран Революцин Орден — 1970

Халкъийн доттагӀаллин орден
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Иза йукъайоьду Къилбаседа-Кавказан федералан гуона. Къилбаседа-Кавказан экономикин кӀоштан дакъа а ду иза.

1978 шеран Российн Федерацин — Российн (РСФСР) Конституцин хийцамашца, кхоьллина 1993 шеран 9 январехь[6]. НР тӀеман гӀуллакхаш чекхдевлча референдум йира, цигахь, 2003 шеран 23 мартехь, бахархоша алсама кхаж тасарца гайтира шеш РФ декъахь диса лаар[⇨].

Республикин кортаР. А. Кадыров (2007 шарахь дуьйна), Парламентан Председатель — М. Х. Даудов (2015 шарахь дуьйна), Правительствон Председатель — М. М. Хучиев (2018 шарахь дуьйна). НР йу РФ йукъара суверенни[7] республика[⇨].

Бахархой 1,5 млн[8] стаг, коьрта шахьар — Соьлжа-ГӀала. Пачхьалкхан меттанаш: нохчийн а, оьрсийн а. Сахьтан зона МСК, UTC тӀиера дӀахилар ду +3:00.

Этимологи

бӀаьра нисйан

Республикин нохчийн маттара цӀе, Нохчийн Республика йа Нохчийчоь, йоьзна йу нохчийн къоман цIарца. Нохчийчоь хьахайна йу ше цIарца VII-гIа бIешарехь - Нахчематт аьлла[5], XIII-гIа бIешарехь - Нахчу мохк аьлла[9].

Нохчийн Республика лаьтта Европин Россехь къилбехахь — Къилбаседа Кавказан малхбален декъехь, регион наггахь билгал а йоккху Къилбаседа-Малхбален Кавказ олий. Нохчийн Республикин дозанийн дохалла ду 841 км. Республикин майда — 16 165 км², 2018 шо кхачале тайп-тайпана хьосташа лора тайп-тайпана хаамаш цуьнан майданах лаьцна, хӀунда аьлча, чаккхенца хӀоттийна доза дацара Нохчийн Республикин а, Республика ГӀалгӀайчоьн а йукъахь[10], масала, 2017 шарахь арахецна ЙОьЭ гойтура 15,6 эз. км²[11]. 2018 шеран 26 сентябрехь ГӀалгӀайчоьнан коьрто Ю.-Б. Б. Евкуровс а, Нохчийчоьнан коьрто Р. А. Кадыровс а куьйгаш йаздира республикашна йукъахь дозанаш хӀитторан барт кӀелахь, цул тӀаьхьа майданаш нийса гайта йолийра[12][13]. Къилбаседехьара къилбехьа Нохчийчоь йахйелла 170 км гергга, малхбузехьара малхбалехьа — 100 км гергга. Доза ду РФ субъекташца: малхбузехь — ГӀалгӀайчоьнца (153 км 400 м), къилбаседа-малхбузехь — Къилбаседа ХӀирийчоьнца (13 км 300 м) а, Ставрополан махкаца (119 км 300 м) а, къилбаседа-малхбалехь, малхбалехь, къилба-малхбалехь — ДегӀастанца (471 км); къилба-малхбузехь Нохчийн Республикин доза ду маьршачу пачхьалкхаца — Гуьржийчоьнца (84 км).

Геологи а, рельеф а

бӀаьра нисйан
 
Нохчийчоьнан уггаре лекха лам — ТӀуьйли-лам (2009 ш. сурт).

Геоморфологин агӀора Нохчийн Республикин мохк билгала боккху кхаа йоккхачу структураца (къилбаседехьара къилбехьа) — Хьалхара Кавказ, Ломан кӀажош, Йоккха Кавказ; кхин а дика гойту рельефан амал деа декъе йекъча — Теркан-ГӀумин чутаӀе, Теркан-Соьлжин лакхиэ, Нохчийн аре, Ломан Нохчийчоь[14].

Геологин агӀора Хьалхара Кавказан чутаӀен дакъа, тӀехула дуьзина ду Каспий-хӀордан морскими отложениями Каспийского моря[15]. Ломан даккъаша, лаьмнашна йукъара атагӀаша а, боьранаша а дӀалоцу 35 % гергга Нохчийн Республикин мохк. Бисина мохк — аренаш йу дукхаха долчу декъан чӀогӀа хедийна лакхиэнашца. Лаьмнаша дӀалоцу республикин дерриг къилба дакъа, асан шоралла 30-50 км.

НР къилбаседан дакъа — республикин къилбаседан дозанера Теркан тогӀане кхаччалц — аре йу, иза Теркан-ГӀуман атагӀин къилба дакъа ду (кхузахь ду НогӀийн аренан къилба дакъа), ткъа иза, шен рогӀехь, шуьйра дакъа ду Кавказал хьалхара аренан. Нийса экъа[комм. 2] цхьаьнаэшшара охьатаьӀа малхбалехьа — Каспийн гуонахьара акъарин агӀора, цунна кӀеззиг «тӀейолу» республикин къилбаседа-малхбален маьӀиг (и маьӀиг Дуьненан океанан тӀегӀанал лахахь йу). Теркан-ГӀуман акъарин къилбехахь лаьтта Теркйистан гӀамаран массив, цуьнан рельефехь алсама бу гӀамаран баьрзаш, уьш дахделла шораллехь, нисло алсама долучу мехашца[16][17].

Теркан къилбехьа НР махкахула дахделла Теркан-Соьлжин дукъан доккхаха долу дакъа, иза лаьтта шина антиклиналан лохачу раьгӀнийн хебаршах, уьш дахделла шораллийн агӀора — Теркан а, Соьлжин а (разделены узкой Алханчуртской долиной) даккъех. Теркан дукъан малхбален декъах БоргӀанан дукъ олу, кхин а малхбалехьа, Гуьмсан дукъ; Соьлжин дукъан малхбален декъах Соьлжа-ГӀалин дукъ. Дерриг даккъаш ду кӀеда, гоьрга кепара[16].

Теркан-Соьлжин а, Кавказан хьалхара даккъашна а йукъахь лаьтта хьена Нохчийн аре — Нохийн Республикин уггаре луьста бахархой болу, караберзийна мохк (иза дакъа ду Теркан-Соьлжин аренан, цунна малхбузехьа, НР арахьа, къаьста ГӀалгӀайн/ХӀирийн аре). Аре тӀаьхь-тӀехьа лахло къилбаседа-малхбален агӀонхьа 350 м тӀера 100 м кхаччалц, аре хедийна дуккха а эркийн тогӀенаша, эркаш охьадогӀу меридианаца; чутаьӀна меттигашкахь а, эркийн тогӀенашкахь а кӀеззиг хьаннаш[16].

Ламанан Нохчийчоь олуш долу, НР къилба дакъа, лаьтта Йоккха Кавказан (ламанан махкахьКавказан лаьмнаш) системин къилбаседа басен декъехь. Цуьнан амалехь ду, йерриг Кавказан къилбаседа басенан санна, орографин декъадалар — диъ коьрта дукъ (кхин а шортта меттигера ламанийн геннаш), дахделла Доккха Кавказан дукъанна параллелаца къилбаседехьа; хьалхара кхоъ — Хьалхара даккъаш — Хьаннийн (Нохчийчохь девза Ӏаьржа лаьмнаш цӀерца), Байданийн а, Тархийн. Республикин къилба доза доьду доьалгӀачу параллелан дукъан декъан тӀехула — АгӀонан дукъ (НР Гуьржийчоьнца доза а, РФ пачхьалкхан доза а цхьаъ ду, кхузахь лаьтта Малхбузен Кавказан уггаре лекха бохь — ТӀуьли-лам, 4492 м), ткъа кхин а Ишхеш дукъ (Доккха Кавказан дукъ) тӀехула — къилбаседа-малхбален агӀора (НР ДегӀастанца доза). Даккъаш дукхачу меттигашкахь хедийна ду чохь сиха эркаш долу кӀоргачу Ӏаннаша[16].

4 000 метр сов болу Нохчийчоьнан ламанан баххьаш:

Ӏаламан зонаш а, климат а

бӀаьра нисйан

Майданца йоккха а йоцу республика къаьста тайп-тайпана Ӏаламан зонашца: къилбаседехьара къилбехьа ландшафт хийцало гӀум-аренашна тӀера бай-арене, лаьмнашна гергахь, хьун-арене; кхин а къилбехьа йолало ламанийн хьаннийн аса, хьуьнан дозанал лакхахьа ламанан бай-аренан зона йу, ткъа кхин а лакхахь ду ламанан даккъаш, уьш лакха довлу лайн асаналнивалан асанал, кхузахь баххьаш къевлина шалаьмнаша, гуттаренна а долу лайша а. Вертикалан зонаш, гайтина ламанан басешкара Ӏаламан ландшафташ, кӀажошкара баххьаш тӀекхаччалц хийцайаларо, — амален васт ишттачу ламанан регионийн (бахьна ду локхаллица хӀаваан температура, тӀуналла, йочанаш тӀекхетар)[20][17].

ГӀум-арено дӀалоцу Теркан-ГӀуман чутаӀе, Теркан тогӀенера къилба дакъа доцург. Климат кхузахь йокъонан йу (шеран йочанаш 300—350 мм), тӀех йовха а, тевне а йу (июлан беттан йуккъера температурин барам +24— +25 °C), амалехь ду Кхазакхстанера хьоькху декъа мехаш. Аьхкенан лакхара температуро а, хӀаваан бекъа мехо а охьайаьхкина йочанел а, Ӏаьнаралла совйоккху. Ӏай ло кӀезиг хуьлу, дахло — биъ бутт гергга (январан йуккъера температура −3— −3,5 °C). Къилбаседехьара а, къилбаседа-малхбалехьара а хӀаваъ деича хуьлу лайн буранаш, дӀадукъарш, гӀоролаш −32 °C кхаччалц. Сих-сиха йойаларца гӀоролаш йогӀу, тӀаккха ша хьокху[17].

Бай-аренан зонан йукъайоьду Теркан аьрру бердан аса, Теркан-Соьлжин акъарин малхбален дакъа а, Нохчийн аренан къилбаседа йист а. Йочанаш хуьлу 400—450 мм шарахь, аьхке йовха — июлан йуккъера температура +23— +24 °C. Ӏа кӀеда, январан йуккъера температура −3,5— −4 °C[17].

Хьун-аренан зонин йукъадоьду Нохчийн аренан доккхаха долу дакъа а, Теркан-Соьлжин акъарин малхбуза дакъа а. Йочанаш хуьлу 500—600 мм шарахь, хьун-аренашкахь йочанаш сов йовлар доьзна ду лаьмнаш гергахь хиларх. Цигахь температурин хаъал Ӏаткъам бо тайп-тайпана локхаллаш, июлан йуккъера температура — +21…+23 °C, январан — −4— −5 °C[17].

Ламанан-хьаннийн зонин йукъадоьду Хьаннийн дукъ а, Байданан а, Тархийн а, АгӀонан а даккъийн лахара дакъош а. Асанан лакхара доза — 1800 м, цхьаццанхьа 2000—2200 м лакха долу. Оцу зонин климат хийцало локхаллега хьаьжжина, иза билламе йекъа мегар ду шина асане: лахара (1200 м кхаччалц) а, лакхара (1200—1800 м) а. Лахара асанехь 600 – 900 мм шеран йочанаш хуьлу, июлан йуккъера температураш хийцало +18 °C тӀера +22 °C тӀекхаччалц, ткъа январан — −1 °C тӀера −12 °C тӀекхаччалц. Лакхара асанехь йочанаш алсама хуьлу — шарахь 900 мм, июлан температура — +18 °C, январан — −12 °C[17].

Ламанийн бай-аренийн зона йекъало кхаа асане: лаьмнийн цанийн бухара (1800—2700 м), лаьмнийн цанийн йуккъера (2700—3200 м), субнивалан (3200—3800 м). Оцу зонера климат бараме-шийла йу, аьхке салкхене, йочанаш хуьлу шарахь 700—800 мм. Зонин лахара дозанера июлан йуккъера температура йу +14 °C, ткъа лакхара — +4 °C. Ӏа деха а, лайне а ду. Лаьмнийн цанийн бухара асанехь йочанаш алсама йу йуккъера асанехьчулла, амма лаьмнийн цанийн бухара асанехь 500 мм кӀезиг йочанаш йолу меттигаш нисло (Тархийн а, Ӏаьндийн а даккъийн къилба басенашкахь[17].

НР махкахь нивалан зонин йукъадоьду АгӀонан дукъан баххьаш. Иза лайнийн а, шабаран а область йу, кхузара климат шийла йу, сих-сиха хьоькху чӀогӀа мехаш, ло-дарц а дахьаш. Йочанаш хуьлу дукхах дерг ло кепара. ХӀора шарахь ло алсама догӀу, ткъа дашар кӀезиг хуьлу, совдаьлла ло зонера охьадоьду лайн хьаьтт йа шенан кепара. Йуккъера шеран температура — 0 °C гергга[17].

Теркан-ГӀуман чутаӀенехь, масала Теркан гӀамаран массивехь, даьржина ду сирла-каштанан латта, иза йовха климат а, бекъа мох а бахьнехь чӀогӀа декъа ду. Кхузара латташ ду тайп-тайпана кхиаран тӀегӀанехь, йу тайп-тайпана кепаш — латта кхиа доладаланза ала мегар долу Ӏена гӀамарш тӀера, кхиина йевлла шорта гумус йолу гӀамарийн латтанашка кхаччалц. Ладаме роль йу церан механикин хӀоттаман а: иштта сацкъар-латтан тайпанашна йекъа климатан хьолашкахь туьха дуьллу (царна тӀехь кхоллало латта а, ораматаш а гӀум-аренан тайпанашна гергара), ткъа гӀамарчун туьха ца хаало (царна тӀехь латтанаш а, ораматаш а герга ду бай-аренан тайпанан). Малхбален декъехь, ДегӀастанан дозанна гергахь, хуьлу сирла-каштанан дуьро латтанаш, кӀайн лаьттан тӀедарчашца, ткъа Теркан тиша харшца — байн а, байн-уьшалан а дуьро латтанаш[17].

Аренашкахь алсама ду байн латтанаш. Жимма лакхахь — Ӏаьржа латта, эркийн тогӀенашкахь — уьшалан-байн латта, лаьмнашкахь — ламанан-хьаннийн а, ламанан байн а латтанаш.

Нохчийчоьнан пайден маьӀданех коьрта тайпанаш ду мехкдаьтта а, Ӏаламан газ а. Меттигера бахархоша генара схьа дуьйна леладора Ӏаламе арадаьлла мехкдаьтта бахаман хьашташна — серлонна а, вордан чӀургашна хьокхуш а. Республикин коьрта мехкдаьтта долу а, газ йолу а меттигаш йу Теркан-Соьлжин акъарин тӀехь[21].

Йуьхьанца мехкдаьтта доккхура кайнозойн ӀаӀарехь. Амма 1956 шарахь талламан буру тухуш карийра мезозойн породашкара ӀаӀар. Шен хӀоттамца республикин мехкдаьтта дара алсама парафин а, бензин а долуш[21].

Нохчийчоьхь йу гӀишлошйаран материалаш йохку меттигаш. Органан тогӀенехь Ярашмардан гергахь дохкуш карийна дукха мергель тӀулг, иза цеманц йаран мехала аьргалла йу. 1974 шарахь оцу меттиган базин тӀехь йина Чуьйри-Эвлан цеманцан завод[21].

Шуьйта а, Итон-Кхаьлла а эвланашна йукъахь йу Къилбаседа Кавказехь уггаре дукха гипс. Теркан-Соьлжин акъарин тӀехь а, Ӏаьржа лаьмнашкахь а йохкуш йу гӀишлошйаран гӀамарш, ткъа иштта цӀена кварцан гӀум, цунах до ангали. Нохчийн аренехь дукха жагӀа боллу, кибирчигийн а, гераган а сацкъар-латта. Шуьйтан кӀоштахь дохку минералан басарш (охра, колькотар)[21].

Республикехь ду дукха Довха хиш, уьш лелон мега хӀусамаш йохйеш, теплицин бахамашкахь. Соьлжа-ГӀалахь советийн заманахь йиллинера довхачу хьостийн йовхо лелон теплицин комбинат[21].

Гидрографи

бӀаьра нисйан

Республикин мехкара эркаш цхьаьнаэшшара декъна дац. Ламанан декъехь луьста геннашка бекъабелла эркийн маша бу, Теркан-Соьлжан акъарин тӀехь а, Теркал къилбаседехьара кӀошташкахь а эркаш дац. Дерриг ала мегар долуш Нохчийчоьнан эркаш Теркан майданах ду. Йукъара дохур вай Яьсси, Ястий, Ивги. Уьш ГӀурийн майданан эркийн системера ду. Республикин мехкара эркаш цхьаьнаэшшара декъна дац. Ламанан декъехь луьста геннашка бекъабелла эркийн маша бу, Теркан-Соьлжан акъарин тӀехь а, Теркал къилбаседехьара кӀошташкахь а эркаш дац. Дерриг ала мегар долуш Нохчийчоьнан эркаш Теркан майданах ду. Йукъара дохур вай Яьсси, Ястий, Ивги. Уьш ГӀурийн майданан эркийн системера ду. Нохчийн Республикера уггаре даккхий эркаш ду Терк (НР чохь 218 км), Соьлжа, Орга, церан хиш схьадовлу шешкара, деста аьхкенан заманахь. Дукхаха долу эркийн дестар хуьлу бӀаьста а, аьхка догӀанаш даьхкича. Коьрта эркаш:

НогӀийн аренашна а, Ӏаьржа латташна а хи дилла а, хи латто даьккхина Теркан-ГӀуман магистралан татол.

  • Органан чухчареш
  • Шара-Органан чухчареш
  • Гихин чухчареш
  • Яьссин чухчареш
  • Хулхулон чухчареш

Дийнаташ а, ораматаш а

бӀаьра нисйан

АхгӀум-аре. Ораматийн кепийн хӀоттамца йу Малхбален Европин бай-аренашкара Йуккъера Азин гӀум-аренашка дехьадовларан зона йу. Аьхка цхьаьна муьрехь ораматаш йогу, уьш хӀаллакйо лакхара температуро а, бекъачу мохо а. Бецан чкъор чӀогӀа нилха ду, кхуьу гӀум-аренан йокъаллехь кхуьу ахкоьллашсагал-буц, кохия, кхин а, Йуккъера Азин гӀум-аренан векалех хаало эмкалан баӀ, гӀамаран йоша, гӀамаран сула, кхин а, кхин а кхуьу бай-аренашкахь хуьлу байкепара кенан ораматаш — типчак, огар, кхин а. Нохчийчоьнан малхбалерчу декъера ахгӀум-аренашкахь дурделла латташна тӀехь кхоллайелла сагал-бецан кӀайчу латтан ораматийн тобанаш: сагал-буц, камфоросма, свода, тайп-тайпана кӀайчу латтан ораматаш[17]. Ша кепара ду Теркайистан гӀамаран массиван ораматаш. ТӀехула хи ца хуьлу, атмосферин йочанийн тӀуналла лаьттан кӀоргга чукхочу. ГӀамаран гӀийла капиллйаралла долун дела, тӀуналла Ӏаьнарйалар кӀезиг хуьлу, тӀуналлин резерв царна йукъахь дика лаьтта чӀогӀа лакхара хӀаваан температураш хилча а. Цул сов, гӀамаршкахь тӀуналла гулйала тарло хин Ӏаьнаран конденсаци бахьнехь, уьш охьанехьа хӀаваэра йукъайоьду. Цундела, ораматаш гӀамаран латтан тӀехь алсама йу, тайпанашца а, барамца а, аьхкенан йовхонехь вуно дика лаьтта, сацкъар-латтан хӀоттам болчарел а. Цундела Теркайистера гӀамарш шен ораматийн амалца герга йу бай-аренашна.

Нохчийчоьнан ламанан хьаннийн дийнаташ дукха а, бес-бесара а йу. Уггаре йоккха экха — къорачу хьаннашкахь а, готта кегйелла дечигаш чуихна тархий Ӏаннашкахь а йеха ча. Хотешкахь аган тарло лу. Хьаннашкахь дукха йу наллаш. Къора боьранашкахь деха акха цициг, наггахь ган тарло цӀокъ, ламанан хьаннашкахь йеха борз, цхьогал, пхьагал, сай, масар, шоьккари, салор, чагӀалкх, даӀам, шаткъа. Ламанан хьаннашкахь дикка дукха олхазарш ду. Кхузахь деха хьуьнан-хьозарчий, пеночки, цӀирцӀирхьоза, берцанкхокхий, поползнеш, хенакӀураш, левстигаш, сойканаш, бухӀанаш[22]:42.

Бахамера гӀуллакхаш

бӀаьра нисйан

Теркан-ГӀуман чутаӀе (АхгӀум-аре). Аьхкенан йокъаллашца дов латтош йу кхузахь аренаш ларйен хьуьнан асанаш, хьун кхиайо гӀамарш тӀаьхь, дохку хи дуьллу татолаш. Ӏай кӀезиг догӀучу лайша таро йо уьстагӀийн жеш дажо. Цара, семса ло дӀаса а хьокхуш, атта лоху шайна даар. Амма лайша дӀадукъар а, ша хьахар а боккха бала бу даьхнийлелорхошна. Мацалла уьстагӀий ца далийтархьама, Ӏаьнан байданашкахь ларбалархьама йол дӀайуьллу[17].

ССРС йоьхначул тӀаьхьа

бӀаьра нисйан

1991 шеран «Нохчийн революци» а, маршо кхайкхор а. НГӀАССР йохар

бӀаьра нисйан

Перестройка йолайеллачул тӀаьхьа 1980-гӀа шерашна йуккъехь ССРС дукхаха республикашкахь (царна йукъахь Нохч-ГӀалгӀайчохь а) жигара бевлира къаьмнийн боламаш. 1990 шеран ноябрехь Соьлжа-ГӀалин циркан гӀишлон чохь дӀабаьхьира Хьалхара Нохчийн Къоман Гулам, цигахь хаьржира Нохчийн къоман дерригкъоман конгрессан (НКъДК) Кхочушдаран комитет. НКъДК Ӏалашо йара Нохчийчоь РСФСР йукъара хьов, амма ССРС йукъара а арайаккхар. Цуьнан коьртехь вара советийн ТӀеман-ХӀаваан ницкъийн инарла-майор Дудаев Жовхар. НКъДК а, коьртехь Завгаев Докка волу НГӀАССР официалан Ӏедалшна йукъахь дов доладелира. 1991 шеран 8 июнехь НКъДКас кхайкхадо НГӀАССР Лакхара Кхеташо йожор а, маьрша Нохчийн Республика (Нохчи-чоь) (НРН) йиллар а[23]. Республикехь факт хилла ши Ӏедал хӀоьттира.

Августан путч йолуш, 1991 шарахь, НГӀАССР Лакхара Кхеташоно, цхьацца хаамашца, къобал йира ЧХПК. НКъДК герз долу агӀончаша схьалецира телецентр, тӀаьхьо — Соьлжа-ГӀалин коьрта административан гӀишлош (царна йукъахь республикин ПКхК гӀишло а). 6 сентябрехь НКъДК агӀончий Ӏаткъамца Завгаев Доккин дийзира мукъа ваккхаран дехаран кӀела куьг йаздан, ткъа 15 сентябрехь НГӀАССР Лакхара Кхеташоно шеш дӀасахийцира[23]. Лидеры ОКЧН объявили о переходе верховной власти к ним[23], сацийра российн законийн а, НГӀАССР Конституцин а болх.

1991 шеран 1 октябрехь НГӀАССР Хенан Лакхара Кхеташонан Председателан Ахмадов Хьусейнан сацамца Нохч-ГӀалгӀайн Республика йийкъира маьрша Нохчийн Республикин (Нохчи-чоьн) а, РСФСР йукъара ГӀалгӀайн автономин республикин а. Амма 4 де даьлча ХЛКх дукхаха болчу декъашхоша шайн председателан и сацам дӀабаьккхира[23].

1991 шеран 27 октябрехь харжамашкахь маьрша НРН президент хаьржира — иза хилира НКъДК Кхочушдаран комитетан Председатель волу Дудаев Жовхар[23]. 1991 шеран 2 ноябрехь РСФСР халкъан депутатийн гуламо харжамаш къобал ца бира[24].

1991 шеран 7 ноябрехь РСФСР Президенто Ельцин Бориса омар делира ЧИАССРехь чолхе хьал хӀотторах[23]. Цунна дуьхьала Дудаевс кхайкхийра тӀеман хьал хӀоттор, омар делира шеш лардаран тӀеман тобанаш йар. ШолгӀачу дийнахь, 9 ноябрехь Ханкалара аэропорте диссира тӀехь российн салтий болу транспортан кеманаш, амма царна гуо бира герзашца болчу Дудаевгхьарачара. Кавказан ламанан къаьмнийн конфедерацис кхайкхийра Нохчийчоьнна гӀолоцу аьлла. Российн правительствон дийзира сепаратисташца дийцарш дан, Ханкалахь гуо бина салтий арабахархьама. Нохчийчохь лаьтта российн эскарш арадехира, ткъа дукхаха долу герзан дакъа, царна йукъахь — танканаш а, кеманаш а — дӀаделира сепаратисташна[25].

Лакхахь бийцина хиламаш бахьнехь НГӀАССР факт хилла дӀайелира[23]. 1992 шеран 4 июнехь Российн Лакхара Кхеташоно тӀеоьцу «Российн Федерацин йукъахь ГӀалгӀайн Республика кхолларх лаьцна» закон[26], цуьнца Нохч-ГӀалгӀайчоь йоькъу Нохчийчоьнна а, ГӀалгӀайчоьнна а. Керла республикаш кхоллар Российн Федерацин Халкъан депутатийн гуламе чӀагӀдайта кховдийра[27]. 1992 шеран 10 декабрехь Халкъан депутатийн гуламо шен сацамца чӀагӀдира Нохчийн Республика кхоллар[28], тӀаккха оьшу хийцам бира 1978 шеран РСФСР Конституцин: Нохч-ГӀалгӀайчоь йийкъира ГӀалгӀайн республикин а, Нохчийн республикин а[29] (цу шинна йукъара доза чӀагӀдина дацара 2018 шеран сентябрь кхаччалц[30]). И закон зорбане даьккхира 1992 шеран 29 декабрехь «Российн газетехь»[31] иза лела делира 1993 шеран 9 январехь официалан нахала даьккхинчул тӀаьхьа 10 де даьлча[32].

Факт хилла маршонан мур. Дудаевн духьала оппозиции кхоллар

бӀаьра нисйан

Маршо кхайкхийначул тӀаьхьа Нохчийчоьнах де-факто маьрша республика хилира, амма иза къобал ца йира дуьненан цхьанне а пачхьалкхо, царна йукъахь Российс а. Республикин шен пачхьалкхан сийлаллаш йара — байракх, хӀост, шатлакхан илли, иштта правительство, парламент, дуьненан суьдаш. Кхолла дагахь дара жима эскар а, шайн валюта а — нахарташ.

1992 шарахь тӀеэцнера керла Конституци, цуьнца Нохчийчоь йара маьрша дуьненан пачхьалкх, ткъа 1994 шарахь Нохчийн Республикин (Нохчийчоьнан) цӀе хийцира Нохчийн Республика Ичкери аьлла[23].

Ма-дарра аьлча керла пачхьалкхан система чӀогӀа эвсаре йоцуш йара. Экономика йерриг криминал кӀела йахнера, зуламхоша бизнес йора аманаташ лоьцуш, наркотикаш йухкуш, маьхкадаьтта лечкъош, республикехь бухкуш оьцуш оьрсийн лайш бара. Кхин а хьийзабора кхечу къаьмнех болу нах, оцу белхаша республикера нохчийн боцу бахархойн (уггаре хьалха оьрсий) дӀакхалха дийзийтира[33].

1993—1994 шерашкахь кхоллайала йолало Дудаев Жовхаран Ӏедална дуьхьала оппозици. 1993 шеран декабрехь кхоллало Нохчийн Республикин Ханна кхоьллина кхеташо (НРХКхКх), цуо ша кхайкхайо цхьаъ бен йоцу бакъ долу Ӏедалан меже, Ӏалашо хӀоттайо Дудаев герзашца вохавар[23]. НРХКхКх жигара агӀо лоцу Российс[23]. 1994 шеран ноябрехь НРХКхКх цхьаьтоьхна тӀеман тобанаш, шайна гӀолоцуш Российн Федерацин Федералан контрталламан гӀуллакхо (ФКГӀ) мехах лаьцна Российн тӀемлойн урхаллица бронетехника йолуш, чубахара Соьлжа-ГӀала, амма ийшира[23]. Дукхаха болу российн тӀемлой йийсаре бахара. И аьттонза штурмах шуьйрамасштабан дов хилира.

Дуьххьара нохчи-оьрсийн тIом

бӀаьра нисйан
 
Соьлжа-ГӀалара «Президентан гӀала», 1995 шеран январь

Ханна кхоьллина кхеташонан ницкъаша аьттонза Соьлжа-ГӀалин штурм йинчул тӀаьхьа, 1994 шеран 30 ноябрехь Российн Президенто Ельцин Бориса омар делира «Нохчийн Республикин махкахь конституцилла а, низаман бакъонаш а метахӀотторан белхах лаьцна», оцу омарх фактехь тӀеман йуьхьиг хилира.

Нохчийчоьнан мохк кхоллабалар

бӀаьра нисйан
 
Нохчийчоь (Tschetschenzen) 1400 шарахь Европин картин тӀехь. Europa 1400 H.Kieperts Historischer Schulatlas, 1879
 
Нохчийчоь (Tschetschenzen) 1400 шарахь Европин картин тӀехь. Europa 1400 H.Kieperts Historischer Schulatlas, 1879

Российн Федерацин йукъахь

бӀаьра нисйан

Кадыров Ахьмадан администраци

бӀаьра нисйан
 
Кадыров Ахьмад — Нохчийн Республикин президент

ШолгӀа нохчийчуьра тӀом болабаларца кхоьллира российн агӀора Нохчийн Республикин администраци. Цуьнан коьрте хӀоьттира, 1997 шарахь дуьненайукъара эмиссараш Нохчийчохь ваххӀабизме орамаш тасийтича, цунна дуьхьала ваьлла волу муфтий Кадыров Ахьмад. 1998 шеран 25 июлехь цуо кховдорца дӀайаьхьира Къилбаседа Кавказан бусалбачеран Конгресс, цуьнан декъашхоша агӀо лецира Нохчийчоьнан муфтийн, йемал йира динан экстремизман кепара йолу ваххӀабизм. А. Кадыровн жигара а, тӀаьхьий-хьалхий хила ма-деззара ваххӀабизман дуьхьала динчу белхаша, и идеологи тӀе ца ийцира дукхаха болчу Нохчийчоьнан бахархоша[34]. Нохчийн йукъаралла цхьаьнатоьхна, кхолла а, республика кхиайан а Ӏалашо йолуш, тӀом сацорхьама Нохчийн Республикин хенан администрацин корта хӀоттийра Российн президентан 2000 шеран 12 июнан Омарца Кадыров А. А.. Цуьнан оьшу лерам бара бахархошна, къаношна, динан гӀуллакххошна йукъахь. Цуо кховдийра, Российн Президенто а, Правительствос а, нохчийн йукъаралло – пачхьалкхан Ӏедалийн а, меттигера шайн урхаллин а меженаш, нохчийн социалан институтийн тхьамданаш къобал йина республика машарца йухаденйаран программа. Законехь боцу тӀеман кхолламех, тӀемлойх гӀуо ойла кхуллуш, бакъо ларйаран меженашна гӀо дира, меттигера йукъараллаш[35].

  Йийр йу, йуттур йу, кхуллур йу, жигара тӀом бийр бу мостагӀашна дуьхьала. Цхьанне а гечдийр дац
А. А. Кадыров[36]
 

2003 шарахь тӀеийцира керла республикин Конституци, цуьнца Нохчийчоь хуьлура Российн Федерацин субъект, цул хьалха пхиъ проект хилира, царех цхьаъ йира, иза дерриг къоман референдуме йиллира 2003 шеран 23 мартехь, цигахь дакъа лецира 90 % бахархоша (509 796 стагах 489 257 стага [95,97 %] кхаж тесира Конституци тӀеэцарехьа[37]), цуо гойту бахархоша буьззина тешам балар А. Кадыровна политикин къоьллера аравала бакъонан гӀирсашца, ткъа иштта Нохчийн Республикин пачхьалкхаллин бух кхолла а[38]. Оццу шарахь хилира президентан харжамаш, цигахь толам баьккхира Кадыров Ахьмада (кандидатуран гӀолецира 80,84 % харжамхоша[37]). 2004 шеран 9 майхь Кадыров Ахьмад кхелхира Соьлжа-ГӀалахь террористийн акт йар бахьанехь. Цуьнан когаметтачара дӀайаьхьира республикера машаран дахар а, цуьнан экономикин-социалан сфера меттахӀотторан программаш[35].

Сахьтан аса

бӀаьра нисйан
 

Кхузахь сахьт Москваца нийса лелаш ду. Сахьтан аса йу UTC+3.

Нах беха меттигаш

бӀаьра нисйан
10000 дукхо нах беха меттигаш.
Соьлжа-ГӀала 305 911[39]
Хьалха-Марта 62 702[39]
Гуьмсе 55 863[39]
Шела 55 076[39]
Устрада-ГӀала 39 275[39]
Курчалой-ГӀала 26 581[39]
Хьалха-Марта 24 864[39]
Цоци-Эвла 20 960[39]
БӀачи-Йурт 19 727[39]
ГӀойтӀа 18 939[39]
Эвтара 17 970[39]
Котар-Йурт 14 720[39]
ГихтӀа 14 350[39]
Гелдагана 14 111[39]
Майртуп 13 824[39]
Шелковски 13 773[39]
Ӏаларой-Эвла 13 405[39]
СемаӀашка 12 738[39]
Йоккха АтагӀа 12 720[39]
Гермчига 12 364[39]
Ӏалхан-ГӀала 12 340[39]
Ойсхар 12 242[39]
Мескер-Эвла 12 224[39]
Эна-Хишка 12 221[39]
ЧӀулга-Йурт 12 167[39]
Эха-Борзе 10 985[39]
Оьрза-ГӀала 10 925[39]

Административан йекъайалар

бӀаьра нисйан


Республикин коьрта гӀала йу Соьлжа-ГӀала, цуна йу республикин муьтӀахь аьлла статус. Административано Нохчийчохь йу 2 гӀалин гуо а 15 муниципалан кӀошт а. Соьлжа-ГӀалал тӀехьа республикин муьтӀахь йу — Орга а Гуьмсе а.

