Гурге́нов Вячесла́в Ива́нович (1935 шеран 1 июлехь — 1994 шеран 22 августехь) — советийн а, российн а талламча, ССРС ПКХК ХЬКУ (ПКХК Хьалхара коьрта урхалла — арахьара таллам) хьаькаман гӀовс, ССРС ПКХК ХЬКУ хьаькам декхарш кхочушдина, инарла-лейтенант.

Гургенов Вячеслав Иванович
Файл:Гургенов Вячеслав Иванович.jpg
Вина терахь 1935 шеран 1 июль({{padleft:1935|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:1|2|0}})
Вина меттиг Соьлжа-ГӀала
Кхелхина терахь 1994 шеран 22 август({{padleft:1994|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:22|2|0}}) (59 шо)
Кхелхина меттиг МоскохМоскох
Пачхьалкх  ССРС Росси
Эскаран тайпа ССРС ПКХК
Российн АТГӀ
Дарж
СовгӀаташ
Орден «Сийлаллин Билгало» Юбилейная медаль «За доблестный труд (За воинскую доблесть). В ознаменование 100-летия со дня рождения Владимира Ильича Ленина»
Ала хӀума доцуш гӀуллакх дарна 1 тӀегӀан мидал Ала хӀума доцуш гӀуллакх дарна 2 тӀегӀан мидал Ала хӀума доцуш гӀуллакх дарна 3 тӀегӀан мидал
Пачхьалкхан кхерамазаллин сийлахь белхало

Вина 1935 шарахь Соьлжа-ГӀалахь. 1959 шарахь чекхйаьккхина МГИМОн малхбалеӀаморан факультет, ХӀиндин агӀора говзанча хиларе терра, балха хьажийна Калькутте ЗКА корпункте, цигахь болх бира 1962 шо кхаччалц.

1963 шарахь дуьйна гӀуллакх долийна арахьара талламехь. 1964 шарахь чкйаьккхина ПКХК ишкол (ишкол № 101 — тӀаьхьа Ю. В. Андропов цӀарах ПКХК ЦӀиечу байракхан институт). Цул тӀаьхьа иза вара йехачу хенахь дозанал арахьарчу командировкашкахь: ХӀиндехь а, Бангладеш ехь а (1965—1972), цул тӀаьхьа ПКХК резидент Исламабадехь (1978—1983). 1983 - 1989 шерашкахь вара тайп-тайпанчу куьйгаллин даржашкахь ПКХК ХЬКУ центран аппаратехь.

1989 шарахь — ПКХК ХЬКУ хьаькаман гӀовс. 1991 шарахь — Российн Арахьара талламан гӀуллакхан (АТГӀ) директоран гӀовс. 1991 шеран 22 - 30 сентябрехь — ССРС ПКХК ХЬКУ хьаькаман декхарш кхочушдина.

В. И. Гургенов 1992 шарахь хилира Е. М. Примаковн Арахьара талламан гӀуллакхан директоран даржан кандидатурегахьа. Иштта дуьйцу иза Млечин Леонидан[1] жайнахь:

Революцин муьрашкахь даиман а омар хуьлу: «ТӀетоха штабашна!» КуьйгакӀеларчеран хьаькам дӀаваккха лаам хазахетарца тӀеоьцу. Цул сов Ельцина хаийтина, оцу меттиге шен кхин кандидат воций. И де билггала хила тарлора Примаковн талламера тӀаьхьара де. Дуьххьара вистхилира директоран гӀовс Гургенов Вячеслав Иванович. Иза хьала а гӀаьттина хаза дешнаш элира Примаковх лаьцна. Кхин цхьаьна талламан хьаькаман гӀовсо Кирпиченко Вадим Алексеевича деха, аргументаш йолуш къамел дира Примаковгахьара. Уьш цхьаьна доьшуш хилла МалхбалеӀаморан институтехь. Вистхилира шийттех стаг. Массара а гӀо лецира Примаковн. Ельцин Бориса, дог-ойланах кхетта, лаамца тӀетайра йукъарчу хоран.

В. И. Гургеновн цӀе тӀейазйина Арахьара талламан историн залан Мемориалан у тӀе. Цунна совгӀат дира «Сийлаллин хьаьрк» орденца, дуккха а мидалшца, накхан тӀеуллу хьаьркца «Талламехь гӀуллакх дарна», долара тӀеман герзца.

  • Вадим Кирпиченко. Разведка: лица и личности. М, «Гея», 1998, ISBN 5-85589-053-8 .
  • Леонид Млечин. Служба внешней разведки. М, «Эксмо, Яуза», 2004, ISBN 5-87849-141-9 .
  • Леонид Млечин. История внешней разведки (карьеры и судьбы). М, «Центрполиграф», 2009, ISBN 978-5-9524-4285-6 .
  • Вячеслав Иванович Гургенов на сайте shieldandsword.mozohin.ru, посвящённому истории, организационной структуре и кадровому составу органов безопасности.
  • Антонов В. С. Служба внешней разведки. История, люди, факты. М, «Кучково поле», 2014, ISBN 978-5-9950-0316-8 .

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Леонид Млечин. Служба внешней разведки. М, «Эксмо, Яуза», 2004.

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан