Гуптой Пачхьалкх
Гуптойн пачхьалкх (санскр. गुप्त, gupta, хӀинди गुप्त राजवंश) — ХӀинди Гуптойн некъин куьйгаллехь, лаьттина IV—VI бӀешерашкахь. Гуптойн урхаллин хан ХӀиндин историн дешин бӀешо санна йукъадахана[1], оцу хенахь даьхна къоман литературин а, сурт дилларан говзаллин а, архитектурин а, философин а коьрта канонаш.
Историн пачхьалкх | |
Гуптойн пачхьалкх | |
---|---|
санскр. गुप्त gupta хӀинди गुप्त राजवंश | |
320 — 600
|
|
Коьрта гӀала | Паталипутра |
Мотт (меттанаш) | санскрит |
Официалан мотт | Санскрит |
Дин | Индуизм, Буддизм |
Урхаллин тайпа | монархи |
Викиларми чохь медиафайлаш |
ТӀаьххьара урхалчаш
бӀаьра нисйанСкандагуптин когаметтавочух таханлера историкашна йукъара хаамаш бен бац. Будхагупта волучу хенахь цхьацца йисттера областашкарчу урхалчаш тӀеэцнера махараджийн титулаш, цуо гойту йуккъера Ӏедал гӀелдалар. И паччахь веллачул тӀехьа йуха а болабелла гӀора дойу тӀом эфталиташца. V бӀешо чекхдолуш церан паччахьо Тораманас масийттаза тӀелетта ХӀиндина. Чандрагупта III а, Бханугуптин а дерриг паччахьалла чекхдаьлла къиза тӀамехь мохк баккхархошца. ТӀеххьара эфталитийн паччахьан Тораманна а, цуьнан когаметта волчу Михиракулна а аьтту белира шайн Ӏедал хӀотто йерриг Къилбаседа ХӀиндехь[2]. Дасдеш долу эфталитийн тӀелетарх йаздина шен тӀаьхьарчу хроникехь «Раджатарангини» кашмиран историко Нальханас:
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Samudra Gupta (emperor of India) (инг.). — статья из Encyclopædia Britannica Online.
- ↑ Цитатийн гӀалат:
<ref>
тег нийса йац; кхуГупты
тIетовжаран текст йазйина йац
Литература
бӀаьра нисйан- en:R. C. Majumdar (1977). Ancient India, New Delhi: en:Motilal Banarsidass, ISBN 81-208-0436-8
- H. C. Raychaudhuri (1972). Political History of Ancient India, Calcutta: University of Calcutta, ISBN 1-4400-5272-7