ГӀалгӀайн пачхьалкхан университет
ГӀалгӀайн пачхьалкхан университет (ГӀПУ) (гӀалгӀ. Гlалгlай паччахьалкхен университет) — российн университет, Республика ГӀалгӀайчоьнан коьрта университет. Кхоьллина 1994 шарахь. Российн Федерацин уггаре къоначех цхьа университет йу.
ЛД ФПБДКх "ГӀалгӀайн пачхьалкхан университет" (ГӀПУ) | |
---|---|
Логотипан сурт | |
Дацдар | ГӀПУ |
Халкъашна йуккъера цӀе | Ingush State University (IngSU) |
Кхоьллина шо | 1994 |
Тайпа | Пачхьалкхан |
Ректор | Мартазанов Арсамак Мохьмадан воӀ |
Студенташ | ≥10000 |
Специалитет | йу |
Бакалавриат | йу |
Магистратура | йу |
Аспирантура | йу |
Профессорш | 53 |
Хьехархой | 508 |
Лаьтта меттиг | Росси, МагӀас |
Юридически адрес | 366700 РГӀ, МагӀас г., И.Б. Зязиковн пр-кт, 7 |
Сайт | http://inggu.ru/ |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Истори
бӀаьра нисйан1994 шеран 23 апрелехь РФ Правительствон № 380 йолу сацамца кхоьллина ГӀалгӀайн пачхьалкхан университет, кхоллархо хилира Российн Федерацин Лакхара дешаран пачхьалкхан комитет[1][2]
1994 шеран сентябрехь университет болхбан йолайелира, иза Сипсо-ГӀалара ставрополан авиацин доьшийлин казармаш хиллачу гӀишлон чуйахийтира.
2012 шеран 29 декабрехь ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан спортан комплексан латтан тӀехь дӀайиллира некан бассейна[3].
Университетехь болх бо 508 хьехархочо, царна йукъахь ву 53 профессор — Ӏилманийн докторш, 275 доцент — Ӏилманийн кандидат, царех 26 «Российн Федерацин Лакхара говзаллин дешаран сийлахь белхало» цӀе йолуш ву. Цара кечам бо 22 агӀонан говзаллехь, 17 — бакалавриат, 9 — магистр, 10 говзаллехь аспирантура, 12 агӀора интернатура, 8 — ординатура. Берриг студентийн барам бу 10 эзар сов бу.
Факультеташ а, кафедраш а
бӀаьра нисйан1. Юридически |
---|
|
Структура
бӀаьра нисйанГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан комплексан йукъа йогӀу:
- 8 корпус:
- 106 аудитори;
- 31 лаборатори;
- 27 лекцин зал;
- 17 компьютеран класс;
- лерина хаамийн-дешаран ресурсашна тӀетесна лингафонан-дидактикин класс.
- 4 дешаран зал йолу библиотека;
- Российн а, дуьненан а коьрта каталогаш тӀевалало электронан библиотека;
- спортан зал;
- 3 стадион, царех цхьаъ куьйга йина буц йолуш;
- некан бассейн;
- квартирийн тайпана йукъара дахаран гӀишло.
Галерей
бӀаьра нисйанХьажа кхин а
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Республика Ингушетия. Хроника становления 1991—2002 гг . ТӀекхочу дата: 2013 шеран 10 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2017 шеран 13 январехь Архивйина 2017-01-13 — Wayback Machine
- ↑ Постановление Правительства РФ от 23 апреля 1994 г. N 380 «Об Ингушском государственном университете» . ТӀекхочу дата: 2013 шеран 11 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 27 декабрехь
- ↑ Ингушетии построен первый плавательный бассейн Архивйина 2014-03-18 — Wayback Machine