Университе́т (схьадаьлла нем. Universität, иза, шен рогӀехь, схьадаьлла лат. universitas — цхьаьна, йукъарло) — фундаментан а, дуккха прикладни Ӏилманан а говзанчаш кечбаран лакхара дешаран меттиг. Цигахь бо Ӏилманан-талламан белхаш а. Дукхаха йолу хӀинцалера университеташ болх бо дешаран-Ӏилманан-практикан комплексаш санна. Университеташ цхьаьнатуху шена чохь масех факультет, царна йукъахь хуьлу цхьаьна тайп-тайпана говзаллаш, цара бух бо Ӏилманан дешаран.

859 шарахь Мароккон Фес гӀалахь, кхоьллира Аль-Карауин университет[1][2]. Оццу IX бӀешарахь хилира Салернон университет[3], 1861 шо кхаччалц лаьттина йолу, ткъа иштта литературин ишколаш Велики-Преславехь а, Охридехь[3] а, болгарин паччахьо Борис I-чо кхоьллина йолу (керсталлехь Михаил)[3][4][5][6].

 
1218 ш. кхоьллина Саламанкера университет

ЮккъерабӀешерашкахь университеташ йукъайовлар доьзна гӀаланаш кхиарца. Уггаре хьалха, XI бӀешарахь, уьш йукъаевлира Италехь[7]. Цигахь дӀайиллира Болоньян университет, юьхьанца руман бакъон тӀехь юрисдикцин нормаш еш йолу ишкол яра иза. Масех килсан ишколийн бух тӀехь XII бӀешо чекхдолуш кхиира Парижан университет.

XII бӀешарахь Парижехь, «шен дешархойн барам меттигерчу бахархойл алсама болу ирсе гӀалахь», кафедран ишкол, сий. Женевьеван а, сий. Викторан а аббатийн ишколаш, «маьрша говзаллаш» шешша хьохуш болу дуккха а профессораш, цхьаьнакхийтира ассоциаце — «Universitas magistrorum et scolarum Parisensium». Университет йекъало факультеташка: делан дош Ӏаморан, медицинан, юридически, «артистийн», ткъа уггаре дукха адам долу «артистийн факультетан» (цигахь Ӏамайора ВорхӀ «маьрша говзалла»: грамматика, риторика, логика, арифметика, геометри, музыка, астрономи) ректор — хӀоьттира университетан коьрте: цуьнан куьйга кӀела бара йисинчу факультетийн деканаш. Парижан университет хуьлу Европин делан дош Ӏаморан йукъ, дуьненан суьдах маьрша а йолуш, шен бакъонаш папийн Ӏедало чӀагӀйина а йолуш.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. The Guinness Book Of Records, Published 1998, ISBN 0-553-57895-2, P.242
  2. Е. И. Кобозева, Т. Б. Царева. Энциклопедия «Страны и народы мира». М.,2008
  3. 1 2 3 The History Of Higher Education http://degrees.excite.com/education/programs/other/the-history-of-higher-education/index.php Архивйина 2010-09-22 — Wayback Machine
  4. Early history http://universityques.com/history.html(ТӀе цакхочу хьажорг)
  5. Alexander Schenker. The Dawn of Slavic. Yale University, 1995, pp.185-186
  6. Benjamin W. Fortson. Indo-European Language and Culture: An Introduction, Blackwell, p. 374
  7. Университеты — Советская историческая энциклопедия — Энциклопедии & Словари

Литература

бӀаьра нисйан
  • Университет // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  • Суворов Н. Средневековые университеты. — М., 1898; 2013.
  • Ощепков М. Ю. Академические свободы // Комиссия РАН по борьбе с лженаукой и фальсификацией научных исследований В защиту науки. — 2016. — № 17.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан