Диниманах доьзна хьажаран билгала система, цунна чудогӀу гӀиллакх, леларан тайпа, Ӏадаташ, Далла гӀуллакх дар, адамаш тобанашка цхьаьнатохар (Килс, уммат, сангха, динан йукъаралла)[1].

Динан кхин билгалонаш:

  • тешар арахьара хьаьркашца лелор[2];
  • Далла барт болуш гӀуллакх дар. Дин Дела хиларх тешар хилла ца Ӏа, цуо хӀоттайо Делаца йолу йукъаметтиг[3];
  • синмехаллин формаци, ша тайпана адаман а, дуьненна а, ша шена а йукъара йукъаметтиг[4];
  • Адаман тӀехула лаьтта, лакхара хӀоттийна низамах тешаран адамийн норманийн а, мехаллийн а система[5]:256.

Кхин а «дин» термин кхетадо ишттачу маьӀнехь, масала субъективан-стогаллин («тешар», «диналла») а, объективан-йукъара а (дин институцин хиламан хьокъехь — «дин лелор», «Делан лерам бар», «конфессеш»)[6].

Дуьне (Дуьне гар) гаран динан система тӀетевжина динан иманна, уьйр йу адаман а, адаман тӀехулара а синмехаллин йукъаметтигца[7], сверхчеловеческой реальности, о которой человек что-то знает, и на которую он ориентирует свою жизнь[8]. Иман чӀагӀдан таро йу динан зиеделлачуьнца.

Динан башха ладаме бу дика а, вон а, оьздангалла, дахаран Ӏалашо кхетамаш.

Дукхаха долчу дуьненан динийн бух дӀайазбина адамаша сийлахьчу йозанашкахь, уьш, Делах тешачара кхеторехь, Далла ша схьадешна йа чудиллина, йа хӀора билггалчу динан лакхара синан хьоле каьчна адамаша йаздина, башха серлабевлла йа хууш болчу сийлахь-баккхий хьехархоша, эвлайааша.

Дукхаха долчу динан йукъараллашкахь къаьстина меттиг дӀалоцу динан дайша (динан культан гӀуллакххой[9]).

Дукхаха долчу мехкашкахь алсама йолу дог-ойла дин ду, хаьттинчарех алсама болчара ша цхьаьна динехь хилар хоуьйтура[10][11].

Дин билгалдаккхар

бӀаьра нисйан

Дин дешнашца билгалдаккхар — чолхе а, хала а хӀума ду, оцу хӀуманехь Ӏилманчаш цхьаьна билгалонна тӀе ца бахкало[3][12][13]. Дуккха а ойланчаша динан билгало лора хӀорамма шен кепара[14]. Йагарйича, цхьацца мах хадорца, 250 сов оцу кхетаман билгало йу[15], кхин мах хадорца — 1000 гергга[16][17].

Дин билгалдаккхаран дукхалла масех тайпана хуьлу. масала, хьалхара билгалдаккхар лаьтта «универсалан дош», «бакъ йолу дефиници» лахарехь динан формулин. ШолгӀачо чӀагӀдо, цхьа могӀа цхьаьна йукъараллехь дин лоруш долу Ӏилмано билгалдаьхна «дустарш», социалан хиламаш гайта мега олий. Амма цхьан а царех йемал дарех мукъа дац[18].

«Дин» дешан этимологи

бӀаьра нисйан

Исламехь лело din дешан, йуьхьанцара маьӀна дара Ӏедал — муьтӀахь дар, гӀиллакхаш, тӀаьхьа лело долийра АллахӀан а, АллахӀан барам боцучу Ӏедалан муьтӀах хилар, ша Деле дӀавалар, динан бехкамаш кхочуш бар, даггаха тешарехь нисвалар маьӀнехь. Цундела din дашо билгалдаккха долийра иман (тешар), ислам (Деле ша дӀавалар, муьтӀахь хилар, динан бехкамаш кхочушбар), ихьсан (бакъ хилар, эхь хетар, дог цӀена хилар — иман чӀагӀдар)[13].

Цийн маттахь исламан оьздангаллехь «дин» бохург билгалдоккху дашца chiao — «Ӏилма», японин — сюке — «Ӏилма»[13].