Муниципалан
кӀошт
Административан
центр
1 ТIехьа-Мартанан муниципалан кӀошт ТӀехьа-Марта
2 Веданан муниципалан кӀошт Ведана
3 Соьлжа-ГӀалин муниципалан кӀошт Соьлжа-ГӀала
4 Гуьмсан муниципалан кӀошт Гуьмсе
- ГаланчӀожан муниципалан кӀошт[40] Акха-Басс
5 Итон-Кхаьллан муниципалан кӀошт Итон-Кхаьлла
6 Курчалойн муниципалан кӀошт Курчалой-ГӀала
7 Теркан муниципалан кӀошт ЧӀулга-Йурт
8 Невран муниципалан кӀошт Невре
9 Нажи-Йуьртан муниципалан кӀошт Нажи-Йурт
10 Соьлжан муниципалан кӀошт Эна-Хишка
11 Хьалха-Мартанан муниципалан кӀошт Хьалха-Марта
12 Шелан муниципалан кӀошт Шела
13 Шаройн муниципалан кӀошт ХӀима
14 Шуьйтан муниципалан кӀошт Шуьйта
15 Шелковскан муниципалан кӀошт Шелковски
- ЧӀебарлойн муниципалан кӀошт[40] Шара-Орга
16 Соьлжа-ГӀалин гуо Соьлжа-ГӀала
17 Орга ГӀалин гуо Орга

Нохчийчуьра ислам бусалба динан чура схьаэцна тайп-тайпана некъаш хилла. ХӀунда аьлчи, регионехь хьалха боккха Ӏаткъам болуш йаккхий пачхьалкхаш хилла, масала, шиӀийн Иран а, суннийн Ӏусманан империи а. ХӀора а оцу пачхьалкхехь шен Ӏаткъам баржош йара Къилбаседа Кавказехь, уггаре хьалха, исламан динан гӀоьнца.

Тахана нохчаша шеш ШафиӀийн мазхӀабера суннийн охIлара бусалбанаш лору. Амма ала деза, церан динан хаамашкахь дуккха а дисина шиӀийн Ӏаткъамах. Масала, нохчийн фольклорехь Мухьаммад пайхӀамаран сахьабехь алсама хеставо Турпал-Ӏела, аьлчи а Ӏали бин Абу-ТӀалиб. Цул сов, шайн динан а, дуьненан а Ӏедалан коьртехь болчарех, нохчаша халифаш ца олура, ткъа шиӀийш санна имамаш олура. Иштта нохчийн къоман динехь башха меттиг дӀалоцу дуьне духуш имам МаьхIди вогӀур хиларо, шиӀийш а доккха маьӀна ло оцунна.

Оцу массо а хӀумано гойту, нохчашца консерватизм йогӀуш ца хилар, уьш бусалбанаш цхьанатохаран агӀончаш хилар, ислам партешна декъаран дуьхьала хилар, ПайхӀамаран ма-лаъара. Амма нехан ницкъ ца тоьу динан йукъараллаш цхьаьнатоха цхьаьна куьйга кӀела ца хилчи. Нахана бусалбан къам цхьаьнатоха лаарах спекуляци йина, дуьненахь дуккха а нах бевлла шеш имамаш бу бохуш, халкъ Ӏинан йистте теӀош. Нохчийчоь а дацара оцу хьокъехь дика масала. Харц «имамаш» цӀа кхоьссина ца Ӏа нохчий йоккхачу Российн империн бага.

Ишттачу кхерамечу хьолехь, нохчийн этнос хӀаллакхилла дӀайалан кхераме долчу хенахь, къам кӀелхьара даккхаран роль кхечира суьпийн шайхашна: Кишиев Кунта-Хьажийн, Хантиев Ӏусман-Хьажийн, Дебиров Элах-Моллин, Гайсумов Соип-Моллин, Хантиев Кана-Шайхан. Цара халкъе олуш хилла: «ГӀеза-Махьма, Шемал, ГоцӀийн Нажмуддин бакъ имамаш ца хилла, цундела шайн халкъ хӀаллакдина, ткъа бакъ имамо бусалбанаш толаме кхачо беза дерриг дуьнен тӀехь».

Нохчашна йукъахь ислам дин дисар а, даржар а суьпийн болх бу. Ислам дин даржоран йуьхьигехь дуьйна суфизмо АллахӀан дин кхайкхадаран болх, иза халкъе дӀакхачадаран болх а жигара дӀакхоьхьура. Пачхьалкхашкахула лелаш суьпийш, генна бусалба мехкашна дӀакхачадора АллахӀан дош.

Экономика

бӀаьра нисйан

Дерриг регионан сурсатех (ДРС) (йа ДЧС) болу коьрта хаамаш, Российн Федерацин субъектех ша цхьа регион схьаэцча, масала Нохчийн Республика, хаа йиш йу Пачхьалкхан статистикин Федералан гӀуллакхан (Пачстат) хаамашкара[41]. Иштта Нохчийчоьнан хаамаш ло Нохчийн Республикера (Нохчстат) Пачхьалкхан статистикин Федералан гӀуллакхан меттигера межено[42]. Шинне а кхолламан официалан сайташ йу, цигахь бахархойн синошна декъна ДРС а, ДС а далийна российн соьмашкахь хӀинца долчу коьрта мехашкахь лерина (Оцу ресурсан хаамаш гайтина 2016 шо йукъахь а долуш). Республикера 2017 шеран статистикин гайтамаш бевза Нохчийн Республикин Экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министраллин хаамашкара:

Дерриг регионан
сурсат (ДРС)

(млрд сом шарахь)
РФ субъектийн ДРСца
йолу испискехь меттиг

(Йерриг субъект 89, тӀаьхьо 83 а, 85 а)
Дерриг сурсат
бахархойн синна

(сом шарахь)
РФ субъектийн ДРСца
йолу испискехь меттиг
бахархойн синна

(Йерриг субъект 89, тӀаьхьо 83 а, 85 а)
2005 22,899 — (89-х) 20 038 — (89-х)
2006 32,344 (89-х) 27 831 (89-х)
2007 48,056 (89-х) 40 573 (89-х)
2008 66,274 71 — (83-х) 54 742 82 — (83-х)
2009 64,308 73 (83-х) 51 981 82 — (83-х)
2010 70,695 74 (83-х) 55 996 82 — (83-х)
2011 86,623 73 (83-х) 67 221 82 — (83-х)
2012 102,289 73 — (83-х) 77 877 83 (83-х)
2013 122,403 71 (83-х) 91 646 83 — (83-х)
2014 148,942 69 (85-х) 109 649 83 (85-х)
2015 154,401 72 (85-х) 111 705 84 (85-х)
2016 166,711 70 (85-х) 118 696 84 — (85-х)
2017 180, 732 (85-х) (85-х)
2018 (85-х) (85-х)

Промышленность

бӀаьра нисйан

2016 шарахь промышленностан арахецараллин индекс (хьалхарчу шеран %) хилира 100,8 %[43].

Энергетика

бӀаьра нисйан

Талламийн жамӀашца, Республикин экономика кхиар сецо коьрта фактор йу доллара генерацин ницкъаш ца хилар, иза бахьнехь энерги латтайо луларчу регионашкара оьцуш. Оцу балхо гӀуо Ӏаткъам бо энерги йагочу тӀеххьарчарна шайн тарифашца (мехашца). И бийцина бала дӀабаккхархьама тӀеэцна Нохчийн Республикин «Промышленность, энергетика кхиор а, энергоэвсаралла тӀетохар а Нохчийн Республикехь» цӀе йолу программа[44][45].

2020 шарахь Нохчийн Республикехь йагийна 2904 млн кВт•сахьт электроэнерги (цунах республикехь йаьккхина 1315,7 млн кВт•сахьт)[46].

 
Нохчийн Республикин Къоман музей.
 
В. В. Путинан проспект.

