Гендаргнойн ЧӀулг

(Гендаргнойн ЧIулг тӀера хьажжина кхуза)
ХӀокху версин 4 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2023, 13 январь).

ЧӀулг (АтагӀан ЧӀулг, чакх. XVIII — йуьхь. XIX бб.) чакх. XVIII — йуьхь. XIX бб. Нохчийчохь хилла тӀемийн жигара декъашхо.

Гендаргнойн ЧӀулг
Вина терахь 1778({{padleft:1778|4|0}})
Вина меттиг Хьалха-Марта, Нохчийчоь
Кхелхина терахь 1829({{padleft:1829|4|0}})
Кхелхина меттиг ЧӀулга-Йурт, Нохчийчоь
ТӀемаш Кавказхойн–оьрсийн тӀом 1763–1864

Жимачу АтагӀан йуьртда. 1807 шеран сентябрехь, масех тӀамехь инарла Булгаковн эскарел эшча, Тайми Биболата а, Гендаргнойн ЧӀулга а Россех дозуш хилар тӀеийцира. Нохчийн 20 йуьртдайшна йукъахь Российн байӀат дина, цунна делла Гуьржехахь а, ДегӀастанахь а коьрта баьчча волчу инарла-элас Гудовича поручик дарж.[1] Оцу хьокъехь 1807 шеран 27 августехь инарла-эле Гудовиче йаздина долчу кехатехь Ӏаьндари йуьртдас Кандауров Хьаджи-Реджеба, ЧӀулг вуьйцу «ладаме ши стаг (шолгӀаниг — Тайми Биболат), Нохчийчохь дукха лераме волу». 1808 ш., муха нисделла хууш дац, ЧӀулга стаг вийна, иза доккхачу тайпанах хилла. Кестта маслаӀат дина, амма цуьнан барт ЧӀуьлган даиманан а Хьалха-Марта йита йезаш хилла.

1808 шарахь кхоьллина Теркан аьтту берд тӀехь Мазалкан полкан Ишоре гӀалан дуьхьала ЧӀуьлга-Йурт (Мурдар-Йурт, Мурдарово йурт, тӀехьуо — Мундар-Йурт, оьрсийн маттахь — Знаменское).[2]

ЧӀуьлган ши йоӀ а, Сулейман цӀе йолуш кӀант а хилла, иза Оьрсийн эскаран прапорщик а, Оьрсий-ХӀункара тӀеман декъашхо а хилла. КӀентан кӀант — АӀабдулкъедар 1917 шеран гурахь Мундар-Йурто векал вина БуритӀе Кавказан ломан къаьмнийн II-гӀа гуламе вахийтина.

XIX бӀешеран 20-гӀа шерашкахь ЧӀулг бехке вина обаргаш кӀелхьара бахарна, лаьцна паччахьан баьччалло. 1827 шо кхаччалца Соьлжа-ГӀалин гӀопехь валлийна. 1829 шарахь февралехь иза велла[3].

ЧӀулга кхоъ ваша хилла: Исмайла, Меза, Нойрби. Церан ден цӀе Сайка хилла. Церан дайн силсила иштта йу: Ахьматхан, СайдӀали, АргӀун, Шейхуль-Ислам, Джамалуддин, Нурдахьад, Дада, Кавмар, Баммат, Ойбалла, Бовлач, Товзархан, Янхот, Дауд, Ханбатар, Джанхот, Сайка. ЧӀулгара гендаргнойн тайпана Сайкин-некъе бара[4]

ЧӀуьлган тӀаьхье

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Шахрудин А. Г. — Россия и Чечня: последняя треть XVIII--первая половина XIX века, Академия наук Чеченской Республики, 2009 — стр. 138
  2. Подтверждением этого обычно приводится прошение поручика Сулеймана Чуликова от 23 февраля 1862 года на имя главнокомандующего войск Терской области князя Святополк-Мирского, цитируемое по Н. П. Гриценко «Социально-экономическое развитие притеречных районов в XVIII — первой половине XIX в.», на 179 странице, под заголовком «Документ № 3»
  3. Центральный государственный архив Республики Северная Осетия-Алания (далее — ЦГА РСО-А), ф. 12, оп. 6, д. 849, л. 11.
  4. Ю. М. Эльмурзаев. «Юсуп Нохчуа. Страницы истории чеченского народа.». — Грозный: Книга, 1993. — С. 57 - 70. — ISBN 5-09-002630-0.