Глиф
Глиф (шир.-желт. γλύφω «хадайо; огуш яздан») — графема билгала графикца (наггахь масех цхьаьнатесна графема — хӀоттаман глиф), — йа графемин деккъа дакъош гуш долу (масала — диакритикин хьаьрк) йозан дакъа. Хуьйцуш йа контексте хьаьжжина хаьржина, цхьа символ гойтуш шиъ йа сов глифах, вовшенна аллографаш олу.
Нагахь графема — текстан барам балахь, тӀаккха глиф — графикин барам бу.
Этимологи
бӀаьра нисйанТермин схьадаьлла glyphe дешах, иза леладора французийн антиквараша (1701 шарахь дуьйна), шен рогӀехь цара схьаэцна желт. γλυφή [glyphē] «хир» хандешах γλύφω [glýphō] «хадайо; огуш яздо» (гергара ду лат. glubere «хьаькхна дӀацӀандан» а, инг. cleave «хьакха, даккха»).
Амма дуьххьара глифаш дашо шена терго яхийтира европахойн 1840-гӀа шераш долалуш Фредерик Кезервудан майя цивилизацин маьӀна делланза глифийн суьрташца, гравюрашца а, литографица а.
Археологи
бӀаьра нисйанАрхеологехь глиф — тӀулган (петроглиф) йа дитт тӀехь аьгна йа йиллина символ. И хила тарло пиктограмма йа идеограмма, йа йозан системан дакъа, масала дешдекъан йоза йа логограмма.