Нохчийн Республикин таро йу йерриг аьлча санна туризман кепаш туристашна йала: оьздангаллин-хьажаран, дарбанан-могашаллин, экстремалан, спортан, кхин а[комм. 3]. Шорта дарбанан хьосташ ду: Гуьмсан (БоргӀане, Мелч-Хи), Соьлжа-ГӀалин (Коьрте), Шуьйтан (Зонах), кхечу кӀошташкахь а (уггаре эвсара лелош ду Кавказан Серноводск курортера Эна-Хишкара хьост, иза тойина 2013 шарахь[47]). Дукха Ӏаламан иэсаш йу — чухчареш, масала, Органан, Яьссин, Гихтин, Башан-кхеллин комплекс, цунна йукъахь йу кхо чухчари: Башанкхеллин, «Мехкарийн бӀаьрхиш» а, Вашандаройн, Нихалойн, Хуллон, Харачойн[48][49]. Сурт санна хазчу ламанан зонехь ЧӀаьнти-Органан, Шара-Органан, Гихтин, Рошнин, Хуллон, Мартанан, Анстин, Гуьмсан эркийн майданашкахь йина 20 гергга экологин-туристийн маршруташКхузахь кӀезиг хийцанчу, акха ала мегардолчу Ӏаламехь ган тарло Къилбаседин Кавказан «вайнехан» тайпанийнисторица йоьзна шира историн-архитектурин иэсаш[50]. Туристаш балорхьама план йу, Ӏалашо говрийн спорт кхиор йолуш, БердкӀелахь ипподром йан.

Республикехь йу Нохчийн Республикин Къоман музей[51], Парабоч эвлара М. Ю. Лермонтовн литературин музей[52], Старогладовски гӀалара Л. Н. Толстойн литературин-этнографин музей[53], Хьалха-Марта гӀалара тӀехула тхьов боцу историн-этнографин музей «Донди-йурт»[комм. 4][54], йуккъера бӀешеран гӀалин Пхакоч комплексера Х. Исаев цӀарах мохкбовзийтаран музей[49].

Туризм коьрта шахьрахь

бӀаьра нисйан

Туристаш тӀеозабо иштта сийлаллаша, масала, Европин уггаре даккха маьждиг «Нохчийчоьнан дог», XIX бӀешо чекхдолуш йоьгӀна православин Михаил маликан килс; лекха гӀишлойн комплекс «Соьлжа-ГӀала-сити», цуьнан 29 гӀат тера Бизнес-Йукъан тӀехула хьажаран майда йу[комм. 5][55]; Соьлжа-ГӀалин хӀордан гуонаха лаьтта спортан-туристийн «Соьлжа-ГӀалин хӀорд» комплекс, цигахь йу серломузыкин фонтан, шен кепаца дагабоуйту ламастан нохчийн бустам[комм. 6][56]. Хи латтийлин уллехь йу дендропарк[57]. Соьлжа-ГӀалин йуккъехь лаьтта Нохчийн Республикин къоман музей, Пачхьалкхан театран-концертан зал, Путин Владимиран проспект — коьрта урам, Сийн мемориалан Кадыров Ахьмадан цӀарах комплекс а, Кадыров Ахьмад-Хьажин музей а — комплексан коьрта сийлалла, долара цӀа чохь Татаев Ильясан ша бен йоцу галерей, цигахь йу капах йина скульптураш[58]. ЧӀогӀа хаза го гӀала «Нартол» ресторан чуьра», иза йу пхеаседанан «Соьлжа-ГӀала» цӀе йолчу хьешан цӀийнан 32-гӀа гӀат тӀехь Соьлжа-ГӀала-Ситин гӀишлон чохь[комм. 7]. Йеш йу 435 метр хин йолу дуккхафункцийн комплекс Ахьмад-тауэр, иза хир йу йуккъера бӀешеран нохчийн хойн бӀевнан кепехь[комм. 8], кхин а йеш йу махлелоран-самукъадаккхаран йукъ «Соьлжа-ГӀала-Молл», иза Российн къилбехьара уггаре йоккха а, гӀашлойн тӀайца-галерейца Ахьмад-тауэрца цхьаьнатоьхна а[59]

Органан Ӏин

бӀаьра нисйан

Итон-Кхаьллин кӀоштара Органан Ӏин — нохчийн мехкан тхьов боцу истори-архитектурин музей, 600 сов историн а, архитектурин а иэс йу цигахь, царна йукъахь Органан пачхьалкхан историн-архитектурин а, Ӏаламан а музей-заповедник[60] а. Ӏин чохь йолу шеран массо заманан статусан «Виедача» курортан-дарбанан зона метахӀотторан белхаш бу боьдуш. И проект уггаре йоккханиг йу кхиоран программера[47][61]. Устрада-ГӀалахь ду «Ненан дог» цӀе йелла маьждиг. Оргин лакхенашкахь ду мелхан кешнаш «Йелла гӀала» — ЦӀайн-пхьеда, иза лаьтта историн областехь Мелхистахь («Мелхан мохк»)[комм. 9][61].

Къоьзана-Ӏам

бӀаьра нисйан

2015 шарахь дӀайиллина Нохчийн Республикин къилбехахь лаьтта туристийн-рекреацин кластер «Къоьзана-Ӏам»[комм. 10][62]. Луучарна Ӏоман ши берд вовшахтесна зиплайн йу[47].

Нохчийчохь болхбо кхаа лдмо:

Кхуй а лдм йу Соьлжа-ГӀалахь.

2010 шеран 1 апрелехь дуьйна Нохчийчоь дакъалоцуш йу «Динан оьздангаллин баххаш а, дуьненан хӀуман эхь-бехкалла а» (цунна чохь «Православин оьздангаллин баххаш», «Исламан оьздангаллин баххаш», «Буддийн оьздангаллин баххаш», «ЯхӀудийн оьздангаллин баххаш», «Дуьненан динан оьздангаллин баххаш», «Дуьненан хӀуман эхь-бехкаллин баххаш») курсан хьехаран экспериментехь[63].

2015 шеран 1 сентябрехь Соьлжа-ГӀалахь дӀайиллина керла хӀокху заманан дешаран центр ерриг майда 15000 квадратан метр йолуш, цунна чохь йу пхи корпус: шиъ дешаран, хьехархойн, спортан, кхачананцӀа[64].

Нохчийн Республикин йуккъера говзаллин дешаран кхолламаш гайтина энергетикин, кхачанан индустрин, медицинин, оьздангаллин, говзаллин, хьехархойн, автотранспортан, кхечу а техникумаша а, колледжаша а[65][66].

Оьздангалла

бӀаьра нисйан
 
Нохчийн Республикин къоман библиотека.

Нохчийчоьнан оьздангалла ша-кепара йу, эзарш шерийн историца. Цунна чохь йу цивилизацин къаьмнийн хуьлу, ерриг тайпана жанраш, цунна Ӏаткъам бина географин хьоло а, этносан оьздангаллин гуоно а[67]. Нохчийн фольклор гайтина жанрашца: мифологи, турпахойн эпос, туьйранаш, легендаш, эшарш (Ӏадатан, къинхьегаман, аганан, кхин а), кицанаш, берийн фольклор, динан фольклор (назманаш), жухаргийн а, тӀуьйлигин кхолларалла. Нохчийн къоман мифологи йисина дакъошца[67].

Литература

бӀаьра нисйан

Нохчийн литература кхоллайалар доьхку цара йоза леладарца, хьалха лелийна гуьржийн а, византийн желтойн йоза. Нохчийн маттара уггаре шира йозанан иэс йу тептар — нохчийн тайпанийн хроникаш. 1866 шарахь арайаьлла И. А. Бартоломейн «Нохчийн абат», иза хӀоттийнера кириллицица. ХӀинцалера нохчийн маттара йозанан литература кхоллаелла XX бӀешеран 20-гӀачу шерашкахь: 1923 шарахь араболу Нажаев Ахьмадан «Эшарш а, дийцарш» гулам, 1925 шарахь арахоьцу «Серло» газет нохчийн маттахь Дудин Ӏабди, Ш. Сагаиповн, М. Сальмурзаевн, кхечеран а дийцарш а, байташ а йолуш. 1930-гӀа шерашкахь йукъайолу поэтийн Айсханов Шамсуддинан а, Музаев Нурдинан а, Мамакаев Ӏарбин а кхолларалла. XX бӀешеран 1930-гӀа шераш чекхдовлуш — 1940-гӀа шераш долалуш арайолу Мамакаев Ӏарбин поэма «Нохчийчоьнан лаьмнашкахь». 1980-гӀа шерашкахь кхоллало нохчийн йаздархойн керла чкъор: Бексултанов Муса, Ахмадов Муса, Нунуев Сайд-Хьамзат, кхин а. Таханлера нохчийн литература гайтина дуккха а йаздархоша а, жанраша а[67].

Библиотекаш

Ший а библиотека Соьлжа гӀалахь йу.

Музыкин-хореографин

бӀаьра нисйан
 
Нохчийн драмин Нурадиловн цӀарах театр

Халкъан драмин ламасташ (жухургийн а, тӀуьйлигийн театраш) йолушехь, Нохчийчохь театран коллективаш йукъайовлу XX бӀешеран 20-гӀачу шерашкахь. Оцу хенахь кхуллу дуьххьарлера къоман пьесаш: С. Шадиевн а, М. Гайсановн а «Мурид», Эльдархан Ӏийсан а, Бадуев СаӀидан а «Дайн Ӏадат», Шерипов Данилбекан «Зандакъара Ӏелабаг-Хаьжи»,кхин а[67]

Нохчийн музыкин оьздангалла йекъало:

  • Музыкин гӀирсан программин музыка (ладугӏа йиш)
  • Дошлойн музыка (дошлойн йиш)
  • Хелхаран (хелхар йиш)
  • Эшаран (йиш йа илли)

Локхура мерзболу, Ӏадхьокху, зурманийн, тохаран музыкин гӀирсашца, XIX бӀешарахь царна тӀекхийтира кехат-пондар, баян, аккордеон. Нохчийн музыкин башхаллин амалех билгалйоккху, масала, халкъан эшарш квартица чекхйовлар, охьабоьдучу боламехь цхьаьнаэшшара секвенцикепара хӀоттор, триолаш а, дуолаш а хийцар, кхаа озаца олу эшаран коьрта узам йуккъерачу озаца алар. Дукхаха йолу халкъан эшарш йолало септиме дехьаоьккхарца, церан амалехь ду эшаран йуьххьера узаман цхьаьна озехь сацар[67].

Хореографин оьздангаллин векал йу, 1939 шарахь кхоьллина, къоман хелхаран пачхьалкхан ансамбль «Вайнах», цуо йаьхна дуьненайукъара фестивалашкахь гран-приш (Туркойчохь 1998 шарахь, Италехь 1999 шарахь, Францехь 2002 а, 2007 а шерашкахь, Италехь а, Испанехь а 2003 шарахь, кхин а)[68][69]. Кхин а йу Республикин берийн эшаран а, хелхаран а Алиев Хьасанан цӀарах ансамбль «Башлам», кхоьллина 1967 шарахь, российн а, дуьненайукъара а къийсамийн декъахо а, лауреат а, дуьненайукъара фестивалийн шортта гран-приш йаьхна[70][71].

Театраш

Йерриг театраш йу Соьлжа-ГӀалахь.

 
Нохчийн Республикин Къоман музей

Нохчийн Республикехь музейн гӀуллакх кхиор долийна 1924 шарахь Соьлжа-ГӀалахь Нохчийн Республикин Къоман музей йелларца. 1961 шарахь дӀайиллина сурт дилларан говзаллин Захаров Петран цӀарах музей. XX бӀешо чекхдолуш Нохчийн Республикин музейш Къилбаседа Кавказехь уггаре йаккхийчех лорура[67].

2018 шеран ноябрехь Нохчийчоь Российн уггаре кӀезиг вахон малар молу регионийн рейтинган коьрте хӀоьттира[74].

2020 шеран 27 ноябрехь, Нохчийн Республикин Парламентан 15 шо кхачарна лерина хийшаршкахь, Республикин Куьйгалхочо - Кадыров Рамзана, хаам бира Советийн союзан 4 лакхара совгӀат меттахӀотторах а, республике йухадерзорах а: Ленинан орден (1965), Къинхьегаман ЦӀен Байракхан орден (1982), Октябран Революцин орден (1972), Къаьмнийн доттагӀаллин орден (1972). Уьш дайинера шина тӀеман компанешкахь Нохчийн Республикин махкахь. Карийначу орденийн удостоверенеш тӀехь ша куьг йаздира Российн Федерацин президента – Путин Владимира. Тахана дерриг совгӀаташ Нохчийн Республикин Къоман музейхь Ӏалашйечу цӀечу байракхан асин тӀеоьхкина.

1965 шарахь НГӀАССР, пачхьалкхан хьалха тӀехдика гӀуллакхаш дарна (сурсаташ арахецарехь, Ӏилманехь, могашаллаӀалашйарехь, кхечу дахаран ладаме сферашкахь), совгӀат дина Ленинан орденца (ССРС лакхара совгӀат)[75].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
Комментареш
  1. Нохчийн Республикин дозанийн дерриг дохалла ду 841 км. 2018 шо кхаччалц тайп-тайпана хьосташа лора майданах лаьцна тайп-тайпана хаамаш, хӀунда аьлча, чеккхенца хӀоттийна дацара Нохчийн Республикин а, Республика ГӀалгӀайчоьнна а (Анчабадзе, 2001, с. 14) йукъара доза. 2018 шеран 26 сентябрехь ГӀалгӀайчоьнан куьйгалхочо Ю.-Б. Б. Евкуровс а, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Р. А. Кадыровс а республикашна йукъахь доза хӀотторан барт тӀехь куьг йаздира, цул тӀаьхьа майда нийсо гайта буьйлабелира(Право.Ru, 27.10.2018).
  2. «Плоскость» — традиционное название предгорной равнины на Северном Кавказе, в Закавказье термин не употребляется (Анчабадзе, 2001, с. 16).
  3. Экскурсешна лелош йац, тайп-тайпана туризмийн кепаш лело таро йоллушехь, хаза Ӏаламан ландшафташ а, экологи нагӀора цӀена а хьелаш долу Хулло, Элстанжойн Аьхк, Басс, Ваштар, Таьнга, кхин долу эркийн ламанан чӀажжаш.
  4. Это первый частный музей в Нохчийн Республике, работает без выходных и принимает посетителей бесплатно.(Официальный сайт Министерства Нохчийн республики по туризму (2013). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 31 март.(ТӀе цакхочу хьажорг)).
  5. Хьажаран майда йиллина хуьла мукъа деношкахь. Кхузахь суьрташ даха мега масс охӀуманна а, Нохчийн Республикин коьртан Р. А. Кадыровн резиденци йоцург, ахьа сурт даккхахь тӀе а баьхкина сурт дӀадоккхуьйтур ду (Это Кавказ (2017 шеран 14 июнь). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 25 март.).
  6. Хинселомузыкин шоуга хьажа мега шота а, кӀиранан а деношкахь 21:00 - 21:40 москохан хенаца. Мукъа деношкана хӀоттайо нохчийн эстрадийн седарчаша дакъа лоцу, зиеделла конферансьеш болу концертан программа конферансье (Нохчийн Государственная Телерадиокомпания "Грозный" (2017 шеран 25 июль). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 25 март.).
  7. «Нартол» ресторан — гӀалахь цхьа меттиг йу вахо малар дохка магийна меттиг. ГӀалин кхин цхьаьна ресторанехь йа кафехь туристан мадар дуттур дац. Кхин а йу «Аса» — федералан машин гипермаркет, цигахь муьлхха а малар эца мега Ӏуьйрана 8 сахьт даьлча итт сахьт даллалц. Нохчийн Республикехь доза тоьхна вахон маларш дохкарна, цу тӀе малар ца магош закон а дац (Это Кавказ (2017 шеран 14 июнь). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 25 март.).
  8. Йан йолийна 2015 шеран февралехь. Проектехь йу лекха 102 гӀат йолу гӀишло, цуьнан план хӀоттийна Россехь а, Европехь а сейсмокхераман зонера дуьххьарлера гӀишло аьлла (ТАСС (2017 шеран 20 ноябрь). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 28 март.).
  9. Склеповый комплекс датируют V—XVII веком, точная дата основания неизвестна
  10. «Къоьзана-Ӏам» курортан базехь хилла хьалхара йиллина республикин шахматийн турнир, план йу и турнир хӀора шарахь йан а, цуьнан дуьненайукъара статус йан а (Нохчийн Государственная Телерадиокомпания "Грозный" (2019 шеран 25 март). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 26 март.).
Хьосташ
  1. 1 2 http://parlamentchr.ru/republic/o-respublike
  2. https://www.gks.ru/storage/mediabank/PrPopul2021.xls
  3. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2020 года и в среднем за 2019 год. Росстат. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 13 март.
  4. Конституция Чеченской Республики, ст. 10.
  5. 1 2 Конституция Российской Федерации. Ст. 5, пп. 1, 2
  6. Закон РФ от 10 декабря 1992 г. N 4071-I «О внесении изменений в статью 71 Конституции (Основного Закона) Российской Федерации — России». ТӀекхочу дата: 2009 шеран 12 декабрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2008 шеран 23 декабрехь
  7. Особый статус российских республик. Архивйина 2020-02-17 — Wayback Machine
  8. Бахархой. chechenstat.gks.ru. ТӀекхочу дата: 2021 шеран 30 сентябрь. Архивйина 2021-10-17 — Wayback Machine
  9. Шавхелишвили А. И. Грузино-чечено-ингушские взаимоотношения. Тбилиси. 1992 г. Стр. 145
  10. Анчабадзе, 2001, с. 14.
  11. БРЭ, Т. 34, 2017, с. 540.
  12. Право.Ru, 27.10.2018.
  13. Парламент Чеченской Республики, 2018.
  14. Анчабадзе, 2001, с. 3, 16.
  15. Чечня - общая информация и география (2008 шеран 12 октябрь). ТӀекхочу дата: 2009 шеран 21 декабрь. Архивйина 2011 шеран 21 августехь Архивйина 2011-10-15 — Wayback Machine
  16. 1 2 3 4 Анчабадзе, 2001, с. 16.
  17. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 Глава и Правительство Чеченской Республики, 2017.
  18. 1 2 3 Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху ReferenceA тIетовжаран текст йазйина йац
  19. Проект к обсуждению природные условия Чеченской республики Архивйина 2017-12-01 — Wayback Machine
  20. Анчабадзе, 2001, с. 15—16.
  21. 1 2 3 4 5 Рыжиков, 1973, с. 21—22.
  22. Ахмадов Ш. Б. Чечня и Ингушетия в XVIII — начале XIX века. (Очерки социально-экономического развития и общественно-политического устройства Чечни и Ингушетии в XVIII — начале XIX века). — Элиста: АПП «Джангар», 2002
  23. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 IGPI.RU :: Политический мониторинг :: Выпуски политического мониторинга :: Нохчийн республика Ичкерия. Общий обзор
  24. Постановление Съезда народных депутатов РСФСР от 02.11.1991 № 1847-I.
  25. «Подарки Грачёва» до сих пор стреляют в российских солдат. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 27 декабрь. Архивйина 2016 шеран 27 декабрехь
  26. Об образовании Ингушской Республики в составе Российской Федерации, Закон РФ от 04 июня 1992 года № 2927-1.
  27. О порядке введения в действие Закона Российн Федерацин«Об образовании Ингушской Республики в составе Российской Федерации», Постановление Верховного Совета РФ от 04 июня 1 …
  28. Постановление Съезда народных депутатов Российн Федерацинот 10.12.1992 № 4070-I. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 18 август. Кху чуьра архивйина оригиналан 2017 шеран 18 августехь Архивйина 2014-02-22 — Wayback Machine
  29. Закон РФ от 10 декабря 1992 года N 4071-I «О внесении изменений в статью 71 Конституции (Основного Закона) Российн Федерацин— России»
  30. Ингушетия и Чечня подписали соглашение о границе // «РИА Новости»
  31. Документы VII Съезда народных депутатов Российской Федерации // «Российская газета», 29 декабря 1992 года, № 278 (614), стр. 5
  32. Законы РСФСР/РФ 1990—1993 и поправки к ним до весны 1995
  33. Дмитрий Соколов-Митрич Забытый геноцид // ОАО «Газета Известия» Известия, 28 января 2005, 19:10
  34. Вольтер О. В. Ахмат-Хаджи Кадыров как политический лидер в современной России // Вестник Забайкальского государственного университета. — 2016. — № 4. — С. 63—75. — ISSN 2227-9245.
  35. 1 2 Сайдарханов А. М. Традиции организации местных сообществ в Чеченской Республике // Terra economicus. — 2012. — Т. 10, № 4-2. — С. 150—154. — ISSN 2073-6606.
  36. Полипчук А. Чечня: первые шаги нового президента // Россия и мусульманский мир. — 2004. — № 1. — С. 49—50. — ISSN 1998-1813.
  37. 1 2 Матыева А. Р. Избирательные правоотношения. — В: Этапы становления современного избирательного законодательства Чеченской Республики // Государственая власть и местное самоуправление. — 2013. — № 1. — ISSN 1813-1247.
  38. Гумашвили Л. Э. К вопросу об истории становления конституционного законодательства современной Чеченской Республики // История государства и права. — 2011. — № 19. — С. 5—8. — ISSN 1812-3805.
  39. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 апрель. Архивйина 2020 шеран 24 апрелехь
  40. 1 2 19.10.2012 / 16:18 На карте Чечни появятся возрожденные Галанчожский и Чеберлоевский районы
  41. Росстат, 22.02.2019.
  42. Чеченстат, 22.02.2019.
  43. Индексы промышленного производства по субъектам Российской Федерации(бил-боцу.). Федеральная служба государственной статистики. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 20 октябрь.
  44. Постановление Правительства Чеченской Республики от 3 декабря 2013 года № 315 «Об утверждении государственной программы Чеченской республики „Развитие промышленности, энергетики и повышение эренгоэффективности в Чеченской Республике“». Электронный фонд «Консорциум Кодекс». ТӀекхочу дата: 2017 шеран 18 октябрь.
  45. Идигова Л. М., Чаплаев Х. Г. Энергетическая отрасль Чеченской Республики: целевые ориентиры развития // Проблемы экономики и управления 6 нефтегазовым комплексом. — 2014. — № 12. — С. 6—10. — ISSN 1999-6942.
  46. Электробаланс Российской Федерации. Федеральная служба государственной статистики. ТӀекхочу дата: 2022 шеран 12 февраль.
  47. 1 2 3 Нунуев, 2017, с. 146—149.
  48. Водопады Чечни, 2017.
  49. 1 2 Федеральное агентство по туризму, 2014.
  50. Перспективы развития туризма. Парламент Чеченской Республики, 2013.
  51. Национальный музей ЧР. Министерство ЧР по туризму, 2013.
  52. Музей Лермонтова. Министерство ЧР по туризму, 2013.
  53. Музей Толстого. Министерство ЧР по туризму, 2013.
  54. Музей «Донди-йурт». Министерство ЧР по туризму, 2013.
  55. Грозный. Это Кавказ, 14.06.2017.
  56. Фонтан в Грозном. Это Кавказ, 25.07.2017.
  57. Пономарёва, Цирлина, Воробьёв, 2012, с. 135, 148.
  58. Галерея Илеса Татаева. Министерство ЧР по туризму, 2013.
  59. Ахмат Тауэр. ТАСС, 20.11.2017.
  60. Аргунский музей-заповедник. Министерство ЧР по туризму, 2013.
  61. 1 2 Аслаханова, 2017.
  62. О туризме. Министерство ЧР по туризму, 2013.
  63. Информация пресс-службы Министерства образования и науки Российской Федерации о реализации плана мероприятий по апробации в 2009—2011 годах комплексного учебного курса для общеобразовательных учреждений «Основы религиозных культур и светской этики»(йоьхна хьажорг — истори).(ТӀе цакхочу хьажорг). 09.12.2009.
  64. 1 сентября в Грозном открылся новый современный образовательный центр
  65. Список учреждений профессионального образования Нохчийн республикин. Министерство образования и науки Нохчийн Республикин. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 8 декабрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2017 шеран 9 декабрехь Архивйина 2017-12-09 — Wayback Machine
  66. Колледжи Чечни. EduNetwork. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 8 декабрь.
  67. 1 2 3 4 5 6 Ильясов Л. Культура чеченского народа. — М, 2009. — 264 с. — ISBN 5-264-00693-0.
  68. Ансамбль танца «Вайнах». Справка. РИА новости (2010 шеран 26 май).
  69. Чеченский ансамбль «Вайнах» покажет на фестивале молодежи свой самый масштабный танец. ТААС (2017 шеран 9 октябрь). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 8 декабрь.
  70. Биография ГАУ Башлам. Башлам. официальный сайт. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 8 декабрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2017 шеран 9 декабрехь Архивйина 2017-12-09 — Wayback Machine
  71. Детский ансамбль песни и танца «Башлам» завоевал гран-при конкурса «Радость планеты» в Ставрополе. grozny.tv (2016 шеран 7 ноябрь). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 8 декабрь.
  72. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху Чахкиев тIетовжаран текст йазйина йац
  73. Музеи Чечни. Министерство ЧР по туризму, 2013.
  74. Чечня возглавила рейтинг самых «трезвых» регионов России
  75. Утерянные во время двух военных кампаний высшие награды СССР вернулись в ЧР

Литература

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан
  • chechnya.gov.ru — официалан сайт Чеченской республики
  • Нохчийчоь каталог чохь йу хьажоргаш Open Directory Project (dmoz).
  • Чахкиев Г. Г., Кривцова М. К., Судибье А.О. Перспективы социально-экономического развития Республики Чечня // Труд и социальные отношения. — 2014. — Вып. 6. — С. 29—38. — ISSN 2073-7815.
  • Аслаханова С. А. Развитие туризма в Чеченской Республике, его преимущества и недостатки // Вестник Чеченского государственного университета. — 2017. — Т. 26, № 2. — С. 148—151.
  • Аслаханова С. А. Развитие туризма в Чеченской Республике, его преимущества и недостатки // Вестник Чеченского государственного университета. — 2017. — Т. 26, № 2. — С. 148—151.
  • Нунуев С.-Х. М. Туризм в Чеченской Республике: перспективы развития // 6 Ежегодная итоговая конференция профессорско-преподавательского состава Чеченского Государственного университета. — 2017. — С. 146—149.