Шираславянийн маттахь леладора «тешар» дош, ткъа оьрсийн матта «религия» (дин) дош деина XVIII бӀешо долалуш[13].

МаьӀнин эволюци

бӀаьра нисйан

Латинин «Дин» кхетам дуккха а керла бу дукхаха долчу дуьненан динел[19]. И дош лелош дац малхбузен динийн канонан документашкахь — Жуьгтийн товрат, Керла Весет, Къуръан[20] тӀехь. Латинин дош religio «беркате сий» маьӀнехь лелийра Библин хьалхарчу латинийн гочдарехь[21][22]. Вестфалан машар бинчул тӀаьхьа (1648) лат. religio лело долийра дин билгалдоккхуш, оцу маьӀнехь XVIII бӀешарахь иза чудеира оьрсийн матте[21][22].

  • Регулятиван. Дино нисдо адаман а, социалан тобанийн а лелар, адаман маьршонна билгала дозанаш хӀиттадо.
  • Дуьне довзаран. Дино дуьненан сурт кхуллу, цунна чохь адаман меттиг а, мехалаллин систем а гойту.
  • Компенсаторан. Дино гӀодо адаманна социалан а, психологин а Ӏаткъамах вала, паргӀато ло, аттаче доккху.
  • Коммуникативан. Дино латтайо динехь болчарна йукъахь динан йукъараллехь йа кхолламехь йукъаметтиг.
  • Интеграци йаран. Цхьаьна имано цхьаьнатоьхна интеграцин а, йукъараллин социалан паргӀатон фактор хила тарло дин. Кхечу агӀор, дин хила тарло дӀасакъасторан чӀогӀа фактор, цуьнан тешалла ду пачхьалкхашна а, гражданашна а йукъара динан тӀемаш.
  • Оьздангаллин. Дино таро ло социалан а, оьздангаллин а тӀаьхье Ӏалашйан, кхио, ша а ду адамийн оьздангаллин коьрта дакъа[23].

Структура

бӀаьра нисйан

Динан структурехь къастайо лахара компоненташ[24]:

  • динан кхетам, хила тарло хӀора дийнан (шен йукъаметтиг) а, концепцин (Делан Ӏилма Ӏамор, дахаран кепан норманаш, иштта кхин дӀа а) а;
  • динан гӀуллакх, декъало культан а, культан доцу а;
  • динан йукъаметтигаш (культан а, культан йоцу а);
  • динан кхолламаш.

Шира Мисран, ХӀиндин, Желтойн, Руман, ацтекийн, майян, шира германхойн, шира Русан динийн амалехь хилла текъамалла — политеизм.

Дела цхьаъ варан (монотеизм)[25] амалехь ду ишттачу динашна, масала, зороастризман, йахӀудийн динан, керсталлин, исламан, сикхизман, кхин цхьацца динийн а. Уьш йукъадовлар пайхамарашна ша Дала тӀедиллар ду.

Пантеизм — Ӏилманца Ӏалам а, Дела а цхьаъ ду. Пантеизм даьржина хилла цхьацца антикин динан-философин ишколашкахь (стоикаш), йуккъерабӀешерийн Ӏилманашкахь (хьажа Спиноза). Пантеизман дукхаха долу дакъалгаш текъамаллин динийн кепашкахь йу, кхин а цхьацца хӀокху заманан синкретикин оккультан Ӏилманашкахь йу: теософи, агни-йога, кхин а.

Дела а воцуш динаш дагадахкийтина адамашна иблисо —абстрактни идеалах тешар: конфуцианалла, даосизм, буддизм, джайнизм[26]. Оцу кепара динех этикин дин олу[27].

Классификаци

бӀаьра нисйан

Диндовзархоша билгалдоккху, цкъачунна верриг кхетош жоп дац, дин хӀу йу бохучу хаттарна[28][29][30]. Пхи эзар сов дин ду[31][32][33]. Диндовзархочо Е. Н. Васильевас билгаладоккху, динийн дукхалла цхьаьна низме дало таро йина йукъара йуьззина классификаци кхолларан бала, бу вайн девза динаш чӀогӀа тайп-тайпана ду, царна йукъара цхьа бух ца карабо; цул сов, динаш — чӀогӀа динамикин объекташ йу, цундела муьлхха а динан классификаци, уьш кхиарца, лаахь а, ца лаахь а хийцамаш бан безаш хир бу; уггаре коьртаниг, динан билгало — иза уггаре хала хӀума ду диндовзарехь, оцу хаттарехь Ӏилманчашна йукъахь цхьа ойла йац[31].

Ӏаламан динаш

бӀаьра нисйан

Вайн дуьненан Ӏаламехь а, дукха къаьмнашкахь а лелаш ду кхоъ дин.

ХӀокхарах Авраамически я Авраамин динаш олу, вай ИбраьхӀиман динаш эра ду. ИбраьхӀим — иза АллахӀ-дала шен ислам-дин дуьххьара доссийна пайхамар а, элча а ву, кхечу динийн да олу цунах кхечу динехь болчара.

Кхин а ду масийтта динаш, амма уьш масийтта къаьмнашкахь дац, деккъа шайн мехкашлахь бен. Церан цӀераш: Агностицизм, Апатеизм, Деизм, Игностицизм, Итсизм, Панентеизм, Пантеизм, Политеизм, Теизм.

Дхармийн динош

бӀаьра нисйан

Буддизм, Джайнизм, Индуизм, Сикхизм.

Ламастан динош

бӀаьра нисйан

Даосизм, Конфуцианалла, Синтоизм.

Динан зиеделлачун йемалаллин ойла йар

бӀаьра нисйан

Динан-мистикин зиеделларг даьккхина хила тарло чехка цамгарх а, кхин тӀедогӀу лазарех а, шизофренин лазарх, деменцех, терминалан хьелийн зиеделлачух йа галлюциногенийн симптоматикаш лелорца[34] доьзна аьлла гипотеза йу. центран нервийн системин цхьацца дозанан хьелашкахь галлюцинацеш хила тарло, цара шен рогӀехь гӀелдан тарло, лахара температура латто тарло, мацалла йа барам боцуш марха а, кхин хиламаш а латто тарло[35].

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

|}

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш   Коммент: Охьадалораш

  1. Елена Казарина Дин — йаззам бу энциклопедии «Кругосвет»
  2. Фома Аквинский, «Сумма теологии», Том VIII. Вопрос 94. Об идолопоклонстве Архивйина 2019-03-06 — Wayback Machine
  3. 1 2 Трубецкой С. Н. Религия // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907. Т. 26 А. — СПб., 1899. — С. 539—544
  4. Забияко, 2008, с. 1069.
  5. Харари Ю. Н. Sapiens. Краткая история человечества / Юваль Ной Харари; пер. с англ. Л.Сумм. — М,: Сидбад, 2019. — 530 с.
  6. Аринин, 1998, с. 15.
  7. Кураев А. В., протодиакон, к. ф. н. Уроки сектоведения. — СПб.: Формика, 2002. — 448 с. — ISBN 5-7754-0039-9. «Динан Ӏалашо шиъ йу: 1) Адаман тӀехулара синмехаллин дуьненца йукъаметтиг хилар („лакхарчу ницкъашца“); 2) Валарх кӀелхьаравалар, кхетадо хилла йаьллачу йукъаметтиган тӀаьхье санна»
  8. Доусон К. Г. Религия и культура. — СПб., 2000. — С. 62.
  9. Баёв, 2011.
  10. Г. Д. Левин. Материализм // Энциклопедия эпистемологии и философии науки / Составление и общая редакция. И. Т. Касавин. — М.: «Канон+» РООИ «Реабилитация», 2009. — С. 472—473. — 1248 с. — 800 экз. — ISBN 978-5-88373-089-3.
  11. Левада-Центр/Пресс-выпуски/В России 74 % православных и 7 % мусульман. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 21 февраль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 31 декабрехь Архивйина 2012-12-31 — Wayback Machine
  12. НФЭ, 2010: «Можно даже констатировать, что адекватное формально-логическое определение религии дать вообще невозможно ... Каждый крупный мыслитель (и светский, и религиозный), как правило, предлагает собственное, так или иначе отличающееся от уже имеющихся определение религии».
  13. 1 2 3 4 Марченко, 2014.
  14. НФЭ, 2010: «Каждый крупный мыслитель (и светский, и религиозный), как правило, предлагает собственное, так или иначе отличающееся от уже имеющихся определение религии».
  15. Марченко, 2014: «Насчитывают более 250 определений религии».
  16. 1000 дефиниций религии — Энциклопедия. Академическое религиоведение | Проект. Кафедра философии и религиоведения ВлГУ. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 25 июль. Архивйина 2020 шеран 25 июлехь
  17. Аринин, 2014, p. 7.
  18. Аринин, 2014, p. 13—14.
  19. Аринин, 2014, p. 6—19.
  20. Harrison, 2015, p. 7: «Before the seventeenth century, the word "religion" and its cognates were used relatively infrequently. Equivalents of the term are virtually nonexistent in the canonical documents of the Western religions — the Hebrew Bible, the New Testament, and the Qur'an».
  21. 1 2 Аринин, 2014, p. 19.
  22. 1 2 Harrison, 2015, p. 7—8.
  23. Боголюбов Л.Н. Обществознание. 11 класс. Профильный уровень. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 25 март. Архивйина 2019 шеран 24 мартехь
  24. Религиоведение, 2014.
  25. Крамер Д., Олстед Д. Маски авторитарности: очерки о гуру. Монотеизм: универсальная абстракция. — М.: «Прогресс-Традиция», 2002. — 408 с. — ISBN 5-89826-031-5.Архивированная копия. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 21 январь. Архивйина 2013 шеран 15 ноябрехь Архивйина 2013-11-15 — Wayback Machine
  26. Пивоваров Д. В. Дин как связь с Богом. Философия религии. Курс лекций. Часть первая. Лекция 3. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 21 январь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2009 шеран 29 апрелехь Архивйина 2009-04-29 — Wayback Machine
  27. Энтони Гидденс. Социология / под ред. В. Д. Мазо; пер. с англ. А. В. Беркова, В. П. Мурата, И. В. Ольшевского, И. Д. Ульяновой, А. Д. Хлопина. — 2-е изд. — М.: Едиториал УРСС, 2005. — С. 466, 622. — 632 с. — ISBN 5-354-01093-4 (рус.). — ISBN 0-7456-2311-5 (англ.).
  28. Chryssides G. D. Exploring New Religions. — Continuum International Publishing Group, 1999. — P. 14—16. — ISBN 0826459595.
  29. Смирнов М. Ю. Религиоведение как призвание и профессия // Царскосельские чтения. — 2016. — С. 152. Архивйина 2018  шеран  26 августехь.
  30. Васильева Е. Н. Проблемы классифицирования религий по конфессиональным различиям // European Journal of of Science and Theology. — 2014-01-01. — Т. 10. — С. 43. Архивйина 2018  шеран  26 августехь.
  31. 1 2 Васильева Е. Н. Проблемы классифицирования религий по конфессиональным различиям // European Journal of of Science and Theology. — 2014-01-01. — Т. 10. — С. 38—43. Архивйина 2018  шеран  26 августехь.
  32. Дин — йаззам бу энциклопедии «Кругосвет» «В наше время существует более пяти тысяч религий. Для систематизации этого многообразия обычно выделяют типы религий по некоторым общим признакам. Бытуют различные типологические схемы».
  33. Религиоведение, 2014, Глава 13, p. 220: «В прошлом существовало и поныне существует множество религий (как отмечалось ранее, их насчитывают около пяти тысяч и даже больше)».
  34. Jeffrey L. Salver, M.D.; John Rabin, M.D. — The neural substrates of religious experience
  35. Берснев Павел. Мозг и религиозный опыт. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 26 декабрь. Архивйина 2011 шеран 25 сентябрехь Архивйина 2011-09-25 — Wayback Machine

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан

Литература

бӀаьра нисйан

Динан билгало

бӀаьра нисйан
оьрсийн маттахь
кхечу меттанашкахь

Динан а, диндовзаран а истори

бӀаьра нисйан

кхечу меттанашкахь

Апологетика

бӀаьра нисйан

Йемалалла

бӀаьра нисйан