Павел Гаврилович Гуденко (1911 шеран 7 март, Новодеревянковски — 1994 шеран 9 март, Краснодар) — гӀашсалти, капитан, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.

Павел Гаврилович Гуденко
Вина терахь 1911 шеран 7 март({{padleft:1911|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:7|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1994 шеран 9 март({{padleft:1994|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:9|2|0}}) (83 шо)
Кхелхина меттиг
Эскаран тайпа пехота[d]
Дарж капитан
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина орден Красного Знамени орден Александра Невского орден Отечественной войны орден Отечественной войны I степени орден Красной Звезды медаль «За боевые заслуги» медаль «В ознаменование 100-летия со дня рождения Владимира Ильича Ленина» медаль «За отличную службу по охране общественного порядка» медаль «За победу над Германией в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» юбилейная медаль «Двадцать лет Победы в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» юбилейная медаль «Тридцать лет Победы в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» юбилейная медаль «Сорок лет Победы в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» медаль «Ветеран труда» юбилейная медаль «30 лет Советской Армии и Флота» юбилейная медаль «40 лет Вооружённых Сил СССР» юбилейная медаль «50 лет Вооружённых Сил СССР» юбилейная медаль «60 лет Вооружённых Сил СССР» юбилейная медаль «70 лет Вооружённых Сил СССР» юбилейная медаль «50 лет советской милиции» медаль «За безупречную службу» медаль «За безупречную службу» I степени
заслуженный работник МВД
знак «25 лет победы в Великой Отечественной войне»

Павел Гуденко вина 1911 шеран 7 мартехь Краснодаран махкан Каневски кӀоштан Новодеревянковски юртахь. Иза оьрси вара. Цо школан ворхӀ класс чекхйаьккхира, колхозехь болх бира. 1930 шарахь иза Донбассе дӀаварахар, цигахь электростанцехь кочегар болх бира. 1932 шарахь иза ЦӀен Эскаре дӀакхайкхира. 1934 шарахь цо чекхйаьккхира лахара куьйгалхойн школа. 1935 шарахь цуьнан эскаран болх чекхбелира. Иза Соьлжа-ГӀале схьавеара. Кхузахь цо зулам толлийлан белхалон а, гӀалан милицин отделенин куьйгалхонан когаметтаниган а болх бира[1].

ТӀом болабелча иза йуха а ЦӀен Эскаре дӀакхайкхира. 1943 шеран ноябрь дуьйна иза фронтехь вара. Цо дакъа лецира 1-ра Украински а, 1-ра а, 2-гӀа Белорусски фронташкахь хилла тӀемашкахь. 1944 шарахь цо чекхйаьккхира эпсарийн говзалла шарйаран курсаш. Цо дакъа лецира Сероцки плацдарман тӀехь хилла тӀамтӀехь а, Млавско-Эльбингски а, Малхбале-Померански а, Берлинан а операцишкахь. 1945 шеран апрель кхачале лакхара лейтенант Гуденко вара 2-гӀа Белоруссин фронтан 70-гӀа армин 136-гӀа кхиссархойн дивизин 358-гӀа кхиссархойн полкан батальонан куьйгалхонан когаметтаниг[1].

1945 шеран апрелехь Гуденко Одер штурман тобанийн коьртехь хих дехьавелир Шёнинген юртан уллехь (хӀинца Каменец). Цигахь цо плацдарм схьа а йаккхина иза шайн керар дӀа ца хийцира полкан коьрта ницкъ тӀекхаччалц. МостагӀийн тӀелатар йухатухуш салтиш немцойн танк а, шиъ бронетранспортёр а хӀаллакйира[1].

1945 шеран 29 июнехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца Павел Гуденкон йелира Советски Союзан Турпалан цӀе[1].

1947 шарахь капитан даржехь волуш хенахь Гуденко тӀаьхьалоне веккхира. 1948 шо дуьйна цо Краснодаран махкахь милицехь болх бира. Иза вара махкан милицин урхаллин отделенин куьйгалхо. Цо гучувеккхира массийтта бӀе зуламхо. 1979 шарахь милицин подполковник даржехь волуш иза пенсе вахара. Цо йукъараллин болх бира. Иза велира 1994 шеран 9 мартехь[1].

СовгӀаташ

бӀаьра нисйан
  • Советски Союзан Турпал;
  • ЦӀен Байракхан орден;
  • Александр Невскин орден;
  • 1-ра даржан Сийлахь-Боккха Даймехкан орден;
  • шиъ ЦӀен Седан орден;
  • мидалш;
  • Сийлахь МВД СССР белхало.

Дагахьлаттавар

бӀаьра нисйан

Гуденкон цӀе тиллина Краснодарехь болу ураман а, Новодеревянковская юртахь йолу № 43 школа[1].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 3 4 5 6   Л. Е. Шейнман. Гуденко, Павел Гаврилович. Cайт «Пачхьалкхан турпалхой». ТӀекхочу дата: 2021 шеран 25 октябрь.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан