Сандри́н Беатри́с Груда́[1] (фр. Sandrine Béatrice Gruda; (в)йина 1987 шеран 25 июнь, Каннаш) — французийн баскетболхо, левзина италин «Беретта Фамила Скио» клубехь. Лондонера Олимпийн ловзарийн детин совгӀатхо Францин къоман гулйина командин йукъахь. 2016 шеран ДКъБА чемпион «Спаркс» йукъахь.

Груда Сандрин
фр. Sandrine Gruda
Италин байракх Скио— № 13
Позици центровой
Локхалла 193
Йозалла 84
Гражданалла
Йина терахь 1987 шеран 25 июнь({{padleft:1987|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:25|2|0}}) (37 шо)
Йина меттиг Каннаш, Франци
Драфт КъБА 13-гӀа, 2007, Коннектикут Сан

Командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Дети Лондон 2012 Лондон 2012
Борза Токио 2020 Токио 2020
Европин чемпионаташ
Деши Латви 2009
Борза Польша 2011
Дети Франци 2013
Дети Мажаройчоь/Румыни 2015
Дети Серби/Латви 2019
Дети Испани/Франци 2021
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Клубан карьера

бӀаьра нисйан

Сандрин Груда вина Каннашкахь. 18 шо долуш дуьйна ловзу Валансьенера Олимпик йукъахь. 2006 шарахь «Олимпикца» цхьаьна кхечира Евролигин ахфинале, «Брнон» дуьхьалчу матчехь кхоьссира 14 очко а, 8-зза буьрка схьаийцира 35 минотехь.

2007 шеран 17 январехь къобал йира 2006 шеран уггаре дика къона ловзархо аьлла. И рейтинг билгалйаьккхира хьовсархоша, эксперташа, журналисташа, ловзархоша, тренераш.

2007 шеран мартехь контракт йаздина екатеринбурган УГМК клубаца. 2007 шеран апрелехь WNBA драфтехь хаьржина 1 раундехь йукъара 13-гӀа лоьмарца «Коннектикут Сан» командо.

2010 шеран февралехь Екабсон Анетен а, Степанова Мариян хьалха йолуш къобал йина ФИБА версица шеран ловзархо аьлла.

2016 шеран февралехь Грудас йитира УГМК коган ладаме чов меттахйаларна[2][3]. Июлехь цуо контракт дира туркойн «Фенербахче» клубаца[4].

Гулйина командера карьера

бӀаьра нисйан

Францин къоман командехь дебют хилла 19 шо долуш. 2009 шарахь шен гулйина команда толаме йалийна Европин чемпионатехь.

СовгӀаташ

бӀаьра нисйан
  • Европин чемпион (2009)
  • Аьхкенан Олимпийн ловзарийн детин совгӀатхо (2012)
  • Евролигин толамхо (2013)
  • 2013 шеран Европин Суперкад баьккхинарг
  • Российн чемпион (2009, 2010, 2011, 2012, 2013, 2014, 2015, 2016)
  • Российн Кад баьккхинарг (2009, 2010, 2011, 2012, 2013, 2014)
  • Российн Кедан детин совгӀатхо (2008)
  • Европин детин совгӀатхо (2013)
  • Евролиги детин совгӀатхо: (2015, 2017)
  • Европин борзанан совгӀатхо (2011)
  • Евролиги борзанан совгӀатхо (2008, 2009, 2010, 2011, 2012, 2014)
  • Российн чемпионатан борзанан совгӀатхо (2008)
  • ФИБА Дуьненан Лигин борзанан совгӀатхо (2007)
  • Кегийрхойн дуьненан чемпионатан борзанан совгӀатхо (2007- чемпионатан MVP)
  • Францин чемпион (2007)
  • Францин Кад баьккхинарг (2007)
  • Евролигин дерриг Седарчийн матчан декъахо (2007, 2010, 2011)
  • Францин уггаре дика къона ловзархо а, Европин уггаре къона баскетболхо а ФИБА-Европа версица (2005, 2006)
  • Францин вице-чемпион (2006)
  • Европин кадеташна йукъара чемпионатан борзанан совгӀатхо (2005)

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Корректная передача фамилии с французского — Грюда
  2. С дебютом, Эмма. УГМК (2016 шеран 13 февраль). ТӀекхочу дата: 2016 шеран 17 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 21 августехь Архивйина 2016-08-21 — Wayback Machine
  3. Gom, Francis. Sandrine Gruda voit le bout du tunnel et entrevoit Rio (фр.). France-Antilles.fr (2016 шеран 13 апрель). ТӀекхочу дата: 2016 шеран 17 июль. Архивйина 2016 шеран 18 июнехь
  4. Sandrine Gruda à Fenerbahçe (фр.). L'Équipe (2016 шеран 5 июль). ТӀекхочу дата: 2016 шеран 17 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 7 июлехь Архивйина 2016-07-07 — Wayback Machine

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан