Степанова, Мария Александровна

Степанова Мария Александровна (йина 1979 шеран 23 февралехь, Шпаковски, Ставрополан мохк) — российн профессионалан баскетболхо, центровой. Масийттаза чемпион а, совгӀатхо а дуккха а дуьненайукъара къийсамийн Российн къоман гулйина командин йукъахь. Российн спортан хьакъ долу говзанча. Слэм-данк йеш болчу баскетболхойх дукха боцучарех цхьаъ.

Степанова Мария
Карьера чекхйаьккхина
Позици Центровой
Локхалла 202 см
Йозалла 85 кг
Гражданалла  Росси
Йина терахь 1979 шеран 23 февраль({{padleft:1979|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:23|2|0}}) (45 шо)
Йина меттиг Шпаковски, Ставрополан мохк, РСФСР, ССРС
Драфт ДКъБА 8-гӀа, 1998, Финикс Меркури

Командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Борза Афина 2004 баскетбол
Борза Пекин 2008 баскетбол
Дуьненан чемпионаташ
Дети Германи 1998
Дети Бразили 2006
Европин чемпионаташ
Борза Польша 1999
Дети Франци 2001
Золото Желтойчоь 2003
Дети Туркойчоь 2005
Золото Итали 2007
Дети Латви 2009
Золото Польша 2011
Пачхьалкхан а, ведомствийн а совгӀаташ
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Биографи нисйе бӀаьра

Степанова Мария Александровна йина 1979 шеран 23 февралехь РСФСР Ставрополан мехкара Шпаковски йуьртахь . Баскетболех ловза иза йолайелира Ленинградехь. Цуьнца цхьаьна гӀарайаьллачу тренеран Тржескал Кира Александровнин куьйга кӀелахь баскетболех ловза Ӏемира Абросимова Светлана, Корстин Илона, кхин а гӀарабевлла российн баскетболхой[2].

1994 шарахь Степанова Мариян хьалхара профессионалан клуб хилира ТулгӀе (Волна) Петарбух. Цул тӀаьхьа иза ловза йолайелира Петарбухан Форс-Мажор йукъахь. 1996 шарахь Степанова Мариян дебют хилира 1996 шеран Олимпийн ловзаршкахь Атлантехь, уьш чекхдевлча иза дехьйелира Москохан ЦСКА йукъа.

1998 шарахь цуо ша WNBA драфте хӀоттийра, цигахь иза хьалхарчу раундехь бархӀолгӀачу лоьмарца хаьржира «Финикс Меркури» командо. 1999 - 2002 шерашкахь Степанова Мария левзира европин зударийн баскетболан командашкахь.

КӀант винчул тӀаьхьа Степанова Мария ловза йолайелира Самарера ВБМ-СГАУ йукъахь, цуо 2006 шарахь цӀе хийцира ЦСКА Москох аьлла.

Корстин Илонас а, Степанова Марияс а дакъалецира 2008 шеран 4 апрелехь Москох гӀалин № 13 йолчу Н. Ф. Филатовн цӀарахчу берийн дарбанан цӀенна гӀоьнна диканаш даран матчехь[3][4]. 2008 шеран августехь Российн гулйина командин йукъахь дакъалецира Пекинерачу Олимпиадехь, цигахь Степанова Мариян хетарехь борзанан мидал — хьакъ долу совгӀат ду[5].

Пекинера олимпиада чекхйаьллачул тӀаьхьа Степанова Мария кхин дӀа левзира ЦСКА Москох йукъахь. 2008 шеран 3 ноябрехь дехьайелира УГМК Екатеринбург[6][7][8] йукъа. 2009—2010 шарахь дуьйна командин капитан йу.

2012 шеран Евролигин бархӀаннан финалехь Спарта энд К командин дуьхьала ловзуш лазор бахьнехь, , Степанова Марияс дакъа ца лецира Олимпийн ловзаршкахь 2012[9].

2015 шеран 1 майхь УГМК директоро кхайкхира, Марияс ловзаран карьера чекхйаьккхина аьлла[10].

Шен нисйе бӀаьра

Степанова Марияс чекйаьккхина Петарбухан физикин оьздангаллин П. Ф. Лесгафтан цӀарах академи. Йеха Ленинградан областера Тосно гӀалахь. Марехь йу ватерполан кевнахочуьнгахь Зубов Денисегахь (карьера чекхйаьккхина). Мариян шиъ кӀант ву, Николай (вина 2003 шарахь) а, Макар (вина 2016 шарахь) а. Степановин локхалла — 202 см, йозалла — 85 кг.

СовгӀаташ нисйе бӀаьра

Российн гулйина командехь ловзаран статистика нисйе бӀаьра

Турнир Ловзарш Минот Кхийсарш 2 очко 3 очко гӀуда БС ДБ ЙБ ДЛС БШ ГӀ Очкош
Н/Кх % Н/Кх % Н/Кх % Н/Кх % ТӀ Д Й Йерриг Йукъ.
Олимпийн ловзарш 1996 4 17 5/10 50.0 5/10 50.0 0/0 0.0 1/1 100.0 3 2 5 0 0 1 0 2 11 2.8
ЕЧ квалификаци 1997 4 45 9/16 56.2 9/16 56.2 0/0 0.0 2/3 66.7 3 8 11 1 1 2 0 5 20 5.0
Европин чемпионат 1997 8 291 47/81 58.0 47/81 58.0 0/0 0.0 34/44 77.3 20 45 65 5 7 22 0 22 128 16.0
Дуьненан чемпионат 1998 7 90 20/36 55.6 20/36 55.6 0/0 0.0 6/6 100.0 8 14 22 8 7 2 0 16 46 6.6
ЕЧ квалификация 1999 5 87 12/29 41.4 12/29 41.4 0/0 0.0 15/17 88.2 8 20 28 3 6 0 0 3 39 7.8
Европин чемпионат 1999 4 47 14/26 53.8 14/26 53.8 0/0 0.0 4/5 80.0 6 7 13 3 1 5 0 5 32 8.0
Олимпийн ловзарш 2000 7 86 24/32 75.0 24/32 75.0 0/0 0.0 8/16 50.0 3 20 23 7 8 1 5 10 56 8.0
ЕЧ квалификаци 2001 4 98 24/43 55.8 24/43 55.8 0/0 0.0 9/13 69.2 6 21 27 4 10 6 6 6 57 14.2
Европин чемпионат 2001 8 166 41/65 63.1 41/64 64.1 0/1 0.0 23/26 88.5 16 45 61 8 17 6 9 22 105 13.1
Европин чемпионат 2003 6 101 24/45 53.3 24/45 53.3 0/0 0.0 14/18 77.8 19 31 50 4 14 8 6 12 62 10.3
Олимпийн ловзарш 2004 8 161 28/65 43.1 28/65 43.1 0/0 0.0 8/11 72.7 15 38 53 8 11 8 8 20 64 8.0
Европин чемпионат 2005 8 264 60/113 53.1 60/112 53.6 0/1 0.0 24/30 80.0 25 52 77 18 15 6 16 18 144 18.0
Дуьненан чемпионат 2006 9 273 60/113 53.1 59/111 53.2 1/2 50.0 23/30 76.7 18 61 79 9 24 6 19 32 144 16.0
Европин чемпионат 2007 8 215 45/92 48.9 44/88 50.0 1/4 25.0 19/30 63.3 20 60 80 11 16 9 12 15 110 13.8
Олимпийн ловзарш 2008 8 157 31/75 41.3 31/74 41.9 0/1 0.0 13/21 61.9 12 40 52 9 8 5 5 22 75 9.4
Европин чемпионат 2009 9 222 43/89 48.3 43/83 51.8 0/6 0.0 29/47 61.7 16 55 71 13 20 5 18 15 115 12.8
Дуьненан чемпионат 2010 9 183 39/86 45.3 39/86 45.3 0/0 0.0 23/28 82.1 23 34 57 8 15 3 5 14 101 11.2
Европин чемпионат 2011 9 230 46/96 47.9 46/95 48.4 0/1 0.0 19/31 61.3 33 47 80 15 14 15 8 17 111 12.3
МаьӀна дешархьама, таблицин коьртера аббревиатурин тӀе хьо дехкан курсор . Терхьаш 2011 шеран 5 июль.

Хьост: ФИБА сайтан архив[11]

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. European 2011 awards
  2. Александр Кочетков. Капитан сборной РФ по баскетболу Мария Степанова «Я могу позволить себе ходить на каблуках». Новые известия (2006 шеран 13 октябрь). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 22 ноябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 4 мартехь Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine
  3. Женская сборная России приняла участие в благотворительном проекте «Мир без слез». sports.ru (2008 шеран 4 апрель). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 22 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 3 мартехь
  4. Илона Корстин. Мир без слез. sports.ru (2008 шеран 7 апрель). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 22 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 3 мартехь
  5. Мария Степанова: «Борза далась нам потом и кровью». sports.ru (2008 шеран 24 август). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 22 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 3 мартехь
  6. Игорь Грудин: «Конфликта между ЦСКА и Степановой не было». sports.ru (2008 шеран 4 ноябрь). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 22 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 3 мартехь
  7. Мария Степанова: «Переход в УГМК добавит мотивации». sports.ru (2008 шеран 5 ноябрь). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 22 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 3 мартехь
  8. Александр Тарасов. Размен на четыре буквы. sports.ru (2008 шеран 7 ноябрь). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 22 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 3 мартехь
  9. Баскетболистка сборной России Степанова не сыграет на Олимпиаде-2012. Р-Спорт (2012 шеран 2 апрель). ТӀекхочу дата: 2012 шеран 2 апрель. Архивйина 2012 шеран 5 июнехь
  10. Завершившая карьеру Степанова была символом УГМК и российского баскетбола - Рябков. Р-Спорт (2015 шеран 1 май). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 1 май. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 17 августехь
  11. Maria Stepanova’s profile (инг.). FIBA.com. ТӀекхочу дата: 2011 шеран 5 июль. Архивйина 2012 шеран 3 мартехь

Хьажоргаш нисйе бӀаьра